Хь.Ахмаровн йоьза мидал
ХIокху деношкахь Боснин а, Герцеговинин а пачхьенехь Сараевохь дIаяьхьира кхиазхошна юкъахь дзюдохула дуьненахь хьалхеяккхаран чемпионат. Цигахь дакъалоцуш тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара тоьллачех болу спортсменаш бара. Царна юкъахь Россин вовшахтоьхначу командин декъашхо волу Ахмаров Хьамзат а вара.
ДегIан йозалла 55 кийла йолчу категорехь леташ вайн махкахо шен хьалхарчу тасадаларехь цхьаьнакхийтира Iамаркерчу тIах-аьлла волчу дзюдоистаца. Нохчичунна дикка дуьхьал ваьллера Iамаркахо, амма толам Ахмаров Хьамзата баьккхира. Цул тIаьхьа хиллачу шина цхьаьнакхетарехь вайн спортсмена хенал хьалха толамаш бехира. Ахфиналехь вайн махкахочун цхьаьнакхета дийзира кхиазхощна юкъахь Европин чемпион волчу Болгарерчу А.Ивановца. Оцу чулацаме хиллачу тасадаларехь Хьамзатан толаме кхача аьтто ца белира. Амма «жимачу финалехь» толам баккхарца чемпионатехь йоьза мидал яьккхира цо.
Германера хаза кхаъ
Дукха хан йоццуш Германерчу Зинденфингель гIалахь чекхъелира дзюдохула Европин кубок къовсарехула йолу турнир. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш 23 пачхьалкхера 222 спортсмен вара. Царна юкъахь Нохчийн Республикера Бисултанов Мовла а вара.
ДегIан йозалла бIе кийланал сов йолчу категорехь нохчичо хенал хьалха эшийра Италера Бекетти Никола. Цул тIаьхьа хиллачу цхьаьнакхетарехь юха а хенал хьалха толам баьккхира вайн махкахочо. Эшийнарг вара Голландера Мол Тобиас. Ахфиналехь Де-ля-Крес Марвинца хиллачу цхьаьнакхетарехь дикка садиира нохчичо шен болельщикийн. Амма оцу тасадаларехь а иза шен Iалашоне кхечира. Финальни тасадаларехь Бисултанов Мовла цхьаьнакхийтира меттигерчу спортсменца Кривицки Антонца. Иштта цу латарехь толам баккхарца дашо мидал яьккхира вайн дзюдоиста.
«Терек-2» команда эшна
ШолгIачу дивизионан командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионат 4-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек-2» хьошалгIахь цхьаьнакхийтира Дона-т1ера-Ростоверчу СКА командица.
Матчан хьалхарчу миноташкахь дикка гIолехь ловзура къона соьлжагIалахой. Майданан дайн гIуданера схьабовлуш а бацара. Иштта 29-чу минотехь счет схьа а йиллира вайн футболисташа. Билгалваьлларг вара Дягтерев Евгений. Цул тIаьхьа жим-жимма долуш галдала доладелира къоначу соьлжагIалахойн ловзар. Иштта садаIа баха ши минот йисинчу хенахь «Терек-2» командин кевна шозза буьрка чу туьйхира Геворкян Артема.
Шолг1ачу таймехь цхьана а аг1орчеран кхин билгалбовла аьтто ца белира
18-чу августехь 5-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек-2» цхьаьнакхетар ю Новокубанскерчу «Новокубанск Биолог» командица.
А.АБДУЛАЕВ
№92, шинара, 18 август, 2015 шо