Берашна а, кхиазхошна а лерина «Берашна-проза» – 2015 литературин дуьненаюкъарчу конкурсан хьокъехь

Положени

 Iалашонаш а, декхарш а:

1. «Берашна – проза» литературин дуьненаюкъара конкурс д1ахьо башха а, пох1ме а болу авторш билгалбахар а, царна г1оленаш яр а, церан кхолларалла йовзийтар а, церан белхашна ешархойн а, юкъараллин а тидам т1ебахийтар а 1алашо йолуш.

Конкурсо г1о дан декхар ду литература йовзийтарна, 1алашъярна, кхиорна, берийн ойла а, царна дезарг а, лаамаш а гайтарна, Россин а, дуьненан а литературина йоккха хазна юкъаюьллучу литераторийн, яздархойн, художникийн, литературин критикийн керла ц1ерш схьаелларна.

Конкурсо цуьнан х1ора дакъалацархочунна г1о дийр ду дахаран хиламаш т1аьхьенашкара т1аьхьенашка бовларан дакъалацархо ша хилар, дуьненан цивилизаци маьрша 1алашо йолуш хилар хаадала.

2.Конкурсана кечам а бо, иза д1а а хьо иза вовшахтоьхна йолчу Львова Вера Ивановнас, яздархочо, режиссера, Державинан ц1арах йолчу оьрсийн дешан, исбаьхьчу искусствон Санкт-Петербурган академин бакъйолчу декъашхочо.

Юкъара положенеш:

Литературин конкурсехь дакъалаца бакъо ю берех лаьцна а, берашна а (хан доза тоьхна яц) парг1атчу темина прозехь яккхий йоцу произведенеш язъеш волчун. Жанр муьлхха а мегаш ю. Белхаш д1аэцарна доза ца туху. Произведенеш яхкийта мегар ду шеран дохаллехь, х1унда аьлча, конкурс х1ора шарахь д1ахьош хиларна. Тоьлашха болу белхаш х1ора шарахь арахоьцу Чувашин издательски комплексехь.

Конкурс д1аяхьаран къепе:

Конкурс шина муьрехь д1ахьо:

1-ра мур – январь – октябрь – тоьлашха йолу произведенеш къастор.

2-г1а мур – Толамхошна 23–24-чуй октябрехь совг1аташ дар – Нохчийн Республикерчу Соьлжа-Г1алахь.

«Берашна – проза» конкурс д1ахьо пхеа номинацехь:

– Тоьлашха долу юмористически дийцар;

– Дийнатех лаьцна тоьлашха долу дийцар;

Тоьлашха долу туьйра;

– Литературин тоьлашха йолу критика (конкурсан толамхойн хьалха зорбатоьхначу материалашкахула);

– Тоьлашха долу сурт (конкурсан толамхойн хьалха гуларшкахь зорбатоьхна суьрташ).

Х1ора номинацехь конкурсан толамхошна конкурс вовшахтоьхначара а, пресс-спонсорша а совг1аташ до дипломашца а, мехалчу х1умнашца а.

Конкурсе яхкийтинчу материалех мах а ца ло, уьш юха а ца ло. Гонораран меттана конкурсанташна авторски экземпляраш лур ю.

Конкурсан произведенеш д1аяхьийта мегар ду интернетехула х1окху адресца: vera.Ivova@mail.ru.

Конкурс вовшахтоьхнарг – яздархо Львова Вера Ивановна.

 №91, шот, 15 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: