Карарчу хенахь халкъийн динийн юкъаметтигаш Кавказ талларан декъехь Iилманан талламийн чIогIа мехала проблема хилла дIахIуттуш ю. Цуьнца доьзна къаьсттина маьIна долуш хилла дIахIуттуш ду Къилбаседа Кавказехь суфийн тарикъатан ламасташ Iамор.
Тхан Iалашо яц Iилманан хилла ца Iаш, ткъа иштта практически а маьIна долчу дерриг а гIуллакхашна анализ яр, оха дуьххьалдIа сацамбина нохчийн суфизмехь зударша лелочу маьIнина тидам тIебахийта.
Кавказехь йолу суфизм талларна пайдехь материалаш ло оьрсийн географически юкъараллин Кавказан отделенин (1851-чу шарера дуьйна) Кавказан Археологически комиссин (1864-чу шарера дуьйна), революци хилале хьалха шен-шен хенахь арайовлуш кхечу а изданешкахь санна, ткъа иштта советски хенан – масала, «Революци а, ламанхо а» (1928-чу шарера дуьйна, Дона тIера Ростов), кхечу а изданешкахь а зорбатоьхначу материалаша. ХIара материал аренашкахь талламбаран а, авторна шена гинчун а, зийначун а буха тIехь кечйина ю.
Ламанхошна юкъахь шуьйра яьржина ю мистицизм. Цуьнан исторически а, социально-политически а хьостанаш а, ткъа иштта цуьнан тайпанаш а, кхиоран некъаш а дикка Iамийна идеологически санна, иштта материалистически а хьежамийн векалша. Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а даьржина ду девзаш долчу шина тарикъатан генаш – къадарийн а, накъашбандин а. Къадарийн тарикъат бусалбанийн дуьненахь уггаре а даьржина тарикъат ду. ХIХ-чу бIешеран 50–60-чуй шерашкахь Кавказехь цуьнан кхетам баржийра шайха Кунта-Хьаьжас. Цо ца магош духадеттара ницкъ бар, тIемаш, оьгIазалла, кураллаш. И бахьана долуш иза ца везара имам Шемална, цунах кхера а кхоьрура иза. Амма Шемалан болам эшна кIелбисар хала лайначу халкъо ладуьйгIира шайхе. Кунта-Хьаьжа къечарна а, мискачарна а гIо даре кхойкхуш а, тIех хьал долуш хилар, куралла бехкееш а, ойла йоьхна болчарна Делан эхартах тешар, нийсоне дегайовхо хиларца Далла гIуллакх даре, оьзда хиларе кхойкхуш а хилла хиларна муххале а.
Кунта-Хьаьжин хьехамашкахь коьрта яра ницкъ ца баран принцип. Россин талламхочо К.П.Борусевича, юкъ-кара, билгалдаьккхира Кунта-Хьаьжин вирдехь берш «муьтIахь хиларан, делах тешаран, оьгIазалла йоцуш» амал йолуш хилар. «Цара томка ца узу, малар ца муьйлу, къийсамех а, девнех а къехка, герзан меттана пайдаоьцу гIожах». Кунта-Хьаьжа чIир екхарна дуьхьал вара, гIиллакх-оьздангалла хиларе, цхьаалле, вежаралле, Iедалшна муьтIахь хиларе, собар хиларе кхойкхура. Цо чIагIдора лаьтта тIехь машар а, цхьабосса бакъонаш хилар а тIемашца а, цIий Iенорца а хIотто йиш цахилар. Иза дерригенна а ницкъ кхочуш волчу цхьана АллахIа бен даийта йиш яц. Цундела дерригенна а тIехь Сийлахь-Воккхачух тешна хила деза. «ТIом баре кхойкхуш болчу шаьш шайн дIакхайкхийначу шайхашка а, имамашка а ла ма дегIа, – бехира цо, – адамийн цIий ма Iенаде. Оьрсийн паччахьна дуьхьал герз ма айъа: иза АллахIан лаамца лелаш ву. Нагахь санна шайга жIар лелае бахахь, – лелае иза. Иза эчиг бен ма дац. Нагахь санна килсе эха омра дахь – цига эха. Иза дуьххьалдIа цIа бен дац. Шайн дегнашкахь аш АллахIах а, пайхамарх а тешар лардичхьана, кхечуьнца дерригенна а гечдийр ду шуна. Герз схьаэца, ца хуьлучу даьлча, нагахь санна гаурша шайца сакъера шайн зударийн бехахь».
Билгалдаккха деза нохчийн суфизмехь зударша хьакъ йоллу меттиг дIалоцуш хилар. Цара кхочушбо исламан, тарикъатан берриге а лехамаш, аьлча а кхочушдо шайн вирдан устазан дерриге а тIедахкарш. Дукха хьолахь зуда шен цIийнаден вирдехь хуьлу. Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а дуккха а тарикъаташкахь захалонаш дукха хьолахь дуьххьалдIа шайн вирдехь болчаьрца бен ца до. Кхечу кепара ду Кунта-Хьаьжин вирдехь. Устазан Кунта-Хьаьжин хьехамаша тайп-тайпанчу вирдийн мурдаш къеста ца бо, мелхо а, иза кхойкху цхьабарт хиларе а, цхьаьнакхетаре а. Кхузахь мегаш ду доьзалехь ши устаз хилар, аьлча а зудий, майрий тайп-тайпанчу устазийн вирдашкахь хила тарло. Зуда, маре яхча, дукха хьолахь цIийнаден вирде йолу, амма шен вирдехь йиса бакъо а ю цуьнан. Амма йоIарий ден вирдехь бен хила йиш яц.
Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а зударий дукха хьолахь маьждигашка ца лела. Уьш роггIана цкъа цхьаъ, тIаккха важа мурд йолчохь гулло. ХIора мурдан цIахь динан гIуллакхаш дарна лерина йоккха чоь, я цIа ду. Церан цIенкъа тесна кузаш, я къоман истангаш ду. Зияртан цIа (я «ламазан чоь») олуш йолчу оцу чоьнашна чохь тIехь динан жайнеш долу терхеш ю. Уггаре а лакхарчу терхи тIехь ду Къуръан. Кхузахь мархин баттахь цхьаьна таравихь ламазаш до, ткъа иштта кхаарин деношкахь а, кIиранденошкахь а суьйранна зуькарш до. Зуькарш дан гулло божарий а, зударий а, амма къаьстина, тайп-тайпанчу хенашкахь.
Нохчийн суфизмехь зударша божаршка нийсса дакъалоцу дерриге а Iадаташкахь, амма Кунта-Хьажин вирдехь зударша зуькар божарех къаьстина до. Зударийн шайн туркх а, тхьамда а хуьлу. Зуькаршкахь дакъалоцу къоначу зудабераша, иза къобалдеш ду. Зударша жигара дакъалоцу велла стаг дIавуллучу тезеташкахь, божарех къаьстина зуькарш а деш.
Къадарийн мурдаш болу зударий шайн устазан ненан Хедин зиярте боьлху. Мурдаш кхетош-кхиорехь а, царна дешар Iаморехь а доккха маьIна долуш бу зударий. Билггала нанас 5-7 шо хан йолу бераш кхето доладо Дерригенна а ницкъ кхочуш волу АллахI цхьаъ бен цахиларх а, Цуьнан пайхамар бакъ хиларх а, устаз лара а, цуьнга ладогIа дезаш а хиларх. Нанас берана Iамадо фарз ламазашдан фатихьа, къулхIа, фалакъ, нас деша, я бер Къуръан а, тайп-тайпана доIанаш а Iамо моллина тIе дуьгу. Массарел а хьалха шен бер нанас юкъадуьгу тарикъатна. Цо иза кхетадо устаз а, цуьнан вирд а тIеэцаран маьIнах. Беро лакхахь аьлларг дерриге а Iамийначул тIаьхьа иза тарикъате дIаоьцу. Тарикъате дIаоьцучу хенахь беран ханна доза ца туху. Бераш цига дахкар къобалдеш ду, хIунда аьлча оцу хенахь бераш-мурдаш къинош летийна ца хиларна.
Кхиазхо тарикъатна жим-жима узуш, юкъаузуш меттигаш а хуьлу. Тхьамдано, я туркхо мурдашна вовзуьйту керла тIевеанарг, иза тарикъатна юкъаваран сийнна ша тайпа доIанаш до – мовлад йоьшу. Ишттачохь цхьаьнакхета маьждигехь, я керла тIеэцначун хIусамех, цкъацкъа и гIуллакх дIадахьа тарло юкъара зуькар дале хьалха муьлххачу а мурдан хIусамехь.
Керла тIеэцна мурд декхарийлахь ву хIора ламаз динчул тIаьхьа вирд даккха, аьлча а, 15-зза астогIфируллахI (Ас АллахIе доьху сайна гечдар) ала цул тIаьхьа бIозза зуькар дан – аьлча а суьлхьанаш хьовзо, хIора буьртига тIехь тавхьид – «Ла илахIа иль – АллахI а олуш (АллахI воцург Дела вац), пхоьазза салават а дуьллуш, аьлча а хасторан доIа а деш – «АллахIумма солли Iала Мухьаммадив ва Iала али Мухьаммадив ва саллим» (Я АллахI, декъалве ахь Муххьаммад а, цуьнан доьзал а, Делан салам хуьлда цунна). Цул тIаьхьа мел ло Мухьаммад пайхамарна а, Делам салам хуьлда цунна, Кунта-Хьаьжина а, Дала къайле цIинйойла цуьнан.
Цул тIаьхьа шолгIа бIе зуькар тавхьид а олуш, оцу зуькаран мел ло Муххьамад пайхамарна а, Делан салам хуьлда цунна, шен устазана а, Дала къайле цIинйойла цуьнан, ткъа иштта цуьнан дена Кишина а, устазан нанна Хедина а, тIаккха шен дена а, шен нанна а. Устазан дений-нанний, шен дений-нанний мел баларан маьIна ду устазан, шен дайн-нанойн синош цхьаьна ялсаманехь хирг хиларх мурд тешар а, иза цунна чIогIа лаар а. Билгалдаккха деза вирде дIаоьцуш волчу кIентан, я йоьIан деца нийсса иштта церан ненан а цIе йоккхуш хилар.
Кунта-Хьаьжин вирдехь болчарна юккъехь нисло ура-атталла оьрсий а, немцой а. Уьш тарикъатан цхьабосса бакъонаш йолу декъашхой ларалуш бу. Бакъду, доIа дечу хенахь церан ден-ненан цIе ца йоккху, хIунда аьлча уьш бусалбанаш ца хилла. Иза дарца сий-ларам бо церан динан. Масала, Веданан районан цхьана юьртахь ехаш яра Чакаева Елена а, Маштакова Валентина а, карарчу хенахь ехаш ю Петирова Яха. И зударий нохчашкахь марехь бара. Елла йолу Елена а, Валентина а дIайоьллира Кунта-Хьаьжин вирдан Iадаташца. Ткъа Петирова Яха хIинца а оцу юьртахь ехаш ю. Иза даггара дин лелош зуда ю. Шовзткъа шо ду цо ислам дин тIеэцна а, иза Кунта-Хьаьжин вирдехь йолу а. Цуьнан оьрсийн цIе дага ца йогIу суна. Оха массара а Яха олий цIе йоккху цуьнан. Цо соьга дийцира Кунта-Хьаьжин вирдехь ша чIогIа ирс долуш ю, бохуш. Зуькаршкахь а, назмашкахь а дагана там, синтем хуьлу цунна, оьздангаллехь цIинъялар карадо, цаьргара схьаоьцу цо ницкъ а, каде хилар а. Яха чIогIа сагатдеш ю Россехь болчу шен гергарчу нахана, хIунда аьлча цо уьш динах тешар доцуш, тилла бехаш лоруш хиларна. Кхечу мурдашца цхьаьна иза зиярташка оьху Кунта-Хьаьжин ненан Хедин къуб йолчу.
Мурдаш, божарий а, зударий а, хаддаза цуьнан зияртехь хуьлу. Зударийн суфизмехь къаьсттина доккха ду цуьнан маьIна.
А.М.Гарасаев