«Иман» – йижарийн накъост

 image1

  Лерринчу тидамехь латтадо вайн республикин куьйгалло къоначаьрца кхетош-кхиоран болх бар. Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикехь кегийрхошца болх беш дуккха а организацеш ю. ХIора дийнахь бохург санна тайп-тайпана цхьаьнакхетарш дIахьо хьуьжаршкахь, школашкахь, вузашкахь, техникумашкахь. Кегийрхошна пайдехь дерг дуьйцуш тайп-тайпана хьехамаш бо динан, юкъараллин организацийн жигархоша.

  Оцу организацешна юкъахь къаьсташ ю «Иман» тоба. Иза зудаберашца  болх барна лерина ю. Студенташ болуш буьйлабелла клубан декъашхой болх бан. Мужедова Иман ю тобанна хьалхаяьлла. Шайн бусалба йижаршна пайде хила болчу лаамца арабевлла къона студенташ  массанхьа а дика тIеэцарна а, зудаберийн юкъараллина оьшуш хиларна а денна шорлуш ду клубехь болчеран могIарш.

2011-чу шарахь 5-чу январехь йолаелла «Иман» тоба болх бан. Таханлерчу дийнахь тобанахь жигара дакъалоцуш 35 йоI ю. Республикехь мел йолчу районашка кхочу уьш, массанхьа а зудабераша хазахетарца тIе а лоцу.

«Тхан Iалашо иза вайнехан зудабераш бусалба динах кхеташ, шайн культура евзаш, духарца, леларца, къамелаца муха хила деза хууш, оьзда а, гIиллакхе а уьш кхиар ю. Зудаберашка бусалба динан хазалла, нохчийн къоман оьздангалла йийца сайн аьтто хиларна Далла хастам бо ас, и болх даггара бан а хьожу. Делан къинхетамца вайн махкара зудабераш чIогIа оьзда ду, уьш иштта хиларх со йоккхае», – дийцира Нохчийн регионан юкъараллин «Иман» организацин куьйгалхочо Мужедова Имана.

Клубан декъашхоша тайп-тайпанчу теманашна лерина лекцеш йоьшу школашкахь, вузашкахь, больницашкахь, кхийолчу учрежденешкахь. Цхьаьнакхетаршкахь дакъа мел лоцучу зударийн а, зудаберийн а леррина терго йо кхара, царна хаа мел луург дийцаре до, хаттаршна жоьпаш ло.

Клубо вовшахтоьхна тайп-тайпана проекташ ю: «Къуръанан къона ешархо», «Со нохчи ю», «Сан хьомечу нанна», «Нохчийн къоман истори, культура, Iадаташ»,  Iаьрбийн, ингалсан меттанаш Iаморан курсаш и.дI.кх.

Тайп-тайпана акцеш дIахьо клубан декъашхоша. «Тасбихь», «Хьайгахь хиджаб муха хета хьажа», «Ламазах лаьцна – дерриге а», «Хиджаб – ма-ярра йолчу хазаллин, цIеналлин, зуда Iалашъяран билгало». Цу тайпа йолчу акцешкахь хьехамашка ладогIа а, хиджаб, фарз духар тIедоха а аьтто хуьлу зудаберийн. Ишттачохь гуттаренна а хиджаб туьллуш долу  зудабераш нисло, цунах баккхийбе «Иман» тобан декъашхой. Йовлакх нийса муха лело деза, нахана юкъахь йоI муха лела еза дуьйцу цара цу тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь.

Зудаберашна а дика  накъостий хилла дIахIиттина клубан декъашхой. Дала бохучунна тIехь  схьабогIуш бу уьш. Шайн бусалба йижарех дог лазарна, уьш массо а хIуманна тIехь нисбелла хила, шариIат, Iадаташ лардеш хила лаарна бу «Иман» тобанан декъашхой доггаха  къахьоьгуш. Дала аьтто бойла церан!

АВХАДОВА Хьава

№92, шинара, 18 август, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: