Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствехь схьайиллира Регионийн юкъара махлелоран-экономикин форум.
Московски областерчу предпринимателийн а, махлелоран-промышленни палатин векалийн а белхан визитан гурашкахь дIахьош яра форум. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин махлелоран-промышленни палато Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствоца цхьаьна.
Форум дIайолош къамел динчу Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министран заместитела Бисаев Iийсас, хьешашка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, билгалдаьккхира хIара цхьаьнакхетар мехала хилар. Иштта цо дийцира вайн регионехь экономика кхиорах а, тIаьхьарчу масех шарахь Нохчийчоьнан экономикина юкъа инвестицеш ялорах а лаьцна.
– Республикин куьйгалла регионехь экономика кхиорна оьшуш долу хьелаш дерриге а кхуллуш ду. Бизнес кхио таронаш совъяха нормативни-бакъонан бух а кхоьллина. Предпринимательство лелорна аьтто баран Iалашонца тIеэцна цхьамог1а законаш, – бохура цо.
Цул сов, I.Бисаевс билгалдаьккхира республикин Правительствос 200 миллиард соьмана 57 инвестицин проект кхоьллина хилар а, уьш кхочушйича 15 эзар белхан меттиг хирг хилар а.
Подмосковьерчу а, Къилбаседа Кавказерчу а предпринимательша, вовшах дага а довлуш, гIуллакхаш даро белхан эвсаралла лакхайоккхург хилар а, Россин бахархойн Iер-дахаран хьелаш тодийриг хилар а билгалдаккхира Московски областерчу предпринимателийн бакъонашларъяран векалан заместитела Пак Сидора.
Цхьаьна гIуллакхаш дар мехала хирг хиларх лаьцна къамелаш дира кхечу дакъалацархоша.
Циггахь Московски областан а, Нохчийн Республикин а махлелоран-промышленни палаташа барт бира цхьаьна гIуллакхаш дан.
Р.МУСИПОВ
Авторан сурт
№91, шот, 15 август, 2015 шо