Физкультурникан денна лерина

ЗаьIапхошна юкъахь мини-футболехула турнир

 Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира заьIапхошна юкъахь мини-футболехула йолу турнир. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш «Ламан аз» а, «Эрзу» а, «Ислам Релиф» а, иштта ГIалгIайчуьра «Единство» а командаш яра.

Турнир шина ахфиналех лаьтташ яра. Хьалхарчу ахфиналехь цхьаьнакхийтира «Ламан аз» а, «Исламик Релиф» а. Матч дIайолаяларца вовшашна кхерамаш тийса буьйлабелира футболисташ. Баьхкинчу болельщикашна хаза хетара майданахь шайна гуш долу сурт. Цара шайн ма-хуьллу гIо-накъосталла дора спортсменашна. Ткъа футболисташна хаалора шайн терго еш юй. Цундела цара, шайна мел хала делахь а, тIелатарш лах ца дора. Буьрка майданна юкъахь соцуш  яцара, вратарашна бан алссам болх хуьлура. Иштта чулацаме хиллачу матчехь жамI 2:0 долуш толам баьккхира «Ламан аз» командо.

ШолгIачу ахфиналехь «Эрзу» цхьаьнакхийтира ГIалгIайчуьрчу  футболисташца. Оцу матчехь шина командин ницкъ цхьатерра бара. Цундела ловзар счет схьа ца йоьллуш чекхделира. Цу кепара нисделлачу хьелашкахь толамхо билгалваккха пенальтеш тоха дийзира. Пенальтеш тухуш толаме кхечира вайн лулахойн команда.

Турниран коьртачу ловзарехь «Единство» дикка дуьхьала-м елира «Ламан аз» командина. Вайн футболистийн зеделларг алссам хиларна, цара жамI 2:0 долуш хьеший эшорца турнирехь толам баьккхира.

Толамхошна кубкаш, грамоташ, мехала совгIаташ делира.

Турнир вовшахтоьхнарг яра спортан-адаптацин «Ламан аз» школа.

 Снимок

ХIораннан дахарехь а хила еза спорт

 Соьлжа-ГIаларчу «Рамзан» футболан академехь минифутболехула йолу турнир хилира. Цигахь дакъалоцуш Нохчийн Республикин министерствошкара а, ведомствошкара а, иштта футболан ветеранийн а командаш яра.

Спортсменаша цхьабосса билгалдаьккхира спорт хIоранна дахарехь хила езаш хилар а, адамо жимачохь дуьйна шен могашалла Iалашъян езаш хилар а.

Ловзаш хилла футболисташ баккхийра бара. Цара хIора цхьаьнакхетарехь шайн тIах-аьллачу  ловзарца масал гойтура турнире хьовса баьхкина болчу кегийрхошна. Церан коьрта Iалашо яра вайн тIекхуьуш долу чкъор спортаца з1е йолуш хилийтар.
Финале елира Россин Федерацин наркотикашна тIехь терго латторан федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а командаш. Турниран коьртачу цхьаьнакхетарехь толам баьккхира ФСКН-н команда. Ткъа кхоалгIа меттиг яьккхира футболан ветеранаша.

Турнир вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство яра.

 

А.АБДУЛАЕВ

№90, еара, 13 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: