Непал пачхьалкхехь полицин белхахоша герзаш диттина урамашка арабевллачу демонстранташна. Царах ши стаг велла, чевнаш хилларш а бу. Ши бIе гергга стаг полице дIавигна.
***
Йеменан Iедалан эскарша, СаIудийн Аравин тIеман кеманаша гIо а лоцуш, хIокху деношкахь тIелатарш дира гIаттамхошна, шаьш дIалецначу меттигашкара уьш юха а бохуш.
***
Нигерехь 47 стаг вийна, 50 сов стагана чевнаш хилла эккхийтар дар бахьанехь. Кхелхинарш, берриге а бохур санна, маьрша нах бу. И бохам бина «Боко-хьарам» боламан зуламхоша.
***
ХIокху шеран февраль баттахь Шемахь лачкъийна хилла 20 керста стаг дIахецна масех де хьалха «иблисан пачхьалкхан» декъашхоша.
***
Желтойчоьнан Iедало дIаяьхна парламентарешна а, министрашна а еш хилла йолу гIоленаш. Иза доьзна ду махкахь долчу экономикин хьолаца. Тахана парламентехь дийцаре дийр ду Евросоюзаца бан леринчу бартан хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Европин дукхах болчу мехкашкахь йокъана хIоьттина. И бахьанехь стоьмаш, хасстоьмаш, ялташ хIаллакьхуьлуш ду Польшехь, Австрехь, Германехь, кхечанхьа.
***
Великобританин оборонан министр кху деношкахь Киевехь цхьаьнакхийтира Украинин премьер-министраца а, оборонан министраца а. Цара дийцаре дира Украинна герзашца а, инструкторшца а гIодаран гIуллакхаш.
***
Украинин Iедалан эскарша Донбассерчу гIаланашна даккхий герзаш деттачу кIела нисбелла ОБСЕ-н векалш. Делахь а цара цунах лаьцна цхьана а метте хаам ца бина.
***
Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира вайн мехкан генеральни прокурорца Ю.Чайкица. Церан къамел хилира бизнесна терго яран болх чIагIбаран хьокъехь.
***
Россин премьер-министра Д.Медведевс Краснодарехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира дозанал арахьара чудохьучу кхачанан сурсатийн метта вайн кхачанан сурсаташ кхиоран таронийн хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Иркутски областерчу 30 эзар гектара тIера хьаннаш йогуш ю. ЦIе яйъаран балхана арадаьхна ИЛ-76 кеманаш. Цара стиглара хи детта йогуш йолчу хьаннашна тIе.
***
Леррина операци дIахьош Дагестанехь виъ террорист хIаллаквина. Царна юкъахь ву «Кавказан Имиратан» куьйгалхо ву ша боху М.Сулейманов а, цуьнан заместитель а.
№90, еара, 13 август, 2015 шо