Тешаме накъост

 Казахстанехь, Алма-Ата гIалахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх»,  цул тIаьхьа, вайн республика юхаметтахIоттийначул тIаьхьа, 1957-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь арахеца долийначу республикин  «Ленинан некъ», ткъа 1991-чу шарахь дуьйна «Даймохк» газеташкахь ас бинчу кхузткъа шеран хенахь дуккха а кхоллараллин белхахошца цхьаьна болх бар а, царех дукхах берш герггара бовзар а нисделла сан.12

Нийса хир дацара цаьрца массаьрца а сан цхьабосса юкъаметтигаш хилла аьлча. Цуьнан бахьана дара суна юххехь болх беш хилла адамаш шайн хенашца, корматаллашца, амалшца, балхаца а, накъосташца а йолчу юкъаметтигашца вовшех тера боцуш хилла хилар. Цхьаберш соьца цхьаьна болх бина белхахой хилла бисира, ткъа вукхаьрца даггара уьйр-безам бара. Оцу тIаьххьарчарех цхьаъ ву суна иза вевзинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна таханлера де тIекхаччалц шен оьздангаллица, догцIена хиларца, нахаца йолчу юкъаметтигашца, шен леларца хийцавелла воцу Дадаев Сайд-Хьасан. Цуьнца шатайпа даггара гергарло тасаделира сан.

Иза дара дIадаханчу бIешеран дезткъалчу шерашкахь. «Ленинан некъ» газетан редакце веара товш, куьцехь, лекхачу дегIахь волу жима стаг. Хаза кIеда-мерза вистхилла, могаш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа цо хаийтира ша 1975-чу шарахь дуьйна Веданан районан «Колхозан дахар» газетехь корреспондентан болх беш а, нагахь санна таро хилча, «Ленинан некъ» газетехь болх бан чIогIа лууш а хилар. ТIаккха редакцехь цунна тIедиллира масех материал язъяр. Иза Сайд-Хьасан корматаллин зер дара.

Дукха хан ялале юха а редакце веара С-Хь.Дадаев, колхозан дахарх, юьртах лаьцна язйина масех статья а, цхьа репортаж а йохьуш. Ала хIума доцуш, тоян ца оьшуш, дика язйина яра материалаш. Редакцин куьйгалла чIогIа резахилира царна. Сайд-Хьасан редакце балха схьа ца эца цхьа а бахьана дацара. И санна берш хIетахь чIогIа оьшуш бара.

Иштта, 1983-чу шеран январехь дуьйна «Ленинан некъ» газетан журналистийн коллективана юкъавахара къона стаг. Шен оьздангаллица, хIоранца а кIеда-мерза хиларца ша коллективехь везавалийта хиира Сайд-Хьасанна. Дукха хан ялале шен корматаллин дика агIонаш гайта а волавелира къона журналист. Хазахоьтуьйтуш дара Сайд-Хьасан тайп-тайпанчу жанрашкахь яздеш хилар. Цо газетана кечйина муьлхха а материал – хуьлда иза статья, я очерк, я мел жима  хаам – нохчийн мотт кIорггера бовзарца язйина а, еша атта а, дика кхеташ а хуьлура.

11

Уьш къаьсташ яра язъяран шайн кеп, шайн хатI хиларца. Уггаре а коьртаниг дара къоначу журналистана язъян езачу материалан тема йовзуьйтуш, я кхин хьехам беш аьлларг цо кхетарца тIеоьцуш хилар.

Нагахь цхьа хIума тодан дезаш меттиг нисъелча, Сайд-Хьасана иза нисдора дегабаам бар доцуш. Нагахь критика еш, яздан дезаш хилча, иза Iиттарш яр доцуш, стеган сий ца дойъуш, ларам ца бохош, билггал долуш долчух лаьцна ма-дарра дуьйцуш хуьлура.

Хийла меттигаш яьхкира республикин районашка гена дIасавахана, сихха статья, я репортаж язъян езаш. Оцу тIедахкаршца дика ларавора С-Хь.Дадаев. Оьшуш йолу материал шен хеннахь жоьпаллин секретаран стоьла тIехь хуьлура.

Къоман газетехь уггаре а жоьпаллин болх бу гочдархойн, хIунда аьлча редакце кхочуш йолу корреспонденци коьртачу декъана оьрсийн маттахь хиларна. И бахьана долуш оригиналан материалаш язйина ца Iаш, амма уьш гочъян а дезаш хуьлу редакцин белхахой.

Ткъа гочдархочун корматалла юьззина караерзорна оьшуш ду нохчийн а, оьрсийн а – ший а мотт кIорггера бевзина ца Iаш, амма дахарера дуккха а хIуманаш, политикин, экономикин ерриге а агIонаш кIорггера евзаш хилар, дуьне довзар, кхетам шуьйра хилар. Иза дерриге а хьеха ца дезаш, шеца долуш ву Сайд-Хьасан. Цу декъехь дика лараво иза.

Ала деза, ша яздинарг, я гочдинарг нийса хиларх шеко йолуш меттиг нисъелча, Сайд-Хьасана шена юххерчу накъосташка хоттуш а, ткъа ша нийса хиларх тешна хилча, къовсалуш а хилар. Редакцин балхахь коьртаниг шена ца хуург накъосте хаттар, кхечарех Iамар, царех дагавалар ду. Ткъа хатта а, Iама а говза накъостий цунна юххехь болуш бара, хIинца а бан а бу.

