АллахI-Дала аьтто бойла хьан школе юхаван!

 Джимнигов Ваха Джимнигов Вахас 35 шарахь гергга болх бина Гуьмсан кIоштарчу Ойсхарарчу №3 йолчу юкъарадешаран юккъерчу школехь нохчийн моттий, литературий хьоьхуш. Корматаллин лакхара категори йолуш, ша хьоьхучу Iилманан программин а, цул арахьара а дакъа Iаламат дика девзаш волуш, методика дика йовзарца билгалваьлла хьехархо вара иза. Дешаран стандартан барамашна жоп луш хуьлура цуьнан дешархойн хаарш. Дешархой ойлаян а, хIуманна тIекхиа хьуьнарш долуш а кечбора Вахас. ЦIар-хазмана доцуш къахьегаро, даима шен хаарш лакхадохуш хиларо аьтто хуьлуьйтура цуьнан кIорггера чулацам болу урокаш яла а, классал арахьара болх бан а. Шен юьхь, дош, хатI долуш хьехархо вара иза, шен ойланашца тахана а ву – цунах дагавала ваханчунна иза ма-дарра схьагур а ду!

   Ша болх беш волчу хенахьчул кIезиг ца йоьшу цо тахана а вайн махкахь арайовлуш йолу книгаш, газеташ, журналаш. Нохчийн айткхаьллойн тайпанан орам схьабостуш, истори юьйцуш Джимниговс зорбане баьккхина болх – шерашкахь цо хьегначу къинан беркате тIаьхье лара мегар ду. Маттах, исбаьхьаллин дашца шен долчу гергарлонах, яздархойх, литературех лаьцна цо зорбане даьхна йозанаш шайн мехалла дIаялаза ду. Цо санна лерина нохчийн зорбанан дош гулдеш, доьшуш, лардеш волу стаг суна кIезиг вевза!

Кху тIаьхьарчу масех шарахь цамгаро хьехархочун болх бан аьтто бохийна Вахин. Дешархошна хьалха дIахIотта бакъо ца ло цунна лоьраша. ХIетте а цо дог ца диллина школе юхаварах, хIунда аьлча Далла лиъча хир долуш хIума ду иза. Цамгар а, дарба а Делера ма ду, ткъа товала бахьанаш Вахас лелош ду.

Ваха! Хьуна АллахI-Дала маршалла дойла, аьтто бойла хьайн хьехархочун башхачу похIманах дешархошка кхин а ирс-беркат эцийта!

А.ГАЙТУКАЕВ

Суьрта тIехь: Джимнигов Ваха

№92, шинара, 18 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: