Поэтах дош

Шайхиев 1алвади, поэт:

– Арсанукаев Шайхи,  нахаца уьйр езаш а, йолуш а, ша тIе-каре а стаг вара. Цуьнца цхьаьна Яздархойн союзехь болх бан а ирс хилла сан. Иза «Орга» альманахан редактор вара. Иза волчохь хIора денна а дуккха а хьеший хуьлура: цхьаберш шайн произведенеш йохьуш, ткъа вуьйш цуьнца дар-дацар ала баьхкина. Суна цкъа а ца гира иза волчу веана стаг догдоьхна дIавоьдуш. Арсанукаев Шайхина массаьрца а карабора бийца юкъара мотт. Иштта вара иза: тешаме а, комаьрша а, догдика а. Ас дозалла а до, со воккха а вуьй кхолламо тхойшиннан некъаш цхьаьнадалийна. Тхан доттагIалла иштта деха дахдаларна.

Нохчийн литературехь Арсанукаев Шайхис Iаламат йоккха а, беркате а лар йитина. Литературоведаша хIинца а цуьнан кхоллараллин хьакъ боллу мах хадийна бац аьлла хета. Цуьнан а хир ю цхьа зама.

Иза даима новкъахь вара. Поэзин новкъахь.

Бексултанов Муса, Нохчийн Республикин халкъан яздархо:

– Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» суна авторца шеца евзира, иза ша санна, дукха кхайкхаме, гIовгIане йоцу, амма, чевнан даI санна, поэтан кийра морцу, дегIан пхенаш шелдо цIе. Суна даима а юьстахуо хетара поэт ша кху дахарна, гуш хилча а, гуш а воцуш, ша хилар а бехк а лоьруш, бехказлонна кийчча кечвелла…

Шайхи дахарехь а, поэзехь а цхьаъ вара, я дахарехь ма-варра вар-кха поэзехь а: дукха бIаьрлаваьлла, мохь а ца бетташ, «со» ву бохуш, ийъа а ца луш, цхьанаэшшарехь долчу боларца, некъах бехк хеташ санна, нацкъара вогIу некъахо, шел сихачарна некъ дIа луш, юха царел хьалха а вуьйлуш..».

Бурчаев Хьаьлим, литературин критик:

– Дешнашкахь соввийлар доцуш, шен кIеда-мерзачу амалца, кIорггера чулацам болчу шен дуьнене хьежамашца, ойланийн аьхналлица, оьздачу гIиллакхашца кху дуьненахь чекхваьллачу Арсанукаев Шайхис дахаран масал а дити вайна, шел тIаьхьабисначарна а, тIебогIуболчарна а. Шен дагахь дерг а, багахь дерг а цхьаъ долчу къонахех вара иза. Иза цхьаьнгга а харцлийна  я цо цхьаьнца дарж къийсина а меттиг яц вайна тосаелла. Даккхий хабарш дийцар, деза дешнаш кхийсар, хьехамаш я кхайкхамаш бар а дацара цуьнан Iер-дахарехь а, кхоллараллехь а. Ша лайнарш далхош, леткъамаш бар а дацара. Кхузахь я кхечанхьа шегара осала хIума далийтина а вацара. ХIокху доккхачу дуьненахь цхьана а адамна новкъарло ша ярх ларвелла стаг а вара Шайхи. Цундела ю Арсанукаев Шайхин лирикин турпалхочун ойланаш, ламанан шовда санна, сирла – цIена, мокхазан тарх санна, собаре – онда, бакъдерг санна, сацам болуш – аьхна.

Джамбеков ШаIрани, филологин Iилманийн кандидат:

 – Цкъа хьан поэзин коьрта тема хIун ю аьлла, шега хаьттича, шеха-а, доIанна айдеш санна, куьйгаш хьала а айъина, Шайхис жоп делира: «Адаман а, хIокху дерриге дуьненан а хазалла ю-кха…», – аьлла.

Шайхис шен поэзин коьрта кхо турпалхо лорура: царалахь хьалхара а, коьртаниг а – Адам; шолгIа турпалхо – и Адам тIехь деха Латта: ткъа кхоалгIаниг – и Адам деха Зама…

Дуьне доладелчахьана адам гуттар а гIиртина шен синхаамийн духе кхиа. Шен стихашкахь Шайхи а гIерта адамашна еккъа-цIена шен дог-ойла, шен синхаамаш бовзийтина а ца Iаш, вайн къоман синхаамаш гайта а, цуьнан дуьне довзаран шен башха некъашна тIаьхьакхиа а.

 №91, шот, 15 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: