Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь йоккха кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира вайн некъашкахь хуьлуш болчу бохамийн хьал а, иза тодарехь дан деза гIуллакхаш а. Кхеташонехь дакъалоцуш вара Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийчоьнан Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, регионан экономикин а. юкъараллин а кхерамзаллин Советан секретарь Усмаев Вахит, Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, министерствийн, ведомствийн, гIалийн, районийн куьйгалхой, Нохчийн Республикин МВД-н органийн а, подразделенийн а командираш, динан а, юкъараллин а векалш.
Шен къамелан юьххьехь Кадыров Рамзана, регионан уггаре а коьртачех цхьа проблема вайн некъашкахь адамаш дойъуш а, лазош а хилар ю, элира. Ма-дарра аьлча, Нохчийчохь хилла Iаш яц иза, ерриге а Россехь а ю. «Нагахь санна кIеззиг хьалха вайн адамаш тIом бахьанехь хIаллакьхуьлуш хиллехь, хIинца вайн адамийн дахарна а, могашаллина а кхерам хилла лаьтта некъаш, цигахь хуьлу некъан-транспортан бохамаш. Вайн урамашкахь маьрша ду. Амма оцу некъашкахь хIора шарахь иттаннаш, бIеннаш адамаш ду кхелхаш. Бохамаш хиларан коьрта бахьанаш ду некъан боламан бакъенаш кIоршаме талхор, къаьсттина машенаш тIех чехка хехкар. ГИБДД-н белхахоша бакъонашларъяран кхечу структурашца, ткъа иштта кхочушдаран Iедалан органашца, юкъараллица, Iеламнахаца цхьаьна дийнахь а, буьйсанна а хаддаза дIахьош боккха болх бу. Амма цо цхьана ханна бен гIо ца до», – бохура цо.
Некъашкахь бохамаш хилар лахдаран болх дIабахьаран оперативни штабана куьйгалла деш волчу Усмаев Вахита дийцарехь, хIара шо доладелчахьана вайн республикин некъашкахь 250 некъан-транспортан бохам хилла. (Иза хьесапе эцна бохамаш бу. Хууш ма-хиллара, хьесапе ца оьцуш а буьсу цхьаболу некъан бохамаш – авт.). Оцу некъан-транспортан бохамашкахь бIе сов стаг кхелхина.
«Шеран дIабаьллачу ворхI баттахь уггаре а дукха некъан бохамаш Соьлжа-ГIалахь а, ткъа иштта Грозненски, Гуьмсан районашкахь а хилла. Некъан-транспортан бохамаш хиларан коьрта бахьанаш ду машенаш тIех чехка хехкар, машенна хьалха валаран, дуьхьал йогIучу машенийн асанна тIеваларан бакъенаш кIоршаме талхор а, и бакъенаш цайовзар а, водительш тидаме, сема цахилар а. Машенаш тIех чехка хаьхкина меттиг 68 эзар хилла», – чIагIдира В.Усмаевс.
Кхолладеллачу сингаттамечу хьолан кIорггера хьесап а деш, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира иза тодарехь луьра гIуллакхаш дан дезаш хилар. Бакъенаш талхийна волу цхьа а водитель таIзар ца деш, жоп ца доьхуш вита мегарг цахилар дIахаийтира цо. «Ас дукхазза а баьхна, хIинца а боху: цхьа а башхалла яц, шена хаа а хууш, некъан бакъенаш талхочунна а, террористана а юкъахь. ХIунда аьлча, иза а, важа а адамийн дахарна а, могашаллина а кхерамаш туьйсуш ву. Уьш бахьанехь некъашкахь адамаш кхелха, лазадо. Вай луьра къийсам дIабахьа беза оцу зуламна дуьхьал, законо билгалдина гIуллакхаш а деш. Иза еккъа цхьана ГИБДД-н а, бакъенаш ларъяран структурийн а декхар хилла Iаш дац. Вуно чIогIа мехала ду Iедалан векалша а, юкъаралло а, Iеламнаха а цхьаьна хIора юьртахь, маьждигехь, юкъараллин меттигашкахь цхьаьна болх бар», – дерзийра шен къамел Кадыров Рамзана.
Д.АНАДЕВ
№90, еара, 13 август, 2015 шо