Къилбаседа Кавказера бусалбанаш ХьаьжцIа бахар вовшахтохарехь жигара а, дика а болх барна Дагестан Республикин «Марва тур» Iумратан отделан куьйгалхочунна совгIат дина «Граждански юкъаралла кхиорехь хьуьнарш гайтарна» цIе йолчу мидалца.
Дин лело йолчу гражданийн конституционни бакъо кхочушъяран гIуллакхана йоккха хазна юкъайилларна а, тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорехь хьуьнарш гайтарна а, ткъа иштта ХьаьжцIа бахарехь Нохчийн Республикин бахархошна жигара гIодарна а Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала «Граждански юкъаралла кхиорехь хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат дина Дагестан Республикин «Марва Тур» Iумратан отделан куьйгалхочунна Саидов Iалиасхьабна.
СовгIат дIаделира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан офисехь. СовгIат дIалуш, Нухажиев Нурдис билгалдаьккхира ХьаьжцIа боьлхуш болчу Нохчийн Республикин бахархошна дика хьелаш кхолларехь Саидов Iалиасхьаба жигара болх бина хилар.
– ХьаьжцIа боьлхуш болчу тхан республикерчу бахархошна шайна гина ХьаьжцIа бахаран хьелаш дикачу агIор чIогIа хийцаделла хилар, – элира Нухажиев Нурдис, – оцу гIуллакхехь доккха хьуьнар ду Саидов Iалиасхьабан.
Нохчийн Республикин бахархойн хьашташ кхочушдарехь дакъалацарна Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала Нухажиев Нурдис баркалла элира I.Саидовна, дIахаийтира шен балхахь цуьнан кхидIа а кхиамаш хуьлийла шена лаар.
Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан пресс-служба
№90, еара, 13 август, 2015 шо