Культурин керланаш

Искусствос доттагIалла чIагIдо

ХIокху деношкахь Зорбанан цIийнехь хилира Минеральные воды гIаларчу «Бетельгейзе» арт-студин къоначу художникийн  суьртийн гайтам. И вовшахтоьхнера «Грозный-информ» хаамийн агенствос.DSC_1570

Карарчу шарахь 11 шо кхаьчна «Бетельгейзе» студин. Школе доьлху хан йолу бераш ду студехь суртдилларан говзалла Iамош. Ставропольски крайн Минераловодски а, Александровски а районашкара а, Минеральные воды гIалара а 2 эзар сов бер чекхдаьлла кхузахь доьшуш. Дешархошна юкъахь тайп-тайпанчу къаьмнийн бераш ду.

– Кавказ дукха къаьмнийн цхьа доьзал бу, – дуьйцу студин директора Павлова Светланас. – Искусствоца гергарло хиларо дика Iаткъам бо берийн синкхетамна, цаьргахь догдикалла, къинхетам, дуьненан исбаьхьалле безам кхиабо, тайп-тайпанчу къаьмнийн берашна юкъахь доттагIаллин уьйраш чIагIйо. Хьуна ган а гуш, дикачу агIор хийцало уьш. Искусствон доза дац. Тахана тхо кхуза дахкаран коьрта Iалашо ю кегийрхошна юкъахь кхоллараллин а, доттагIаллин а уьйраш кхоллаялийтар а, уьш чIагIъяр а.

Гайтаме хIиттийначу суьрташлахь коьрта меттиг дIалоцура къоначу художникийн маьждигашна леринчу суьрташа. Къаьсттина а шена тIе бIаьрг хIуттуш дара Алиева Алинас диллина «Нохчийчоьнан дог» цIе йолу сурт.

Дийнна схьаэцча тайп-тайпана яра суьртийн тематика: тIеман хиламаш, Iалам, натюрморт.

«Башлам» ансамбль – Дуьненаюкъарчу фестивалехь

Алиев Хьасанан цIарахчу берийн хелхаран «Башлам»  ансамбло дакъалецира Суздаль гIалахь дIаяьхьначу Фольклоран дуьненаюкъарчу фестивалехь.

Иза лерина яра оьрсийн ширачех цхьаъ йолчу гIалин денна. Карарчу шарахь 991 шо кхаьчна цуьнан. Фестивалехь дакъалоцуш яра Россин регионашкара а, ткъа иштта кхечу мехкашкара а  кхоллараллин коллективаш. Хьовсархоша чIогIа резахиларца тIеийцира «Башлам» ансамбло гайтина концертан номерш. Фестиваль цхьана дийнахь бен ца лаьттинехь а, нохчийн хелхаран искусство йовзийта аьтто хиларх а, кхоллараллин керла уьйраш тасаяларх а баккхийбеш цIа бирзина вайн къона артисташ.

Дуьненаюкъарчу фестивале «Башлам» ансамбль кхайкхаро тоьшалла до Россерчу берийн кхоллараллин коллективашлахь иза сий-лараме кхаьчна хиларна.

Хаамаш кечбинарг – Хь.АБАЕВ

 №90, еара, 13 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: