Светофор – тхан накъост

ХIора шарахь билгалдоккхуш ду  Светофоран дуьненаюкъара де. И тайпа  де  муххале  а  тидамза дуьтур дацара Нохчийн Республикин С.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекин куьйгалло. Оцу денна кечбина книгийн гайтам  а, «Светофор – тхан  накъост» аьлла  кхеторан – хаамийн цхьаьнакхетар а хилира библиотекехь. Библиографин отделан белхахочо  Абдурзакова Заирас  вовшах а туьйхира,  дIа а даьхьира  Светофоран денна лерина цхьаьнакхетар.

светофор

Библиотекин кегийчу книгашъешархошна  хиира  дуьххьарлера светофор юкъаяьккхинарг  ингалсхо Найт Джейн хилар. Цо йина светофор Лондонехь Парламентана уллехь  дIахIоттийра 1868-чу  шарахь. Амма кхо шо  даьлча,  цо йина светофор, уллехь лаьтта полицейски лаза а веш, иккхина  хилла. Эццахь светофорах дог даларх иза йицйина   50 шо  а даьлла. Юха, 1910-чу шарахь автоматикин  светофор юкъаяьккхина шена  чохь  шина  басахь  чиркхаш а долуш. Ткъа Россехь светофор 1930-чу шарахь юкъаяьлла. Иштта светофорах дерг вуоно хаза а, чулацаме а дийцира библиотекин белхахоша. Бераша лерина ладоьгIура  светофоран билгалонех лаьцна а, некъан бакъенийн хьокъехь а   дечу  къамеле. Водителийн а, гIашлойн а бакъонех, декхарех дерг а дийцира царна. Библиотекин ешархо а, жигархо а йолчу Амагова Софияс  дийцира  светофорах лаьцна шена хуург.

Вайн мел жимачу юьртахь а  машенаш бIенашкахь йолчу  заманахь светофор яцахьара йиш а яцара. Цхьана минотана ток дIаяьлча а хьовзам хуьлу некъаш тIехь. Светофор хилар а тоьаш дац, массара а  некъан бакъонаш Iамо а еза, ларъян  а еза.

Цу тайпанчу  цхьаьнакхетарех доккха беркат, пайда  болу  берашна.

 

З.ХИЗИРОВА

Авторан сурт

№91, шот, 15 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: