Советийн заманахь дуьйна вайн махкарчу тоьллачу культурин кхерчашна юкъахь цIе йоккхуш ду Хьалха-Мартан кIоштара Культурин цIа. Масийтта тоба ю цигахь искусство езачу кегийрхоша тайп-тайпана говзаллаш караерзош. Дукха жимчохь еара кхуза эшарш лакха Iама луучу ойланца Атиева Линда. Хетарехь, пхи шо кхаьчна хир яцара иза мукъамийн хьаьрмица шен дахар дузуш. Юьхьанца «Полларчий» цIе йолчу берийн вокальни тобанца яра Линда. Цу тобанна юкъахь хIетахь а, хIинца а дукха кегий йоIарий бу, мукъамийн исбаьхьа къайленаш йовза лууш вовшахкхетта. Сцени тIехь дуьххьара гIулчаш яха, аз дIахIотто, цунна тIехь урхалла дан Iамабо «Полларчий» тобанна юкъара мехкарий. Линда хIинца мелла а йоккха хилла, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолчу белхахочо Янгульбаева Розас Iуналла дечу «Мартанан аз» цIе йолчу тобане дехьаяьлла. Хьалха-Мартан кIоштахь дIа мел хьочу мероприятешкахь дакъалоцуш ю и тоба. Iаламат езаш тIеоьцу кIоштан бахархоша цара дIалокху эшарш. Атиева Линда мелла а къаьсташ ю нийсархошна юкъахь нуьцкъала аз хиларца, йиш лакхаран говзалла хиларца. КIезиг яц цуьнан репертуарехь ша цхьамма дIалокху эшарш. Къаьсттина дика нисло цуьнан халкъан эшарш дIалакхар. Уьш цунна дукхаеза. ЛадогIархоша Iаламат езаш тIеоьцу. Дала декъалйойла иза, РСФСР-н халкъан артистка хиллачу Айдамирова Мареман а Дала цуьнан хан яхйойла РФ-н хьакъйолчу артисткин Айдамирова Айманин а репертуарера эшарш кхиамца дIалокху йоIа. Цуьнан жималле хьаьжча бIаьрла кхиам бу иза. Атиева Линда Хьалха-МартантIерчу №5 йолчу школин 9-чу классин дешархо бен яц. Делахь а, Дала деллачу похIмано республикехь йовзийтина цуьнан цIе. Вайн дегнаш дозаллех дузу и тайпа говза йоIарий вайн махкахь алссам хиларх. Кхиамийн зIаьнаршлахь ехийла хьо нохчийн къона йоI Атиева Линда, хьайн зевнечу озаца тхан лерса хьоьстуш.
ГАЗИЕВА Аза
№92, шинара, 18 август, 2015 шо