– Со редакце балха веанчу хьалхарчу деношкахь дуьйна суна оьшучохь гуттар а гIо-накъосталла деш, сан дика хьехамчаш бара, – дуьйцу С-Хь.Дадаевс, – газетехь дукха хенахь дуьйна белхаш бина, доккха зеделларг долу говзанчаш: Чалаев Билал, Хасмагомадов Хьамид, Магомаев Салавди, Кагерманов Докка, Магомаев Леча, дуккха а кхиберш а. Цара сан журналистан корматалла тIеюьзна ца Iаш, амма дахаран университеташкахула а чекхваьккхира.

Газетехь очеркаш, проблемийн статьяш, мехалчу гIуллакхех лаьцна репортажаш, газетан кхечу жанрашкахь а яздина ца Iаш, Сайд-Хьасан кхоллараллин алссам баккхий белхаш бан а волавелира. Цо хIинцале язйина, арахецна «МIаьргонех дуьйцина дахар» киншка. Арахеца кечйина рогIера киншка а. Сайд-Хьасана оьрсийн маттера нохчийн матте гочйина, арахецна цIеяххана бевзаш болчу яздархойн К.Ибрагимовн «Берийн дуьне» роман а, I.Мусаевн «Шайх Мансур» киншка а.

Шен корматалла белхан практикаца тIеюзарца Сайд-Хьасана хаддаза лакхадохура шен хаарш. Балхах юкъах а ца волуш, заочно доьшуш, 1985-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. 1988-чу шарахь КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкомо Дона-тIерачу-Ростове партин лаккхарчу школе деша хьажийра. ТIехдика дешна, цIен диплом доккхуш, иза чекхъяьккхича, журналист, политолог  социальни-политикин дисциплинин хьехархо аьлла корматалла елира цунна. Амма цул тIаьхьа а белхан меттиг ца хийцира тхан накъоста – иза юха а шен белхан метте – редакце юхавеара.

С-Хь.Дадаевс «Ленинан некъ», тIаьхьа «Даймохк» газетехь тайп-тайпана белхаш бира. Иза газетан корреспондент, отделан заведующи лаьттира. Ткъа 1993-чу шарахь дуьйна иза «Даймохк» газетан коьртачу редакторан заместитель ву.

Сайд-Хьасана жигара дакъалоцура редакцин коллективан юкъарчу дахарехь. Дуккхазза а редакцин юкъарллин организацийн декъашхо а, куьйгалхо а хилла. Россин Журналистийн союзан декъашхо, Яздархойн союзан декъашхо ву. 1995-чу шарахь С-Х.Дадаев республикин журналистийн съездехь Нохчийчоьнан журналистийн союзан правленин председатель хаьржира.

Журналистикин декъехь дуккха а шерашкахь хьанал болх барна а, республикин юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарна а Сайд-Хьасанна Нохчийн Республикин Президентан Указца 2005-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъволу культурин белхахо», 2009-чу шарахь – «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист», аьлла сийлахь цIерш техкина.  2012-чу шарахь цунна елла «Нохчийн Республики дуьхьа хьуьнарш гайтарна мидал. Цул сов, Нохчийчоьнан Президента а, Правительствон Председатела а республикин Журналистийн  союзан правленис а, редакцин администрацис  а дуккхазза а Сийлаллин грамоташца а, ахчанца а совгIаташ дина.

Суна бевзаш бара Сайд-Хьасанан Дишни-Веданахь болу боккха доьзал.

Тхан накъостан да Паша а вара лекхачу дегIахь, куьцехь, безамехь стаг. Хьехархочун, бухгалтеран белхаш бина, дика кхеташ стаг вара иза. Юьртахь массара а сий деш, лоруш вара. Маттана говза, нийса хьукама дан хаьара цунна. Цундела маслаIатна вуьгуш, дика-вуон хиллачохь гуттар а хьалхавоккхуш вара. Сайд-Хьасанан нана Арубика а яра шен цIийнадена муьтIахь хIусамнана, доьзалан дика нана. Шайн доьзал а кхиийра цара шаьшшиъ санна, дика, нахаца тарлуш, церан сий-ларам болуш.

Шайл тIаьхьа дика лар йитина цара.

Тайп-тайпанчу белхашкахь ву Сайд-Хьасанан кхо ваша, шайн доьзал болуш ю  йиша. Оьзда, гIиллакхехь, йистхилар кIеда-мерза долуш, хьаша-да елаелла, екхаелла тIеоьцуш ю Сайд-Хьасанан хIусамнана ТIаус. ЙоI Яха Кисловодскерчу экономикин, бакъонан институтехь юриспруденцин факультет чекхъяьккхина ю.

Сайд-Хьасан ламаз-марха даггара лелош, цIена бусалба стаг ву. Бусалба дин лелор, иза даггара дезар, даггара Далла гIуллакхдар –  иштта ю хIокху дуьнен чохь ша яьккхинчу хенахь  С-Хь.Дадаевс IаIийна коьрта хазна.

С.МАГОМАЕВ

 №92, шинара, 18 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: