ГIиллакхах лаьцна хаддаза дуьйцуш, бохуш, яздеш ду вай… Амма наха иза шайн леларехь, дахарехь пайдаоьцуш дIаэцна ала схьагуш долу сурт, дог лозуш ала дезахь а, ледара ду.
Вайн культура, гIиллакх юкъараллехь, адам гуллучохь: базарахь, музейхь, театрехь, библиотекехь, юкъараллин транспорта чохь, гIалин урамашкахь, паркашкахь къаьста вайна, иза мел ду а, хьаьнгахь ду а.
Культурин тIегIа адаман оьздангалле хьаьжжина бен хуьлийла дац. Дуьненаюкъара дош ду «культура», ингалсан маттера нохчийн матте даьккхича, цуьнан маьIне «асар дар» бохург ду.
«Асар» шен амалшна, леларна, боларна, маттана деш ду, товш дерг кхиош, доцург гуттаренна а орамца бухадоккхуш.
13-чу ноябрехь Х.Нурадиловн цIарахчу театрехь халкъана езаш йолу «Бож-Iела» спектакль яра. Белхан а, цIеран а гIуллакхийн сихалла, культурин дахарх мелла а дIахердина тхо, дукха чIогIа сатесна дахнера цига. Вайна ма-гарра, театран гIишло юхаметтахIоттийна, арахьара а, чоьхьара а сурт хийцаделла, хаза гуш ю. Кхин хIумма а ца хилча а тоьар ду «Нохчийн къоман театр» аьлла баьрччехь язйина цIе а, цунна гуонаха схьаго нохчийн къоман бустамаш а. Зал, сцена, интерьер, холл – уьш вайн заманахь уггаре а тоьллачу театрехь ма-хиллара, юьхькIам болуш ду.
Спектакль сарахь пхи сахьт даьлча йолалуш ю. Амма нах шен хеннахь ца богIу, ах зал хиллал адамаш тIаьхьа дисина. ХIун дийр ду тIаккха, Советан Iедалан 70 шо заманахь а ца Iамадели вай-м шен хенначохь схьадахка а я рогIехь (очередь) латта а аьлла, башха цец а ца елира со-м. Юха, йолало спектакль…
Хьовсархой дIасалела, неIарш етта, телефонаш ю юккъехула екаш, цхьаберш арабуьйлу, вуьйш чу богIу, телевиденин камерш ю дIахIиттийна, театран 83-гIа сезон «Бож-Iела» спектакль гайтарца йолош а хиларна, цул сов, гIарабевлла бевзаш болу актераш, шаьш дуьххьара ма-хиллара цхьаьнакхетта гойтуш а хиларна, спектаклан съемкаш вайн культурин бахам санна, тIаьхьалонна, архивана дIайилла а оьшуш а хиларна.
Вайна пусар дан хаахь театр ю, спектакль ю, актераш бу.
Делахь а, цхьаболу хьовсархой кийча бац, Iемина бац театран кхерчахь лела.
Цигахь студенташ, дешархой бара алссам, хьовсархошна юкъахь, ах зал дIалаьцна, хевшина Iаш баккхийнаш а бара.
ГIиллакхаш дуьйцу вай, амма иза девза хIаваэхула дIадоьдучу кеманан гIовгIа санна тIехдолу вайна.
Вайн леларехь схьаоьцуш, лелош дацахь, цунах хIун до нахана къахьдаллалц иза дийцина а. Вайн кегийрхошна хьоьхуш долу гIиллакхаш уьш цхьана «юкъарчу лекцин» хьесапехь бен дац. Масала, массарна а хаьа шаьш тезета баха безий, амма оцу тезетан гIиллакхаш ца девза. Иштта концертни залехь, театран кхерчахь лело деза гIиллакхаш а хаа ма деза. Мах белла билет а эцна, тIе деза духар а, кара цIен мах белла телефон а эцна, театре дIакхачарх я культура лакха а ца йолу, я оьздангалла тIе а ца кхета.
ХIун ду цигахь хаа дезарг? Цкъа-делахь, театрана чоьхьаволуш, неIарехь лаьттачийн суьйре дика яр, шолгIа-делахь, шена тIера кетар, куртка бедарш дIаухкучохь (гардеробни) дIаохкар, тIаккха шех новкъарло хиларна ларлуш, меллаша шен метта охьахаар, цул тIаьхьа телефон дIаяйар я гIовгIа дIаяккхар. Уггаре а йоккха ледарло хIун ю? Иза вайн ерриге а бохург санна театрашкахь хьовсархоша кест-кеста йолуьйтуш ю – спектакль я концерт дIайоьдуш а йолуш, хьалагIоттий, гIентийн могIаршна юккъехула дIасалелар. Муха? Хиъна Iачарна букъ а тухий! Иза доккха сакхт а, доккха эхь а ду… Ца ваьлла я ца яьлла араваладезнарг охьахевшинчу нахана юьхь-дуьхьал тIевирзина вала веза могIаршна юккъехула дIа. Цул тIаьхьа, охьатаьIна, нахана дуьхьлара сурт лардеш ваха веза неIарехьа. Спектакль дIайоьдучу хенахь телефонаш чухула къамелаш до я синкъерамехь санна комментареш йо сцени тIехь хуьлучун. Иза дIадаьлча, хIинца-м кхидIа, нахах тарделла гIовгIа-тата доцуш Iийр дара аьлла хеттачу хенахь, балкон тIехь, мичара йовлу а ца хууш, охьакхеттачу я ведаран, я швабрин гIовгIа йолу…
Сцени тIехь шайна вевза актер гучуваьлча маьхьарий, хабарш дуьйлало зал чохь.
Спектакль шина декъехь ю, антракт дIаяьлча, юха а тIаьхьабуьсий чубогIу хьовсархой. Спектакль дIайолу… Сцени тIера даккхий, цIен кирхьанаш тIетотту. Юха а, сцена гучуйолу, театран труппа шен хьовсархошна дуьхьал хIотта нисъелла, могIа тобина дIахIутту. Ткъа зал… актерашна ах зал яьсса го. Иштта собар а, баркалла а доцуш бевдда дIабаханчу хьовсархойн деса гIенташ го артисташна. Хаза дац иза!.. Театрехь, пхьоьханехь а тIе куьзга лаьцча санна схьаго вайн культура. Дас-нанас доьзалехь, юха берийн бешахь, школехь, институтехь хьеха деза юкъараллехь лело деза гIиллакхаш, бехкамаш. Вайна, баккхийчарна гуонахара хIума бен-башха доцуш хетахь, вайн бала ца кхачаре терра, нахана юкъахь лела ца хууш хьалакхуьур бу вайн кегийрхой. Уьш чехо ца беза, Iамо беза.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА