Кхоллараллин цIийнехь – беркате гIуллакхаш

Соьлжа-ГIалин кхитIе а долчу дешаран учрежденешкахь белхаш беш ю «аьхкенан майданаш». Вайн республикерчу школийн дешархошна беркате бу оцу учрежденийн белхахоша дIахьош болу белхаш. Берийн самукъадер долчу агIор а, иштта шайна а, шайн гергарчарна а зулам дер долчух бераш лардаран Iалашонца а вовшахтоьхна ду и гIуллакх Соьлжа-ГIалин дешаран департаменто.

Кхоллараллин ц1а

Оцу декъехь белхаш беш схьайогIуш ю Старопромысловски районерчу Кхоллараллин цIийнан коллектив а. «Муха дIаяьхьна аш аьхкенан мукъа хан?», «БIаьрса муха лардан деза?», иштта кхийолчу а теманашна лерина къамелаш дIадаьхьира берашца. Кхоллараллин цIийнехь белхаш беш ю тайп-тайпана исбаьхьаллин пхьалгIанаш. Цигахь бераша кехатех я кIадех даьхначу цуьргех  шайн доьзалан, аьхкенан дийнан, гуонахарчу Iаламан суьрташ дехкира.

«Аьхкенан майданан» кхоалгIачу сменин хьалхарчу кIиранах берашца масех конкурс дIаяхьа ларийна хьехархой. Масала, «ХIетал-металийн а, кицанийн а», «Бозбуанчаллин пачхьалкхехула экскурси», и.дI.кх.

Кхоллараллин цIийнан белхахоша бераш кхетош-кхио а, иштта церан самукъадалийта а шайн ницкъ ма-кхоччу къахьоьгу.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан сурт

№92, шинара, 18 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: