Шен дуьхьа са дIаделларг халкъо цкъа а вицвийр вац
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас республикин куьйгаллехь волуш бинчу турпалчу некъах лаьцна шайн ойланаш йовзуьйту «Иман» клубан декъашхоша.
Мужедова Иман: «Сан иэсехь Ахьмад-Хьаьжа шен къоман тешаме кIант, бакъволу Iилманча санна висина. Цуьнан хIора дош хьекъале а, маьIне а хуьлура. Бакъонна тIаьхьаваьлла, шен къоман дуьхьа хIуъа а дан кийча вара иза. Цо болийначу беркатечу некъа тIехь схьадогIуш ду вай тахана. Со йоккхае, сайна телевизор чохь бен и ца гинехь а, цуьнца цхьаьна заманахь суо яьхна хиларх».
Батукаева Румани: «Суна Ахьмад-Хьаьжа телевизор чохь гойтуш хилла дагадогIу. Тхан доьзалехь массарна а дукхавезара иза, Делан къинхетамца, нохчийн къомана цо паргIато яккхарна баркаллаш бохура. Адамехь хила йиш мел йолу диканиг дара Ахьмад-Хьаьжин амалехь. Уггаре а коьртаниг халкъе болу безам бара. Суна цкъа а вицлур вац иза. Дала гIазот къобалдойла цуьнан!».
Тарамова Марьям: «Майра, доьналла долуш стаг хилла Ахьмад-Хьаьжа. Сан дена а, нанна а лууш хилла паргIат дахар дара цо лехнарг. Цу некъа тIехь ша кхоа ца вира цо. Нийсонна тIехь верг гуттар а лоруш хилла Ахьмад-Хьаьжас, ишттачунна чIогIа терго еш а хилла. Нохчийчуьра тIом гуттаренна а дIабаккхар коьрта Iалашо лорура цо».
Георгадзе Нана: «Ахьмад-Хьаьжехь доккха хьекъал а, доьналла а, собар а дара. Шега ладегIа дог доуьйтуш къамел дара цуьнан. Ахьмад-Хьаьжас юьхьарлаьцна некъ таханлерчу дийнахь кхиамца дIакхоьхьуш ву цуьнан кIант Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан».
Хучиева Луиза: «Ахьмад-Хьаьжа хIокху дуьненна а хьалха шен халкъах жоп дала хууш а, и лардан хууш а вара. ТIом бахьанехь кхечу мехкашка бевдда дIабахана хилла эзарнаш доьзалш Ахьмад-Хьаьжин гIоьнца вайн махка цIабирзира. ТIамо дохийна цIенош юха деш царна доккха накъосталла а дира А.-Хь. Кадыровс. Нохчийн къам маьрша дахар дезаш хилар хаийтира цо дерриге а къаьмнашна. Ахьмад-Хьаьжа дуьнен чуьра дIавахар Нохчийчоьнна хилла ца Iаш, Россина а боккха иэшам бара».
Къоначеран иэсехь иштта висина Нохчийчоьнан хьалхара Президент.
Бусалба дин дика девзаш, нохчийн Iадаташ лоруш хилла Ахьмад-Хьаьжа. Шен дуьхьа са дIаделлачу халкъо цкъа а вицвийр вац иза. Дала гIазот къобалдойла цуьнан!
АВХАДОВА Хьава
№90, еара, 13 август, 2015 шо