ГIалин губернатор Меняйло Сергей куьйгаллехь а волуш, Севастополера делегаци кхечира кху деношкахь Нохчийчу. Цаьрца Соьлжа-ГIаларчу шен резиденцехь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикин а, Севастополан а куьйгалхоша дийцаре дира кегийрхой тIеман-патриоталлин декъехь кхетош-кхиорехь а, доттагIаллин юкъаметтигаш тоярехь а цхьаьнакъахьегаран гIуллакхаш. С.Меняйлос билгалдаьккхира, Нохчийчохь ма-дарра тIеман-патриоталлин кхетош-кхиор Севастополехь а кхочушдийр долуш, дIайолийна программа хилар а, иза кхочушъярехь Кадыров Рамзана дакъалоцург хиларх ша тешна хилар а.
Россин хиндерг лардарехь Нохчийчоьнан а, Севастополан а дуккха а юкъара хIуманаш хиларх а, Севастополан хIордан флотан эскаршкахь гIуллакх деш вайн республикин векалш хиларх а лаьцна дийцира Р.Кадыровс. Цо дийцарехь, вайн регионашна юкъахь юьртан бахаман а, промышленностан а дакъошкахь цхьаьнакъахьегар хьалххе дуьйна долуш ду. Цул сов, хIинцачул тIаьхьа Iер-дахаран, юкъараллин кхидолчу дакъошкахь а юкъаметтигаш тойийр ю.
Делегаци Нохчийчу кхаьчначу шолгIачу дийнахь Соьлжа-ГIалахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархочун Хрусталев Николайн сийнна мемориалан у схьадиллира. Иза дIахIоттийна билгалваьккхинчу бIаьхочун цIарахчу урамехь, пачхьенан Октябрьски районехь. У схьаделларехь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Севастополан губернатора Меняйло Сергейс а.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Н.Хрусталевс дина гIуллакхаш майраллин, доьналлин, Даймахкана тешаме хиларан сирла масал хилар. «Севастополь ларъярехь дакъалаьцна волчу Хрусталев Николайс IаьржахIордан флотан хIордан авиацин исторехь дуьххьарлера «огненный таран» йина. Цуьнан «лийрдоцчу» гIуллакхо Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман исторехь шен хьакъ йоллу меттиг дIалаьцна. Н.Хрусталевн цIе Россин тIеман сийлаллин истори юккъе язйина. Цуьнан турпалалла гуттаренна а халкъан иэсехь юьсур ю», – элира республикин Куьйгалхочо.
Меняйло Сергейс билгалдаьккхира Севастополехь Н.Хрусталевн турпалчу гIуллакхан сийдеш хилар а, цуьнан цIарах шайн шахьарахь урам хилар а. «Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархой ца бицбайта а, тIаьхьенийн тIаьхьенашка а церан сийдайта а ницкъ мел кхочург дан деза вай. Даймохк ларбеш шайн дахар ца кхоийначеран цIерш массарна а йовза еза», – элира губернатора.
Дагадаийта деза Хрусталев Николай Нохчийчуьра схьаваьлла, Севастополь ларъярехь дакъалаьцна хилар. IаьржахIордан флотан исторехь дуьххьарлера «огненный таран» яр бахьанехь гIараваьлла ву иза. 1941-чу шеран 5-чу ноябрехь Бельбек хин йистехь гулделлачу мостагIийн эскаршна тIелеттачу хенахь Н.Хрусталевн кема герз кхетта, чудаийтинера. Шена лиънехь, кема сиха охьахаийна, кIелхьаравала таро яра летчикан. Амма, цо кема хьовза а деш, немцойн эскаршна юккъе чутуьйхира. БIаьхочун турпала гIуллакх Даймехкан тIеман I-чу даржан орденца билгалдаьккхина.
А.ХАСБУЛАТОВА
№90, еара, 13 август, 2015 шо