…Шен пхи шо долуш хилла цхьа хIума дагара ца долура цунна. Цу дийнахь да, нана базара даханера, бераш шаьш чохь дитина. КIантана Къуръан деша Iамийнера дас. ХIара, Ахьмад, цу дийнахь коре а хиъна къаьхьа воьлхуш вара, Къуръана тIера цхьа аят дицделла, хIуъа а дича а иза дага ца дарна чIогIа халахетта. Цу хенахь цIенна уллехула тIехйолуш йолчу дейишина хезира иза. Коре а еана, цо хаьттира: «Хьуна хIун хилла? Хьо хIунда воьлху», – аьлла. Ткъа кIанта шена Къуръана тIера аят дага ца догIу аьлча, ела а елла, дейишас дийхира: «Къуръан, коре схьадал, децас хьоьхур-м дера ду…»
И де, бераллера де, даиманна а иэсехь дисинера Ахьмадна. Цул тIаьхьара шераш хIокхо дешар, Iилма Iамош дIадахара. Дийнахь школехь доьшура. Цигахь дика дешархо ву, хезнарг схьалоцуш ву, цIокъболато эчиг санна, аьлла, цIеяхна вара. Суьйренашца девашас Къуръан Iамадора.
Советийн Iедало магош дацара дин Iамор. Цундела къайлах Iамо дезаш дара бусалба дин. Бусалба Iилма хьехар, Iамор дихкина хиларна дахарехь кхин некъ харжа дийзира Ахьмадан, бераллехь дуьйна бусалба Iилма Iамо вуно чIогIа лууш хиллехь а. Цундела лиъна хилла хир дар-кха цунна, цкъа хьалха шофер, юха агроном хила. школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа юьртабахаман институте деша ваха вуьйлира иза. Делахь а, шен дас и лаам къобалбеш боций хиъча, цига ца вахара.
ТIаьхьуо, Ахьмад меттигерчу совхозехь комбайнеран болх беш волчу хенахь, Дала цIеххьана хийцира кхуьнан кхоллам. Везахинволчо, Ахьмадан нийят кхочушдеш, цунна таро елира цкъа хьалха Бухарарчу хьуьжарехь, цул тIаьхьа Ташкентерчу исламан институтехь деша. Хьуьжарехь ворхI шарахь деша дезаш дара. Делахь а, девашас дика Iамийна хилар бахьанехь а, хIара деша боккха лаам болуш хилар бахьанехь а шина шарахь Iамо дезаш дерг цхьана шарахь Iамадора Ахьмада, хьехархой дикка цец а бохуш.
Цу шерашкахь КадыровгIеран доьзал, нохчийн дукхах болу доьзалш а санна, хьал-бахам болуш бацара. Ахьмадан шен доьзал а болабеллера цу хенахь. Цул сов дена-нанна гIо дан а дезара. Амма, цу хенахь ткъе ткъаесна шо кхаьчначу кIанта шен дега хаийтира ша исламан дин кхидIа а Iамо лууш хилар. Дас къобалбира кIентан лаам. Цунна чIогIа хазахетара кIант Iилма Iаморна оццул тIера хилар.
ТIаккха Ахьмад-Хьаьжа Иорданерчу исламан университетан шариIатан факультете деша вахара. Иза шариIатан говзанча-юрист хила Iемаш вара. Амма дахаро шен хийцамаш юкъабеара хIокхо дан лийрина хиллачунна…
ДIадаханчу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь цуьнан синна, дагна хьоме йолчу Нана-Нохчийчохь вайна хIинца бевзаш болу политически хиламаш, кегари буьйлабелира. Иорданехь чIогIа кхераме хезара уьш. Иза цIаван сихвелира. Цо сагатдора шен халкъан, доьзалан, гергарчеран кхолламна.
Делахь а иза ванне а лууш вацара политически цхьана а хиламашкахь дакъалаца. Ахьмад кхетара иза шен гIуллакх цахиларх. Цундела иза дуьненан хIумнашна юкъа ца гIерташ, цIенна бусалба динна тIевирзина Iийра 1992-чу шарахь.
…Цунна дагахь лаьттара шен пхи шо долуш, Къуръана тIера аят дага ца догIу бохуш ша Iенийна бIаьрхиш. Деккъа цхьа бусалба дин дара цуьнан ойла тIехь лаьтташ. Иза Iамо а, хьеха а лаьара цунна. Кхин хIумма а ца лаьара. Кхин хIумма а цуьнга дан а ца лора.
Ахьмадна гора ЦIоьнтарара (Хоси-Юьртара) а, гонахарчу ярташкара а кхиазхой, деш хIума доцуш, эрна хан йойъуш Iаш хилар. Цундела цунна чIогIа лиира царна шен хаарш, дуьнене болу хьежамаш, Iилма дIадовзийта. Иза тешна вара бусалба динан цIенчу некъа тIехIиттина кегийрхой оцу некъа тIера цкъа а дIабевриг цахиларх, цара шайн доьзалшна а, халкъана а боккха пайда бийриг хиларх. Цо и кегийрхой шена гонаха гулбаран, царна бусалба дин хьехаран гIуллакх дIадолийра. Юьхьанца Хоси-Юьртахь, тIаккха Курчалойн-Эвлахь, Гуьмсехь, кхечанхьа. Ахьмад-Хьаьжас хIетахь дIадолийна беркате гIуллакх тахана а беркате стом луш ду.
… Корехь хиъна Iара пхи шо кхаьчна бер, бIаьрхиш а лиэшош. Цунна Къуръана тIера аят дицделлера. Цул доккха вуон дацара цуьнга дан. И воьлхура. Ийманан зIийдиг кIентан даг чохь чIагIъеш лиэшара бIаьрхиш.
«Халкъана дIаделла дахар» журнала тIера.
№91, шот, 15 август, 2015 шо