Дешан тешаме мурд

 ХIокху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарахчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь дIадаьхьира Хасбулатов Ямлиханан 80 шо кхачарна лерина даздарш20150811_140544

И гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин яздархойн союзо. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ, Юкъараллин палатин а, Iилманан академин а декъашхой, цIеяххана болу Iилманчаш, яздархой, поэташ, театран актераш, Хасбулатов Ямлиханан гергара нах, иштта кхиболу хьеший.

Цхьаьнакхетарехь къамелаш динчара    довха дешнаш элира Хасбулатов Ямлиханах лаьцна. Нохчийчоьнан яздархойн  союзан председатела К.Ибрагимовс билгалдаьккхира, уггаре а халачу хенахь,  вайн республикин Яздархойн союз вовшах а тоьхна, цуьнан коьртехь  цо болх бина хилар а, Ямлихан похIме поэт, журналист хилар а.

Бугаев Iабдуллас доцца дийцира Хасбулатов Ямлиханан доьзалх лаьцна. Цо элира: – «1944-чу шеран 23-чу февралехь нохчий махках бохучу хенахь Ямлиханан исс шо дара. ХIокхеран нана Жовжан, вежарий Асланбек,  Русланбек, йиша Зулай  цхьаьна дIадохийна. Да Iимран Горячеводскерчу больницехь хиларна кхарах дIакъаьстина. Казахстанехь хан яьккхина, цIа дирзинчу хенахь – 1957-чу шарахь – дех дерг хаа лууш дукха лелла Ямлихан а, цуьнан гергара нах а. Цу хенахь юьртахь Iаш берш берриге а оьрсий бара. ХIора дийнахь аьлча санна, Девкар-Эвла а вогIуш, цаьрга хоьттуш лелара Ямлихан дех лаьцна хаамаш хуьлий хьоьжуш. ТIаьххьара а цхьана оьрсичо гайтира ден каш. Иза юьртарчу кешнашка дIавоьллира.

Ямлиханан нана хьекъале, оьзда, собаре стаг яра. ТIехь да воцуш Жовжана а, цуьнан гергарчара а кхиийначу хIокхеран кхиамаш вайна гуш бу. Вайн республикина уггаре а оьшучу хенахь виъ Iилманча ваьлла кхеран доьзалера. Ямлихан массо хенахь массаьрца мерза чекхваьлла ву».

20150811_143730

Нохчийн Республикин журналистикин къано волчу Магомаев Салавдис доцца дийцира Казахстанехь шаьш долчу хенахь а, цигара цIа дирзинчу  шерашкахь а ша Ямлиханца бинчу балхах лаьцна. Коьртачу декъана цо элира: «…Иштта нисделира иза. Казахстанехь а, цигара цIа даьхкинчул тIаьхьа, кхузахь а цхьаьна балхахь а волуш, цхьана лулахь Iийна ду тхо. Цундела Ямлиханан доьзал дика бевза суна. ХIокхуьнан доьзалехь суна уггаре а товш дерг хIорш цхьабарт а болуш, лулахошца а, гергарчаьрца а тарлуш хилар ду. Ямлихан бахьана долуш, хIокхара вовшийн сий-ларам бар, – иза цIена нохчийн гIиллакх ду. ХIокхара лулахой а, гергара нах а ларар бахьана долуш, церан а бу хIокхаьрца ларам.

Алма-Атахь 1955-чу шарахь схьадиллира нохчийн маттахь долу «Къинхьегаман байракх» газет. Тхойшиъ цхьаьна нисвелира цига балхахь. Юьхьанца хала дара. Редакцехь болх беш хиллачу нохчийн яздархойх – Мамакаев Iарбих, Эдилов Хасмохьмадах, Хамидов Iабдул-Хьамидах, Музаев Нурдих, Арсанов СаьIид-Бейх – дика гIо-накъосталла а хуьлуш, белхаш бира оха.

Вайн республика метта а хIоттийна, нохчий цIа эха буьйлабелча, Ямлихан ша висира радиохь болх беш. ХIетахь хала дара, хIунда аьлча, редакцехь   Нохчийн  цхьа а илли  дацара, нохчийн маттахь дIаяздина цхьа а къамел а дацара. И дерриге а Ямлиханан яздан дезара. Оцу декхарца иза дика лара а вира…»

Юбилейна кечам бечу хенахь Къоман библиотекин  директора Исраилова Сацитас юбилярана кечйинчу стендана цIе тиллинера «Дешан тешаме мурд». Оцу цIаро гойтура Ямлихан литературехь а, журналистикехь а олучу дешан говзанча хилар.

Къинхьегаман дуккха а шерийн жамI ду тахана Хасбулатов Ямлихан ишттачу сий-лараме кхачар.

Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан мидалца а, ахчанца совгIат дира Я.Хасбулатовна, иштта Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон , Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу  министерствон а дипломаш делира. Яздархоша юбилярана  шайн книгашца совгIаташ дира.

Межидов Сахьаба Ямлиханан байташ тIехь даьхначу иллеша а, театран актераша Мажиева Малкана, Авханов Шемала ешначу юбиляран байташа  а кхин хаздира цхьаьнакхетар.

(Поэтан кхоллараллех оха мелла а шуьйра яздина газетан 87-чу номерехь)

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан сурт 

 №91, шот, 15 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: