Лакхаяккха еза журналистийн белхан эвсаралла

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата Радион цIийнехь республикерчу журналисташца кхеташо дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу граждански юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонаш ларъяран а Кхеташонан председатель Алиев Тимур, иштта Нохчийн Республикин  прокуратурин а, ГИБДД-н а, министерствийн, ведомствийн пресс-службийн векалш.

Министерствон зорбанан, хаамийн департаментан директора Хатуев Ислама довзийтира дийцаре дан лерина гIуллакхаш. Уьш дара: пачхьалкхан хаамийн политикин эвсаралла лакхаяккхар, мехала болу хаамаш бахархошка дIакхачорехь регионан шуьйрачу хаамийн гIирсаша, пресс-службаша цхьаьна гIуллакхаш дар, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а, интернетан зIенашкахь а баржочу харцхаамашна дуьхьало яр.

И.Хатуевс дийцира  вайна юкъахь шуьйра яьржинчу WhatsApp мессенджерехь шуьйрачу хаамийн а, пресс-службийн а векалш юкъахь а болуш, леррина йолу тоба кхоьллича дика хирг хиларх. Цо гIо дийр ду белхан эвсаралла лакхаяккхарна.

Алиев Тимура шен къамелехь билгалдаьккхира таханлера цхьаьнакхетар граждански юкъаралла кхиорна мехала хилар.

Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хиллачу цхьаьнакхетарехь регионехь хуьлуш долчух бакъ болу хаамаш бахархошка дIакхачорехь деш долу гIуллакхаш цхьаьна дар мехала хирг хиларх лаьцна къамел хилла хилар хаийтира Умаров Джамбулата.

– Тахана республикехь долу хьал пачхьалкхан хаамийн цхьааллин политикин гурашкахь вовшашца йолу зIенаш чIагIъян езаш ду. Вовшех дагадовлар, гIо-накъосталла дар, вовшех кхеташ хилар ду вайна мехала, – бохура цо.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо тIедиллина, вайн регионерчу министерствийн, ведомствийн, нуьцкъаллин блокан куьйгалхой схьа а гулбина, Нохчийчохь некъан боламехь хуьлуш болчу бохамашкахь нах кхалхар лахдан некъаш лахар.

Карарчу шарахь некъан боламехь хуьлуш болчу бохамашкахь 106 стаг кхелхина вайн республикехь. Царна юкъахь зударий, бераш, кегийрхой бу. Массара а латто беза оцу бохамашна дуьхьал къийсам. Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула дIагойтуш хила деза ишттачу бохамех довлуш долу зуламаш, журналистийн юкъаралло церан таллам бан а беза», – бохура министра.

Юкъараллехь даржош долчу эладиттанех лаьцна а дийцира Д.Умаровс:

– Харц хабарш даржорах даккхий зуламаш довлу, тIаьхьарчу хенахь къаьсттина даьржина а ду уьш. Оцу хабарша доьзална, къаьмнийн барт бохабо, стеган сий дойъу, цундела цунна дуьхьал а болх бан беза вай.

Цхьаьнакхетар дерзош, министра юха а билгалдаьккхира болх массара а вовшашца зIе, уьйр латтош бан безаш хилар.

Р.РУСЛАНОВ

 №91, шот, 15 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: