Нохчийчоьнан Куьйгалхочо «Ламан аз» команда декъалйира

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана «Ламан аз» футболан команда декъалйира кхоазлагIа Россин чемпион хиларца доьзна.

«Россин чемпионаш хиларца ас даггара декъалбо «Ламан аз» командин футболисташ а, иштта уьш оцу толаме кхачийна болу церан тренерш а. Къаьсттина баркалла ала луур дара «Ламан аз» региональни-юкъараллин организацин председательна Динаев Iадланна. Хууш ма-хиллара, цо и команда вовшах а тоьхна, тахана вайна гуш болчу кхиамашка кхачийна. Тешна ву цу тайппана толамаш футболисташа кхул т1аьхьа а бохург хиларх», – элира регионан Куьйгалхочо.

Цул тIаьхьа цо д1ахаийтира командина оьшучу хIуманна тIехь ша гIо дийриг хилар.

Волжск гIалахь дIаяьхьна  Россехь хьалхеяккхаран чемпионат шина гуонах лаьтташ яра. Нохчийн Республикера «Ламан аз» заьIапхойн команда, Москва гIалара а, Нижни Новгородера а, Владикавказера а, Волгоградера а, Барнаулера а тоьллачех йолу командаш эшорца Россин чемпион хилира.

Билгалдаккха догIу вайн заьIапхойн команда 2013, 2014-чуй шерашкахь а Россин чемпион хилла хилар.

А.АБДУЛАЕВ

 №91, шот, 15 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: