Хьакъ ю лара а, шех дозалла дан а
Бошхаджиева Зарган генарчу Карагандахь дуьнен т1е яьлла 1948-чу шарахь. Цкъа хьалха Гуьмсера хьехархойн училищехь дешначул т1аьхьа цо чекхъяьккхина Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультет.
Бошхаджиевас юьхьанца болх бира Гуьмсера №2 йолчу юккъерчу школехь. 1998-чу шеран декабрь баттахь дуьйна иза къахьоьгуш ю оццу г1аларчу №3 йолчу гимназехь. Берашна цо хьоьху нохчийн моттий, литературий.
Белхан корматалла дика карайирзина Зарганна, х1етте а цо лерина кечамбо х1ора урокана. Къаьсташ, хаза декаш, г1иллакхе-оьзда хуьлу цуьнан багара долу х1ора дош. Балхаца йолу цуьнан дика юкъаметтиггий, кегийчаьрца, баккхийчаьрца язаяла хааррий доккха маь1на долуш ду бераш кхетош-кхиорехь. К1оштан а, республикин а т1ег1анехь д1аяьхьначу олимпиадашкахь дукхазза а толамхой а, призераш а хилла цо ненан мотт хьоьху дешархой.
2006-чу шарахь Россин тоьллачу хьехархошна юкъахь д1абаьхьначу къовсамехь толамхойх цхьаъ хилла а ю З. Бошхаджиева. Хьалххе дуьйна «Къинхьегаман ветеран» йолчу цунах кхо шо хьалха хилла «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо». Иштта хьехархой хьакъ бу лара а, вай шайх дозалла дан а!
Зеделларг долу говзанча
40 шо гергга хан ю Идалов Нажмуддис Гуьмсан к1оштан Ойсхарарчу №2 йолчу школехь дешархошна биологи хьоьху. Цул хьалха цо болх бина Нажи-Юьртан к1оштахь йолчу школашкахь. Лакхара дешар дешна ву иза.
Идалов Нажмуддина хьехархочун болх кхоччуш карабирзина ала мегар ду. Адамашца ийна волуш, шен къамел масла1ате долуш, г1еметтах1оьттина стаг а, говзанча а ву иза. Цул сов, хьехархочун балхана кхоьллина ву аьлла, хетало иза. Цо хьоьхучу дешархошна юкъахь «деаннаш» а, «пхеаннаш» а дохурш 60 процент бу. Оцу бакъдолчо къеггина тоьшалла до Идаловн дешархойн хаарийн дикалла лакхара хиларна. Дахаран тайп-тайпанчу хьелашкахь шайн хаарех говза пайдаэца 1амабо хьехархочо дешархой.
Хьехархочун эвсара къинхьегам тидамза ца бисина. Дешархойн дика хаарш, г1иллакх-оьздангалла бахьанехь Идалов Нажмуддина баркаллаш олу дешархоша а, церан дай-наноша а. Хьакъ долуш лелайо Идаловс «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» сийлаллин ц1е.
А. ГАЙТУКАЕВ
№90, еара, 13 август, 2015 шо