Адамашна йовхо массо хIуманал а чIогIа оьшу, цунах йоьзна хуьлу могашалла а. Хьалха заманчохь хьуьнах оьхуш, даго дечиг доккхуш, Iаьнах бовлуш хилла нах. Ткъа таханлерчу дийнахь вайна Дала массо а агIор делла ниIматаш ду. Дечиге эха ца веза, мехкадаьттан чиркхаш лето ца деза, тIе пIелг таIийчахьана серло а, йовхо а хуьлу. Иштта нехан х1усамашкахь, яккхийчу гIишлошкахь, махлелоран комплексашкахь, больницашкахь, пачхьалкхан учрежденешкахь, кхийолчу меттигашкахь йовхо латточарех ю йовхонан-энергетикин оборудовани еш йолу «Теплостройпроект-С» завод.
«Теплостройпроект-С» компани болх беш ю 1994-чу шарахь дуьйна. Нохчийн Республикин ТIехьа-Мартан районан Валаргт1ахь ю цуьнан коьрта офис а, лаккхарчу технологийн (высокотехнологически) гIирсаш беш йолу тайп-тайпана хьашташ кхочушден (многопрофильни) завод а.
Таханлерчу дийнахь «Теплостройпроект-С» энергетикин а, йовхоларъяран а гIирсаш барехула Къилбаседа Кавказехь хилла ца Iаш, Россехь а уггаре яккхийчарех фирма ю. Заводо арахоьцу гIирсаш дуккха а дипломаш а, совгIаташ а даьхна бу. «Россин 100 дика товар» диплом а ду царна юкъахь. Белхан зеделларг хиларна, лаккхарчу дикаллица болх беш схьабогIу заводан белхалой. 150 сов стаг ву цигахь болх беш.
«Теплостройпроект-С» заводан шен векалш бу Россехь, Казахстанехь, Германехь. Г1араевллачу Mitsubishi, Thermax, Weichai Power компанешца цхьаьна къахьоьгуш ю вайн завод. Цунна вовшахтухуш болу гIирсаш латтош ю дуьненахь евзаш йолу компанеш: Ecoflam, Weishaupt, CIB unigas, Grundfos, Wilo, Arcotherm, Sperone, Wester Hearting, Lowara, Rehau, Global, Dab, Broen.
Нохчийчоь йохийначу хенахь, халачу хьелашкахь, къар ца луш болх биначарех ву «Теплостройпроект-С» компанин коьрта директор Масаев Ризван. ТIамо йохийна Нохчийчуьра гIаланаш, ярташ тоеш 70 процент гергга котельнеш кхуьнан заводо йина.
Завод дуьххьара болх бан муха йолаелла дуьйцу «Теплостройпроект-С» ООО-н коьртачу директоран хьалхарчу заместитела, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхочо Умалатов Саламус: «Масаев Ризван болх бан волавелла жима цех йиллина, йовхо лун яйнаш, кхийолу кега-мерса хIуманаш еш. Де-дийне мел долу белхан хьелаш тодеш, кхечу регионашкарчу компанешца гергарло лелош, таханлерчу дийне схьавеана. Белхалошца нийсо лелош, харцо езаш воцуш бакъхьа стаг ву иза. Завод йичхьана, маьхза (саг1ийна) делкъе йойту цо. Балхара 50 герга стаг шен чоьтах ХьаьжцIа вахийтина Ризвана».
Заводан куьйгаллина шайн балха тIехь коьрта хетарг чIагIо а, кхерамазалла а ю. Хийцалуш схьайогIучу технологешна герга хилархьама а, шайн г1ирсаш оьцучарна гIолехь дерг харжархьама а Россин, Европин институташца а, компанешца а юххера зIенаш латтайо заводо. Компанин Iалашонца догIуш а ду иза: белхан накъосташна герга хилар, пайдаэцархойн хьашташ лаккхарчу т1ег1анехь кхочушдар. Европехь зеделлачунна тIе а тийжаш, дIахьо заводо шен болх: технологин г1ирсех, говзанчех производствона уггаре дика пайда хир болу агIо ларъеш.
Шайн продукци лаккхара дикалла йолуш хилийта, дуьненахь уггаре а тIаьхьа арахецна йолу коьчалш лелайо заводо. Коьртачу цеха чохь йолу оборудовани Европера ю. Цу юкъахь ю: плазмица эчиг хадориг, эчиг саттош ерг (листогибы), «гильотина», и.дI.кх. Иштта кхийолу коьчалш а дикачех ерш бен ца хуьлу. Бевзаш болчу производительшкара оьцу уьш: «Северсталь» ОАО, «Челябинский металургический комбинат» ОАО. Ерриге а Россехь, кхечу пачхьалкхашкахь бина белхан барташ бу кхеран, уьш берриге а билгалйинчу хенахь кхочуш а бо.
Таханлерчу дийнахь «Теплостройпроект-С» компанис 500 сов автоматизированни, транспортабельни, блочно-модульни, стационарни котельнеш, йовхонан-электростанцеш (Мини-ТЭС) хIиттийна промышленностан а, х1усамийн-коммунальни бахаман а объекташна.
Карарчу хенахь болх беш производствон 3 цех ю заводехь, тIейогIучу хенахь генераторан установкаш вовшахтосуш йолу цех ю схьаелла езаш. Цу тайпа йоккха завод вайн республикехь хилар доккха совгIат ду вайн махкахошна.
АВХАДОВА Хьава
№91, шот, 15 август, 2015 шо