Вайн республикин къилбаседа агIор йолчу районашкахь цIоз даьржина аьлла, хаам кхаьчначу шолгIачу дийнахь Юьртан бахаман министерствехь сихонца вовшахтуьйхира цунна дуьхьал къийсам дIабахьаран тоба а, гIирсаш а, молханаш а, техника а. Дагестанера сехьадаьлла цIоз дукха сиха даьржаш дара. Дукхах долу цIоз Терка тIе кхаьчнера. Иза Шелковски, Невран, Грозненски районел тIех ца далийтарехьа гIуллакхаш дIадолийра. Цу хьокъехь хаам бира «Россельхозцентр» ФГБУ-н филиалан куьйгалхочо Дидиев Вахитас.
Цо чIагIдарехь, хIинцале молханаш тоьхна ткъа сов эзар гектар майдана. «Оха посташ хIиттийна луларчу регионашца долчу дозанашка. Цигахь болчу говзанчашца цхьаьна хIора дийнахь толлу цIоз долуш йолу меттигаш. Иштта, масала, пхи-ялх де хьалха Нохчийчоьнан дозанна гергахьа долчу Дагестанан лаьтта тIехь цIоз хааделла. Иза шен хеннахь гучудаларо таро елира сагалматаш шен хеннахь совцо», – бохура В.Дидиевс.
Говзанчас дийцарехь, цIоз сацорна дуьхьал дIахьош болу коьрта болх тракторшца молханаш тохарца боьзна бу. Бакъду, Невран районехь кеманах пайдаоьцуш меттиг а хилла. Тракторш лелалуш йоцчу меттигашка кеманца молханаш тоха дезна.
«ЦIоз кхиъна даьлла, цунна тIемаш девлла. Дийнахь-бусий Каспийн аренашца бIе километре кхаччалц некъ бо цо. 2013-чу шарахь вайн республикера 17 эзар гектар аре дIалоцуш даьржинера цIоз. Вайн говзанчаша шен хеннахь хьокъала доллу гIуллакхаш дар бахьанехь, кху шарахь хьал дуккха а гIолехь ду. ЦIоз долу меттиг хаа ма-елли «Имидор» дIаьвше химикаташ туху оцу метте. ЦIоз долу меттиг лохуш денна аренашца болх беш ву тхан 35 говзанча. Цундела вайн дуьйш-лелош долчу латтанашна зенаш ца хилла. Ницкъ кхочуш хуьлуьйтур а дац. Оцу Iалашонца дийнахь а, буьйсанна а синтем боцуш болх беш ду тхо», – бохура Дидиев Вахитас.
Таханлерчу дийнахь а сацийна дац цIоз гучудаьллачу метте дIаьвше химикаташ тохар. Коьрта кхерам тIехбаьлла аьлла хетахь а, цIоз дукха сиха дебаш ду. Кхиъна даьлла цIоз юха а луларчу регионашкара сехьадала тарло. Цунна цхьа де-буьйса тоьар ду Терка тIекхача а, цул сехьа дала а. Цунах дика кхеташ бу «Россельхозцентрера» говзанчаш а, куьйгалхой а. Цунна бу уьш тахана само еш а.
Хь.ПАШАЕВ
