Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Соьлжа-ГIаларчу резиденцехь дIадаьхьира «Ведучи» курорт ярехь а, цунах пайдаэцарехьа цхьаьна болх бийриг хиларан хьокъехь бартбар.
Документана куьг яздечохь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Бинчу бартана куьйгаш яздира «Къилбаседа Кавказан курорташ» ОАО-н коьртачу директора Верещагин Сергейс а, «Ведучи» ООО-н директорийн кхеташонан председатела Байсаров Руслана а.
Цигахь иштта хилира Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, кхиберш.
Бинчу бартаца нийса а догIуш, лакхахь билгалъяьккхинчу проектан еххачу хенахь инвестор хир ю «Ведучи» ООО. Ткъа«Къилбаседа Кавказан курорташ» ОАО урхалла ден компани хир ю. Иштта цуьнан декхаршна юкъадогIур ду проектана финансировани яр а, Итум-Кхаьллан районерчу экономикин шатайпа зонин чоьхьара инфраструктура кхоллар а.
ГIишлошъяран белхаш дIабахьарехь хьакъ ма-дду экологи ларъян езаш хилар билгалдаьккхира шина а агIоно. Гонаха долчу Iаламна вон тІе Iаткъам бар ма-хуьллу кIезигчу барамехь хилийтар хьесапе ийцира.
Шен къамелехь Кадыров Рамзана ма-аллара, «Ведучи» проект кхочушъяре сатесна бу меттигера бахархой.
– Оьшуш долу хьелаш кхолларехь тхайн агIонгахьара ницкъ кхочург дерриге а до оха, – бохура регионан Куьйгалхочо. – Некъаш дохкуш а, электричествоца а, хица а кхачо ярехь а. Суна вуно мехала хета тахана хилла болу барт. Цо кхин цкъа а тоьшалла до Хьачарахь дуьненаюкъарчу тIегIанехь курорт хирг хиларна. Белхан меттигаш кхолларехь а, регионан сий-ларам айъарехь а доккхачу маьIне Iалашо ю юьхьарлаьцнарг.
Куьйгаш а яздина, барт чIагIбале хьалха хин йолчу курортан проект йовзийтира Байсаров Руслана.
Туризман центр яран белхаш таханалерчу дийнахь муьлхачу тIегIанехь ду а, проектан экономикин агIонийн хьокъехь а дийцира цо.
18,6 миллиард соьмана хир бу проектана тIехьажочу инвестицийн барам. 2014-2021-чуй шерашкахь схьагулйийр йолчу налогийн барам – 3,47 миллиард сом. ВорхI эзар белхан меттиг кхоллалур ю, курортах пайдаэца болийча.
Карарчу хенахь курортана тIедоьлху некъаш даран белхаш дIахьош хиларх лаьцна дийцира «Ведучи» ООО-н куьйгалхочо. ХIинцале дина даьлла садаIаран цхьа цIа а, лыжаш хахкаран цхьа некъ а.
«Къилбаседа Кавказан курорташ» ОАО-н коьртачу директора Верещагин Сергейс билгалдаккхарехь, инвестицешна бегIийла хьелаш кхолларехь ницкъ ма-кхоччу гIуллакх дийр ду проектан дакъалацархоша.
– Іаламат мехала бу тахана кхузахь бина болу барт, — билгалдаьккхира С.Верещагина. – «Ведучи» кхиорехь билгалбаьхна инвесторш а бу.
Проектан хьокъехь барт барехь Нохчийоьнан Куьйгалхочо доккхачу маьIне гIуллакх дина хилар билгалдаьккхира Р.Байсаровс:
– Проект кхочушъярехь гIо-накъосталла дарна Рамзан Ахматовична доккха баркалла ала лаьа суна. Iедалера гIо-накъосталла хилар доккхачу маьIне ду инвесторна. Ткъа и гIо тхуна деш ду.
Курорто дIалоцург 1110 гектар меттиг хир ю. Цхьана хеннахь 4800 стеган садаIа таро хир ю цигахь. Цхьана сахьтехь 9500 стаг чекхвала лур ву цигарчу трассашкахула. Берриге а 19 трасса хир бу. Церан массеран а йохалла цхьаьнатоьхча 32 километр хир ю. Царах уггаре беханиг 9,5 километр хир бу.
«Ведучи» курортан программина юкъагIур ю спортан Iаьнан а, аьхкенан а кепаш: сноуборд а, рафтинг а, маунтин-байк а, парапланаш тIехь стиглавалар а, иштта дI. кх.
Туристаш дIатарбан 520 номер йолу хьешацIа а, 200 меттигна лерина апар-отель а, нохчийн ширачу бIаьвнийн куьцехь пхи цIа а дийр ю. Э.ДАВЛЕТБАЕВ
