«Терка тIера Дона тIе кхаччалц»

Иштта цIе йолуш яра кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнан кхеташонийн чоьнехь дIаяьхьна йолу регионашна юкъара шолгIа конференци.IMG_2371

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос Нохчийчоьнан культурин министерствон а, Шелковски муниципальни районан администрацин а гIоьнца. Къаьмнийн барт ларбаран а, доттагIаллин уьйраш чIагIъяран а Iалашонца бан безачу балхах дерг дийцаре даран 1алашонца вовшахтоьхна яра конференци.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин Журналистийн союзан председатель Хатуев Ислам, Теркан гIалагIазакхийн эскаран юкъараллин атаман Журавский Александр, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а,  юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван, Теркан гIалагIазакхийн полковник Федосов Петр, Нохчийн республикин Парламентан депутаташ, журналисташ, кхиберш.

Цигахь боккха тидам т1ебахийтира  Россехь гIалагIазакхийн юкъаралла меттахIоттийна 25 шо кхаьчна хиларна.

Шен къамелехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата билгалдаьккхира х1окху тайпанчу цхьаьнакхетарша вайна а, гIалагIазакхашна а юкъара доттагIаллин уьйраш чIагIйийриг хилар.

Иза  вайна чIогIа мехала хIума ду, бохура Д.Умаровс.

Цо аьлларг тIе а чIагIдеш, цигахь  къамелаш дира конференцин кхечу дакъалацархоша. Цара дийцарехь кест-кеста хир ю оцу тайпана конференцеш.

И. МАТАГОВ

Авторан сурт

№91, шот, 15 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: