ХIокху тIаьхьарчу ткъех шарахь нохчийн халкъана кочатесна тIом сацорехь а, цо йина чевнаш дIаерзорехь а жигара дакъалаьцначарна юккъехь бара республикин кегийрхой. Оцу баланан халонаш а, бохамаш а шайн дегIаца а, сица а лайна, цунах кхетарца дIахIиттира уьш тIамо йохийна гIаланаш, ярташ, предприятеш, культурин а, дешаран а, могашалла Iалашъяран а учрежденеш меттахIитточеран могIаршка. Цара оцу гIуллакхехь шайгара гайтира къонахалла, юхацадовлар, доьналла, вайн даймохк шайна безар. Карарчу хенахь а хьалха бу уьш дешарехь, спортехь, дин лелорехь, мохк ларбарехь, тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиоран мехала декхар кхочушдарехь.
Цундела царна чIог1а реза ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цунна тоьшалла деш ду цо социальни сеташкахь йолчу шен агIонаш тIе тоьхна долу декъалдар. Кегийрхойн дуьненаюкъарчу денца цо декъалбо республикин бахархой.
«Дуьненахь а уггаре къона бахархой бу вайн! Массо а шен сица къона ву, цхьанна а ца хета ша къена . Цундела сан дерриге а бахьанаш ду Кегийрхойн дуьненаюкъарчу денца Нохчийчоьнан берриге а бахархой декъалбан», – яздина Р.Кадыровс.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс хаийтира вайн кегийрхошна ша резахилар а, царех ша дозалла дар а.
«Нохчийн Республикехь башха кегийрхой бу, уьш Нохчийчоьно дина ца Iаш, ерриге а Россис а дозалла дан хьакъ бу. Республикера кегий нах а, мехкарий а дика доьшуш а, болх беш а, спортехь дакъалоцуш а, шайн Даймохк – Росси дукхаезаш а, цунна чIогIа муьтIахь а бу», – яздо Р.Кадыровс.
«Вай башха хьелаш кхуллу Соьжа-ГIала а, Нохчийчоь а Россин къилбехь кегийрхойн кхузаманахьлерчу туьше ерзорна! ХIинца вайн тIехдика таронаш ю Россин а, дуьненан а тIегIанехь кегийрхойн даккхий гIуллакхаш дIадахьа. Сан доттагIий, ас даггара боху, шух дозалла до ас! Шун массеран а ондда могашалла а, аьтто а, кхиамаш а хуьлийла лаьа суна», – боху республикин Куьйгалхочо шен декъалдарехь.
№91, шот, 15 август, 2015 шо