Министраша, бакъонаш ларъяран органийн векалша, депутаташа, ведомствийн а, гIалийн, районийн администрацийн а куьйгалхоша, Iеламнаха дакъа а лоцуш, кхеташонехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира «кегийрхой «иблисан пачхьалкхан» могIаршка дIаэхар чIогIа лахделла, дIадаьлла ала мегар долуш хилар». Цо дийцарехь, цунна гIо дина вахабизман, экстремизман, терроризман идеологина а, кегийрхой «иблисан пачхьалкхан» могIаршна юкъаийзорна а дуьхьал къийсам латторехь дика дIахIоттийна болх дIабахьаро.
Iедалан дерриге а тIегIанаша а, бакъонаш ларъяран органаша а, Iеламнаха а, кегийрхойн организацеша а болх дика дIабахьарна дикачу тIаьхьенашка кхаьчна. Уггаре а хьалха, юкъаралло сацам боллуш бехкебо Шема я Ираке бахнарш а оцу шайтIанийн гIолоцуш берш а.
Мухха делахь а, цунна хетарехь, «вахабизм а, экстремизм а юхатохаран гIуллакхаш, и террористически тоба мел ю, юкъара дIадаьхна хила декхар дац».
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо юха а элира: «иблисан пачхьалкх» хаьржинчарна республике юхабахка некъ бац.
«Тахана, республикин берриге а жигархоша дакъа а лоцуш, хиллачу кхеташонехь вай барт бина «иблисан пачхьалкх» хаьржинчарна Нохчийчу юхабогIу некъ бехкаран хьокъехь. Нагахь санна цара тIом бан сацам бинехь, тIом байта, цигахь бала а балийта, амма Нохчийчоьнна уьш оьшуш бац!
С.ЛАЛАЕВ
№90, еара, 13 август, 2015 шо