Нохчийн Республикин къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министерствон куьйгалло районашкарчу нах балха нисбаран туьшийн белхахошна хьалха хIоттийна республикера белхазалла лахъяран декхар. Балха нисбаран ерриге а туьшаша хIинца шайн берриге а ницкъаш тIехьовсийна и декхар кхочушдарна. Масанхьа а жигарабаьккхина предприятешца, организацешца, учрежденешца, белхазхошца беш болу болх. Бан болх боцурш хьесапе оьцу, церан говзалле, хьуьнаре хьожий болх лоху царна. Лууш берш муьлххачу а цхьана кормматаллина Iамо хьовсабо.
Грозненски районерчу нах балха нисбаран туьшан белхахоша юххера зIенаш латтайо предприятешца, учрежденешца. Цаьрца цхьаьна белхаш бо белхазхошна болх лахаран декъехь. Нах балха нисбаран туьшан директора Б.Дашаевс дийцарехь, хIара шо доладелчахьана дуьйна а туьшан белхахоша предприятешка а, организацешка а, учрежденешка а кехаташ ду дIасаоьхуьйтуш. Царна тIехь куьйгалхошка доьху шайн мукъаяьллачу меттиган хьокъехь, хьем ца беш, хIора баттахь хаамаш бар. Цара беш болу хаамаш цхьаьна а тухий, оцу белхан меттигийн хьокъехь хаамаш бо белхазхошка. Цул сов наха мукъаевлла меттигаш йовзуьйтуш спискаш дIа а туху.
– Бан болх боцурш тхайна тIебаьхкича, оха уьш хьесапе оьцу. Царна йовзуьйту йолуш йолу белхан меттигаш, – бохура Б.Дашаевс. – Цул тIаьхьа, уьш р езахилла хьал хилча, балха хьовсабо. Предприятин куьйгалхочо иза балха оьцу, нагахь санна цуьнан предприятехь оьшуш йолу корматалла хилахь. Наггахь балха хьажийнарг белхан хьелашна я алапина реза воцуш меттиг нисло. Балха ца оьцуш хьал нисделча, оха дIахьажийнарг кхо де далале тхуна тIеван веза, оха деллачу кехата тIехь хьокъала йоллу билгало а яйтина. Белхазхо балха эцча, оха иза хьесапера дIавоккху. Нагахь санна цунна оьшуш болх нис ца беллехь, тхан белхахоша кхидIа а дIахьо цунна белхан меттиг лахар. Шена нисбинчу балхана стаг шозза реза ца хилча а оха хьесапера дIавоккху иза, – дерзийра туьшан директора.
Б.Дашаевс дийцарехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кху шеран 15-чу апрелехь динчу тIедилларца нийса а догIуш, хаддаза дIахьош бу балхахь боцу нах балха нисбаран, царна болх лахаран болх. Къаьсттина тидам тIебохуьйту къона говзанчаш балха нисбаран гIуллакхана. Коьртачу декъана уьш бу мукъаевллачу меттигашка дIахIиттош берш. Нохчийчоьнан Куьйгалхочун оццу тIедилларца балхара дIабохуш бу болх беш болу пенсионераш. Дуьйцуш долу тIедиллар кхочушдан долийчахьана дуьйна хIара де тIекхаччалц дIабаьхначу пенсионерийн метта балха нисвина 109 стаг.
Говзалла йоцуш болу бахархой балха хIитто, царна болх нисбан хала ду. Цундела цхьаберш, шайн лаамца деша хьовсабо тайп-тайпанчу бизнес-туьшашка. Цигахь йолчу курсашкахь цара караерзайо водителийн, ЭВМ-н операторийн, поварийн, бухгалтерийн, и.дI.кх. говзаллаш. Карарчу шарахь корматаллина Iамо хьажийна 219 стаг.
Уьш деша дIахьовсорах тоам ца беш, балха нисбаран туьшан куьйгалхоша а, белхахоша а терго латтайо бизнес-туьшашка хьовсийначарна тIехь. Хьовсу цара муха доьшу, церан дарсашка лелар муха ду. Къамелаш до хьехархошца а. Доьшучу муьрехь белхазхошна хIора баттахь 850 сом степенди ло (хIоранна). Дешна бевллачул тIаьхьа цхьаберш балха хIуьтту. Ткъа цхьаберш юха а, хьаьвззий балха нисбаран туьше схьабогIу, пособи эцарна кехаташ чу ло.
Тидамза ца буьту кху туьшан белхахоша 9–11 классаш яьхна кхиазхой а, мехкарий а. Царна гIо до корматаллаш харжарехь, йовзуьйту тахана вайн регионехь оьшуш йолу говзаллаш. Лаккхарчу дешаран заведенешкахь деша лууш боцчарна хьоьху училищехь я курсашкахь муьлхха а цхьа корматалла караерзор. Оцу балхо дика тIаьхье а ло.
З.ФЕДОРОВА
№90, еара, 13 август, 2015 шо