«Iaлашде хьайн дахар»

Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо  республикин театральни коллективашна юкьахь конкурс дIаяьхьира Аргун гIалин культурин цIийнехь. Цуьнан коьрта Iалашо яра  кегийрхошна шайн могашаллина пайдехь дерг марздар, царна вуочух ларбала Iамор…IMG-20150806-WA0081

Наркотикаша адамашна бохьу сингаттам, могашаллина  беш болу иэшам гайтар исбаьхьаллин искусствон г1оьнца. Цул сов, ишттачу конкурсашкахь театральни коллективийн аьтто хуьлу шайн репертуараш кьоман гIиллакхашна, ламасташна тIетевжаш карлаяха. «Iaлашде хьайн дахар» конкурсехь дакьалоцуш яра республикин ерриге а районашкара культурин цIеношкара театральни коллективаш. Цара жюрин а, хьовсархойн а кхиэле ехкира мини-сценкаш. ХIoкху тайпа конкурсаш 2006-чу шарахь дуьйна  дIахьош ю Халкъан кхоллараллин туьшо. Цундела конкурсан  тIегIa лакхадаккхарехь дика хийцамаш бина хаалора. Конкурс дIайолош дош делира  туьшан белхахочунна Альтемиров Iарбина. Цо элира конкурс вовшахтохаран маьIнех а, цуьнан Iалашонех а лаьцна. Россин Федерацин наркотикашна тIехь тергам латторан Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу  урхаллин белхахо Бугаев Ильяс вара  конкурсехь дакъалоцуш. Конкурсан жамIaш даран комиссин председатель вара Нохчийн Республикин хьакьволу артист, М. Лермонтовн цIарахчу пачхьалкхан оьрсийн драматически театран режиссер Темишев Iадлан. Жюрин декьашхо яра, оццу театран актриса Нальгиева Зульфия, Халкьан кхоллараллин туьшан директоран заместитель Шатаева Зараъ, туьшан говзанча Альтемиров Iарби. ЖамIaш дича кьастийра дакъалацархошна кхаьчна меттигаш. 1-ра. меттиг Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан « Оргтехника» культурин цIийнан коллективо яьккхира. 2-чу меттехь Гуьмсан районан культурин цIийнан коллектив яра. 3-чу меттехь Нажи-Юьртан районан культурин цIийнан коллектив яра. Цул сов, «Жюрин совгIат» Теркан районан культурин цIийнан коллективана делира. «Хьовсархойн озабезам» совгIат дира Курчалойн районан культурин цIийнан коллективана.» Божарийн тоьлла роль» совгIат делира ТIехьа-Мартан районан культурин цIийнан векална Арсаханов Асхьабана. « Зударийн тоьлла роль» совгIaт Хьалха-Мартан культурин цIийнан векална Цагараева Румисина делира, ткьа « Берийн тоьлла роль» Соьлжа районан культурин цIийнан векална Элькиева Аминина дIаелира. «Тоьлла дебют» совгIaт оцу конкурсехь дуьххьара дакьалаьцначу Грозненски районерчу культурин цIийнан векална Илаханова Дианина елира». Спектакль  кечьярехь тоьлларг» аьлла совгIат дира Шелан районан культурин цIийнан коллективана. Шелковски а, Невран а районийн культурин цIенойн коллективашна дипломаш делира.

З. ХИЗИРОВА
Авторан сурт

№90, еара, 13 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: