Арсанукаев Шайхис шен цхьана статья тIехь яздина: «Дуьненан литературин хоршахь, цуьнан традицешца, форманашца, амма шен къоман барта кхоллараллин, гIиллакхийн, ламастийн буха тIехь кхуьуш схьайогIу нохчийн исбаьхьаллин литература. Муьлххачу литературин а санна, нохчийн литературин а коьрта кхо «турпалхо» ву. Хьалхара – Адам (Адаман амал, цуьнан ойла, сатийсам, гIиллакх, гIуллакх). ШолгIа – и Адам шена тIехь дехаш долу Латта (Даймохк). КхоалгIа – и Адам шена чохь дехаш йолу Зама. Нохчийн яздархоша – прозаикаша, поэташа, драматургаша – хестош дерг а ду дезаниг, даима а сийлахьниг: Даймохк, Нана, Адамалла, Къинхетам, Къинхьегам, Оьздангалла, Къонахалла, Тешам, ДоттагIалла, Безам».
Оцу мехаллаш тIехь кхиъна ю Арсанукаев Шайхин поэзи. И мехаллаш ю цуьнан кхоллараллехь коьртанаш, цо чIагIйийраш.
ХIинцалерчу нохчийн литературехь бакъйолчу поэзин цхьа агIо ю Арсанукаев Шайхин кхолларалла. Шатайпа атта адамийн дегнашка кхочуш, шайца лаккхара исбаьхьаллин аьхналла йолуш, йоьшучуьнан кIорггера синхаамаш меттахбохуш, дахаран ойла йойтуш ю цуьнан произведенеш. ГIалгIайн яздархочо Ведзижев Ахьмада яздина: «Хетарехь, нохчийн поэзехь уггаре а эмоциональни ницкъ болчарах лара еза Арсанукаев Шайхин поэтически произведенеш. Дукха хIуманаш чулоцу поэтан стихаша а, поэмаша а. Цара гойту дахаран массо а агIонаш. Безаман лирика иза хиларх, я даймахках, я винчу юьртах лаьцна язйина иза хиларх, церан коьртаниг ду – адамийн юкъаметтигаш гойтуш хилар, хIора стеган цIена, хьанала ойланаш самайохуш уьш хилар».
Авторан деган йовхо, граждански ойланаш ю Арсанукаев Шайхин стихашкахь. Шен мехкан воI ву цуьнан лирически турпалхо, цунна Iаламат хьоме бу даймохк, иза воккхавеш ду къоман хьалха дIадахнарг а, хIинцалерниг а, цо дозалла до шен махках, дайн къонахаллех:
Лаьмнийн мохк! Курачу къонахийн латта!
Лайначийн моьнаш го хьан некха тIехь.
Иэшам а, иэшар а кхаьчна хьан хьаьтта,
Амма ца лайна ахь осаллин эхь!
(«Винчу лаьмнашкахь»)
Даймохк Iалашбар, дайн гIиллакхаш лардар, нохчийн меттан сийдар тIекхуьучарна тIедуьллу «Весет» стихотворенин турпалхочо а.
Арсанукаев Шайхин лирически турпалхо гIиллакх-оьздангалла кхайкхош, къоман ламасташ чIагIдеш, муьлххачу а вочу хIуманна дуьхьал къийсам латтош ву. Тийналла, синтем ца бевза цунна, даим новкъахь, даим лехамехь, бакъдолчуьнгахьа, нийсонехьа болчу къийсамехь, харцонна дуьхьал ву иза. Нийсо кхайкхайо, нийсо чIагIйо цо:
ХIун хир ду дуьненчохь Нийсонал нийса?
Кхерац и кхерамах, озалац ницкъах,
Харцо цо харцайо, ца кIордош къийса,
ХIилланах Iехалац, я хьегац рицкъах –
ХIун хир ду дуьненчохь Нийсонал нийса?
…………………………………………….
Хастам бу Нийсонна! Ехийла Нийсо!
Халкъашлахь вошалла чIагIдийриг – Нийсо,
Пачхьалкхийн машаран дозанаш – Нийсо,
Адамаллин хьекъалан дозалла – Нийсо.
Хастам бу Нийсонна! Ехийла Нийсо!
Арсанукаев Шайхин «Нийсонна гимн» тIера ю и ши строфа. Гимн лирикин жанран цхьа тайпа ду. Юьхьанца гимн олуш хилла цхьа доккха маьIна долчу хиламна я къаьсттина онда хьуьнар гайтинчу турпалхочун сий деш даьккхинчу иллех. Хьалхалерчу Грецехь цIе яххана болу халкъан турпалхой я шайн деланаш хестош, базбеш, церан сий деш йохуш хилла гимнаш. ТIаьхьо гимн олуш хилла хазахетарна, толам баккхарна я сийлахьчу стеган лерам беш даьккхинчу иллех. ХIХ- бIешарахь дуьйна гимн олу къаьмнийн цхьаалла, пачхьалкхан сийлалла кхайкхош лаккхарчу айамца даьхначу иллех а.
Поэташа шаьш сийлахь лоручу, халкъалахь сийлахь долчу хIуманашна а, хиламашна а язйо гимнаш. Арсанукаев Шайхис Нийсонна яьккхина гимн. «Нийсо» боху дош доккхачу элпаца яздина цо. Нийсонна хастам беш ю поэтан гимн. Пачхьалкхийн гIуллакхашкахь, къаьмнашна юкъахь, адамийн юкъаметтигашкахь Нийсо лелаяхь дуьненахь хьарамло хир яц, харцо хир яц, ирсо заздоккхар ду, боху поэта. Нийсо ю дуьненчохь лелаезарг: «Хастам бу Нийсонна! Ехийла Нийсо!»
Арсанукаев Шайхин «Нийсонна гимнан» шен дIахIоттам бу. Поэзехь дукха яьржина йоцчу пхеамогIанан строфашца язйина гимн. ПхеамогIанан еа строфах лаьтташ ю и. Алссам юхааларш, риторически хаттарш, айдарш ду. Цара поэтан синхаамаш, шовкъаш гучуяхарехь гIуллакх до. Хьалхарчу кхаа строфахь рифмофка абаба ю. ТIаьххьарчу строфахь рифмовка хийцина, кхузахь рифма кхуллуш дерг гимнан коьрта дош «Нийсо» ду, цуьнца чекхйолу строфан пхий а стих. ХIора строфа чIагаран кепехь ю, строфа йолалуш йолу стих иза чекхйолуш юха ялийна. Юха ялош йолчу стихехь ду строфан коьрта маьIна. Оцу поэтически приеман авторан ойла къеггина гучуяккхаран маьIна ду.
Арсанукаев Шайхин поэзин лирически турпалхо къинхетаме ву, цуьнан коьрта амал адамалла ю, гIийлачух къахета цунна, вон деанчунна орцахвала кийча ву, адаман гIайгIа-бала шега схьаэца кийча ву. Масала, стихотворенеш «Ма ойла ца йо вай», «Нагахь хьан гIо оьшуш», «Догдикаллех стихаш», «Ненан доIа», «Исбаьхьчу дуьнене», «Мохкбегор», «Лаьа суна», поэма «Баркалла, адамаш», сонетийн кочар «Адам и дуьне ду, жима планета».
«Мохкбегор» стихотворенин лирически турпалхочуьнга берриге а мехкан, дерриге а лаьттан бала кхочу. Цуьнан дагах кхета махке, Лаьтте беана бохам:
ЦIеххьана кхерийна, лаьттан дегI дегий,
ЭхI, Латта, дийцахьа хиллариг хьайна.
Алахьа,
ХIун цатам хилла хьо дегий?
Я дог хьан лазий-те,
Харцо ца лайна?
Я атом иккхина, мархаш гин гIенах?
Я жима бер гин те къаьстина ненах…?
Иза кхидIа а къинхетамен, кIеда-мерза вистхуьлу бохам беанчу Лаьтте:
Алахьа, хIай Латта,
ХIун гира хьуна:
ДоттагIчо тешнабехк
Бин доттагIчунна?
Я меттахь дIатесна
Шайн нана къена,
СапаргIат баха-те кIентий дIа гена?
Я къона безам гин осалчо Iехош?
Я поэт воллура харц дешнаш лехьош?
Бендоцуш лелачийн гин аьрта яххьаш?
Шайн чулацамца тайп-тайпана долу и дерриг а гIуллакхаш махкана кхераме лору поэта. Къинхетамах дуьзначу даггара боху цуьнан лирически турпалхочо:
ЭхI, маржа яI, Латта, хIун хили техьа?
Со орцах вер ву-кх, хьо дега ма дехьа…
Философски маьIна ду стихотворенин. Поэта цу тIехь дагардинарш адамийн юкъаметтигаш гойту гIуллакхаш ду: нана дIатесна йитар, дестечо мерабер човхор, доттагIчо доттагIчунна тешнабехк бар, осалчо шех тешна йоI Iехор, нахаца бенвоцуш хилар, поэта харц дешнаш яздар. ГIиллакх-оьздангаллица, адамаллица ца догIу хIуманаш ду уьш. Нахана юкъара адамаллин юкъаметтигаш талхахь, оьздангаллин ламастех адам юхадалахь, дуьненна а бохам хила тарлуш лору поэта, махке ца ладаллал кхераме лору. Атом эккхаран могIарехь далийна поэта и гIиллакх-оьздангалла талхарца доьзна хIуманаш.
Арсанукаев Шайхин уггар евзаш йолу стихотворени ю «Ненан мотт». Ненан маттах лаьцна стихотворенеш нохчийн поэташа дуккха а язйина Шайхисчул хьалха а, тIаьхьа а. Амма массарна а дагах кхеташ Шайхийнаг нисъелла. Оцу стихотворенех лаьцна халкъан яздархочо Бексултанов Мусас аьлла: «Со теша, «Ненан мотт» цIе йолчу Арсанукаевн стихотворенис дукхах болчу поэташна некъ бихкина хиларх, ненан маттах кхин дика стих язъян йиш а йоцуш».
«Ненан мотт» стихотворени, беамогIанан ворхI строфах лаьтташ а йолуш, еа гIулчан дактильца язйина ю. ХIора стихехь каталектика ю: стихехь тIаьххьара дактилан гIулч цхьаъ я шиъ дешдакъа тIеоьшуш ю. Шалза (нечетные) стихаш шена тIехь тохар доцчу цхьана дешдекъаца чекхйовлу, шаланаш (четные) тIехь тохар долчу дешдекъаца чекхйовлу. И барам ворхIе строфахь ларбина. Стихотворенин чулацам нохчийн мотт сийсазбечуьнга дечу къамелан кепехь бу. Хьалхара шина строфахь гIеххьа оьгIазвахаран интонаци ю. Цул тIаьхьа паргIатчу къамелехь нохчийн меттан башхаллаш юьйцу:
ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш,
МостагIе вистхуьлуш – ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!
Цуьнга терра ю кхидIа йолу кхо строфа а. ТIаьххьара, ворхIалгIа строфа къаьмнаша ненан меттан лерамбар а хьахош, шен маттах хаьддарг декъаза хилар, шен къомах дIакъаьстинарг, цхьалха вуьсург хилар чIагIдеш ю:
Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, – хьо цхьалха вуй!
Стихотворенехь поэзин тайп-тайпанчу гIирсех (исбаьхьа эпитеташ, даьржина дустарш, дош шена дуьхьал долчу маьIнехь далор, юхаалар, тIедерзар, вовшашца хийцалуш йолу зударийн, божарийн клаузулаш, каталектика, жIарийн рифмовка) пайдаэцна, автора шен Iалашонца догIуш долу нуьцкъала дешнаш лаха а лохуш, уьш говза вовшахтесна, чулацамца йогIуш йолу ритм а, интонаци а ялийна. И дерриге а стихотворенин чулацаман, формин исбаьхьаллин цхьаалла кхуллуш ду.
Арсанукаев Шайхин кхоллараллехь тайп-тайпана интонаци йолу стихаш ю. Церан лирически интонацино стихан маьIнийн бес-бесара агIонаш гучуйоху, ойланаш хийцаялар, кIаргъялар гойту. «Баьпкан юьхк», «Ненан мотт», «Лаьттана, сискална хастам беш даим», «Кхо бос», «Гиний шуна», «Нагахь хьан гIо оьшуш», «Варий, йоI, ма гIолахь поэте маре» – оцу стихотворенийн интонацин мукъам церан маьIна дан гIо деш бу.
Шена гонахарчу дахарца, дуьненца поэтан йолу юкъаметтигаш го вайна лирически стихашкахь. Iаламехь я адамийн дахарехь шена гуш долчо меттах боху поэтан синхаамаш, ойланаш, тIаккха кхоллало лирически произведени билггалйолчу шен интонацица. Арсанукаев Шайхин «Баьпкан юьхк» цIе йолу стихотворени иштта дIайолалуш ю:
Баьпкан юьхк Iуьллу.
Дийнна баьпкан юьхк.
Iуьллу и новкъахь,
Iуьллу дIасалелачу адамийн
когаш кIел!
Кхузахь поэтан бIаьрг тIехIоьттина лаьттахь, адамаш дIасалелачохь, когаш кIел Iуьллучу баьпкан юьхкана. Лаьттахь Iуьллу баьпкан юьхк а, и тергал ца еш, ца гуш санна, цунна тIехдуьйлу адамаш а. И сурт поэтана Iаьткъина. Цуьнан синтем байна, дог карзахдаьлла. Оцу суьрто инзарваьккхинчу поэтана карладолу хьалха хилларг, адамо хьалха лайнарг. ХIинца шена гуш дерг оцу хьалхалерчуьнца ойланехь дуьстича, кхин а чIогIа тохало поэтан дог, карзахбовлу синхаамаш, дулало аз. Иза гучудолу юхааларш далорца а, айдаран хьаьркаш хIитторца а, дуккха тIадамаш дахкарца а.
ТIехбуьйлу –
Ленинградан блокада
Цкъа а ца хилча санна.
ТIехбуьйлу –
къизачу тIеман
бIаьстенийн юьххьехь,
мокхачу арахь,
шийлачу мохо лоькхучу
эгIазчу бераша
ахдешначу лай кIелхьара
берцан кан
цкъа а ца лехьийча санна!
Кхузахь поэтан дог-ойла, синхьегам шаьш кхиарехь лакхарчу тIегIане кхаьчна. Цул тIаьхьа цецвийлар, тамаш бар лах а лой, шена гинчун хьокъехь паргIат ойлаяре волу иза. Стихотворени ерзош и шайца дIайолаелла дешнаш делахь а, хIинца церан маьIна кхин ду, иза хаало интонацехь. Хьалха айдаран хьаьрк хIоттийнчохь хIинца дуккха тIадамаш дехкина поэта:
Баьпкан юьхк Iуьллу.
Дийнна баьпкан юьхк!
Iуьллу и новкъахь.
Iуьллу дIасалелачу адамийн
Когаш кIел…
Поэта доггах кхоьллинчу исбаьхьаллин васто вайн синхаамаш а карзахбоху, дог Iовжадо, ойланашка доху.
Дукха болх бина Арсанукаев Шайхис поэзин эпически жанрашкахь а. Цо язйина поэмаш «Хан-гIала», «Захар», «Баркалла, адамаш», «Заманийн аьзнаш», «БIаьстенан юьххьехь», «Ушурмин Ших», «Харачойн Зеламха», «Къизаллин хелхар», сонетийн кочар «Адам и дуьне ду, жима планета», стихашкахь драмаш «Безаман ирзу», «Тимуран тур», стихашкахь роман «Кхолламан сизаш».
Поэтан лиро-эпически произведенеша чулоцу вайн халкъан истори а, хIинцалера зама а. Цара гIо до вайн Даймехкан хьалха дIадаханчух а, таханлерчу дийнах а кхета. «Тимуран тур» произведенин чулацаман бухе бехкинарш Нохчийчохь XIV-бIешо чекхдолучу XV-бIешо долалучу муьрехь лаьттина исторически хиламаш бу. Литературоведа Бурчаев Хьаьлима яздо: «ХIара произведени ша кхуллуш, автора шена хьалха хIоттийна Iалашо АстагI Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца Iа, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра хIетахьлера политикин а, Iер-дахаран а хьелаш, юкъараллин дIахIоттаман башхаллаш, луларчу къаьмнашца хилла юкъаметтигаш, хIетахьлерчу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам, амалш, дуьнене хьежамаш».
Билггал йолчу хенахь, 1587-1589 шерашкахь, кхочушхуьлуш бу Арсанукаев Шайхин «Ушурмин Ших» цIе йолчу драматически поэмин хиламаш а. Цу хенахь исторически хилла гIуллакхаш ду поэмин чулацамехь дерш. ХVI-чу бIешарахь нохчийн, оьрсийн вовшашца лаьттина машаре юкъаметтигаш гайтина поэми тIехь.
Арсанукаев Шайхис шен кхоллараллех лаьцначу цхьана анкети тIехь яздина: «Суна хетарехь. хIора поэта шен дуьнене, дахаре хьаьжжина ечу ойланаша билгалбоккху цуьнан кхоллараллин некъ; оцу новкъахь цо лоьху шен басарш, шен кепаш и. дI. кх. Со даима а гIиртина хIинцалерчу нохчийн стихан башхалла йовза, гIиртина нохчийн стихан таронаш талла, керла бустамаш, кепаш лаха. Сайн стихашкахь со даима а гIиртина поэтически синтаксис шоръян, керла рифмаш юкъаяло».
Ян а еана поэта а шен произведенешца нохчийн поэзи юкъа керла теманаш, идейш, жанрийн форманаш, стихан керла кепаш. 1973 шарахь араяьллачу шен «Сийна некъаш» книги тIехь Арсанукаев Шайхис нохчийн поэзехь дуьххьара юкъаялийна паргIат стих (верлибр). Поэтан «Баркалла, адамаш» (1978) цIе йолу ерриг поэма а ю паргIатчу стихашца язйина.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах лаьцна йолу Арсанукаев Шайхин «Кхолламан сизаш» роман араяьлла 1987 шарахь. Иза нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь язйна роман ю. Сулаев Мохьмада, «Кхолламан сизаш» роман зорбанехь араяьлча, яздина: «И роман нохчийн поэзин тIаьххьарчу шерийн хилла ца Iаш, цуьнан ерриге хенахь а уггаре а баккхийчарах болу кхиам бу».
Иштта кхиам хилла поэтан кхечу жанрашкахь а. Поэзин уггаре халчу жанрех ю сонет, сонетийн кочар. Арсанукаев Шайхис болх бина оцу жанрехь а. Сонетийн кочар пхийтта сонетах лаьтташ (210 могIа чулоцуш) йоккха лиро-эпически произведени ю. Иза Iаламат чолхе поэтически форма ю, леррина ларбан безаш шен алссам бехкамаш болуш. Йоккха корматалла оьшу сонетийн кочар яздан. Муьлх-муьлхха а поэт хIуттуш а вац сонетийн кочар яздан. Ерриге дуьненан литературехь хIинццалц схьа кхоьллина сонетийн кочарш 600 гергга бен дац. Оьрсийн литературехь а дац 150 гергга сонетийн кочар бен. Нохчийн поэташа хIинццалц яздина билгалдевлларш 12 сонетийн кочар ду. «Орга» журнал тIехь 2003 шарахь зорбатоьхна дара Арсанукаев Шайхин «Къонах – и лакхе ю лакхарчу даржийн» сонетийн кочар. ТIаьхьо, 2009 шарахь, «Адам и дуьне ду, жима планета» аьлла, цIе а хийцина, зорбатоьхна и сонетийн кочар авторан «Сийна гене» книги тIехь.
Ш.Арсанукаевн кхолларалла кхечу мехкашкахь а евзаш ю. Цуьнан произведенеш арайийлина балкхаройн, гуьржийн, гIазгIумкийн, гIалгIайн, жIайхойн, казахийн, немцойн, оьрсийн, полякийн, туркойн, украинийн, финнийн, хIирийн, кхечу къаьмнийн а меттанашкахь.
Арсанукаев Шайхин поэзи нохчийн къоман литературин йовра йоцу хазна ю.
АРСАНУКАЕВ Iабдулла
№91, шот, 15 август, 2015 шо