Кху деношкахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан куьйгалла деш а волуш, дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира бахархошкара хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх догIуш долу ахча схьагулдар.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада, Нохчийчоьнан Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис, Нохчийн Республикин экономикин, юкъараллин кхерамазаллин советан секретара Усмаев Вахита, кхечара.
Цхьаьнакхетар дIадолош, Р.Кадыровс билгалдаьккхира газах а, электроэнергех а регионна хьалха хIиттош долу декхарш цхьа а бух боцуш хилар. Цо тIедиллира и гIуллакх йоццачу хенахь къастор.
– Республикехь налогаш схьагулъяр лакхарчу тIегIанехь делахь а, газ а, электричество а латтош йолчу компанешна хьалха долчу вайн декхаран барам хIора шарахь лакхаболуш бу. Иза нийса дац. Хууш ду цара вайгара догIуш доцу ахчанаш доьхуш хилар. Кехаташ тIе хьаьжча гуш ду дIадаханчу эхашарахь газах долу декхар 5,3 млрд. соьмана хьаладаьлла хилар, ткъа токах дерг – 605 миллионна. Цу тIехь вай лерина белхаш бан беза, гуттаренна а йолчу ханна и гIуллакх къасто деза, – бохура регионан Куьйгалхочо.
Цул сов, Р.Кадыровс тIетуьйхира бахархошкара налогаш схьагулъяр хаддазчу тидамехь латто дезаш, республикин экономикина мехала гIуллакх хилар.
– Газаца а, хица а, токаца а дика кхачо яр наха ахча схьадаларца доьзна ду. Вайн республикин бахархой кхето беза цунах. ТIаьхьарчу шерашкахь налогаш схьагулъяран белхаш жигарабаьхна вай. Вай мал а ца луш, кхин а алсамдаккха деза къахьегар, – бохура Р.Кадыровс.
Р.РАМЗАНОВ
№91, шот, 15 август, 2015 шо