Вай юха а гур ду

ХIоразза а оцу лаамца дIасакъаьста шайн ламасталлин цхьаьнакхетаре гулбелла Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан (хIинца Нохчийн а, юкъарчу а филологин институт) къоман отделенин дуьххьарлера выпускникаш. Церан рогIера цхьаьнакхетар хилира Соьлжа-ГIалахь август беттан 8-чу дийнахь.

1962-чу шарахь хилира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан (тахана Нохчийн пачхьалкхан университет) историн-филологин факультетан къоман отделенехь дуьххьарлера говзанчаш арахецар. Уьш дуьххьара а, хIетахь дуьйна 53 шо дIаьдаьлла а хиларна, оцу шарахь къоман отделени чекхъяккхаран хьокъехь дипломаш схьаэцначеран цIерш юьззина ялайо оха:

1.Абдуллаев Леча

2.Абдулхалимов Асламбек

3.Абдулхаджиев Олхазар

4.Акаев Халид

5.Арсанукаев Iабдулла

6.Айдаев ЮшаI

7.Ампукаев Адам

8.Батукаев Мовлди

9.Бисултанов Леча

I0.Вагапов Якъуб

11.Вагапова Тамара

12.Вараев Муса

13.Гакаев Хьамзат

14.Гайтукаев Казбек

15.Ганжуев Iела

16.Гацаев СаьIид

17.Джамбулатов Iийса

18. Дукузов Сулейман

I9.Дунаев Данилбек

20.Джабраилов Султан

21.Ирсыбаев Iайнди

22.Лабазанова Киса

23.Лепиев Iайнди

24.Мутаев Эмедди

25.Манкиев Абу

26.Манкиев Аюб

27.Манкиев Абубакар

28.Мудаева Зураъ

29.Манкиева Малика

30.Мурадов Султан

3I.Накаев Шарпудди

32.Пешхоев Борис

33.Пайзулаев Данилбек

34.Сулейманов Ваха

35.Тимаев Ваха

36.Техиев Шарпудди

37.Тупилагов  IабдулвахIаб

38.Хамидова Зулай

39.Хаджимурадов Ризван

40.Хакиев Iузайр

41.Хамирзоев СаьIид

42.Хатуева Роза

43.Шудуев Турко

44.Шахгириев Сайди

45.Шарипов Iадбул-ВахIид

46.Чингариев Салман

47.Чапсуркаев Джалавди

48.Чабаев Мухтар

49.Эсхаджиев Якъуб

50.Юнусов Хьасан

51.Юсупов Сайд-Iалви

 

1957-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь къоман отделени схьаеллар доккха политически маьIне гIуллакх дара. Бехк-гуьнахь доцуш махках даьккхинчу къомана шен бакъонаш юьззина юхаерзорехь яьккхина кхин а цхьа гIулч яра иза ( цIадерза бакъо яларца, нохчийн маттахь газет дилларца, радиопередачаш  йолорца, къоман хелхарийн, эшарийн ансамбль вовшахтохарца цхьаьна). Бакъду, яккхий шеконаш кхуллуш дара кхуза бахка лууш студенташ хир бу бохург: кхойтта шо даьллера школашкахь нохчийн маттахь дош алаза. Амма хIоьттинчу суьрто массо а цецваьккхинера: дIаэца йолчу таронел иттазза сов бара деша бахка луурш.

Тайп-тайпана нисбелира дуьххьарлерчу студентийн къоман отделене некъ.

Алма-Атахь йолчу Казахски пачхьалкхан университетан экономикин факультетан 2-чу курсехь доьшуш волчуьра къоман отделенин 1-чу курсе деша веара Эсхаджиев Якъуб. Лоьрийн институте дIаделла кехаташ схьа а эцна, цигахь шен гIуллакх хир доллушехь, хьехархойн институте нохчийн мотт Iамо веара Арсанукаев Iабдулла.

ТIехдика дешарца школа чекхъяьккхина а, французийн мотт дика хууш а йолу Хамидова Зулай, кхин ойла а ца еш, кхечу къаьмнийн меттанаш Iаморан отделене яхара деша. «Айса динарг цхьа доккха хIума ду моьттуш, Iаш яра со, дуьйцура цкъа шайн цхьаьнакхетарехь Хамидова Зулайс, – цхьана дийнахь, занятешкара ара а кхайкхина, дов дан хIоьтти-кха тхан ваша (Хамидов Iабдул-Хьамид  – авт.): «Хьо французийн мотт Iамош ю ца боху? Цкъа хьалха нохчийн мотт Iамор бу ахь, цул тIаьхьа, хьайна лаахь французийниг, китайниг Iамабе». Цунна дуьхьал хIума ала со мича яьхьар яра, дан хIума а ца хилла, къоман отделене сехьа елир-кха.

ХIинца дохко а ца яьлла. Дика дара тхо дIадуьйладелла ши бутт бен баьлла  ца хилла». Ампукаев Адама дуьйцу: Сан кхуза вар цхьа ларамаза нисделира. Эцца я вукхазхьа гIур ву аьлла, къастийна факультет а йоцуш (коьртаниг Соьлжа-ГIалахь деша вахар дара, къайлах-къулах дукха хала ма даьхкинерий тхо цIа, Айдаев ЮшаI а вара соьца), хьехархойн институте дIаэцаран хааме хьоьжуш, «нохчийн мотт, литература, оьрсийн мотт, литература» говзаллина тIехь сецира тидам. Бакъдерг аьлча, суна хIара отделени схьайиллиний ца хаьара. Институтехь нохчийн мотт Iамабо бохург а цеце хетара. Оцу цецваларх, кхин ойла ца еш, къоман отделене кехаташ дIаделира ас. Нохчийн мотт, цуьнца доьзна хIума цхьа тамашийна деза ма хетарий дIогахь кхиъначу тхуна». ХIетахь къоман отделене деша баьхкинчу кегийрхойх муьлхха а гуттар ю бохучу ВУЗе деша вахалур волуш вара. ХIетте а цара хьехархойн институтехь нохчийн мотт Iамор къастийра. Тахана вайна и тамашийна хета, хIунда аьлча экономистан я лоьран говзалла а йитина, шен жимма таро а йолуш, нохчийн мотт Iамо гIур волуш стаг дийнахь цIарца лехча а карориг цахиларна я дас-нанас вохуьйтур волуш а. Амма 1957-чу шарахь хьехархойн институтан къоман отделене деша баьхкинчарна лууш дерг деккъа цхьа нохчийн мотт Iамор дацара, къам дендаларна, республика меттахIотторна юкъа шайн хазна йилла лаар, шайн къоме болу безам гайтар дара. Шайн бераллин а, кхиаран а мур хийрачу махкахь дIакхехьа безначу царна Даймохк, нохчий, нохчийн мотт бохург дукха деза дара.

Къоман отделене дуьххьара деша баьхкинарш кхуза ларамаза кхаьчна цахилар гойту царех хIоранна а дешна ваьллачул тIаьхьа дахарехь шен некъ, шен меттиг кароро. Нохчийн исбаьхьаллин литература талларехь шен бIаьрла лар йитина филологин Iилманийн доктора, профессора Айдаев ЮшаIа. Республикин Iилманийн академин бакъонца волу декъашхо (академик) ву Тимаев Ваха (Апти), филологин Iилманийн доктор, профессор. Кавказан къаьмнийн меттанаш таллархошна (кавказоведашна) чIогIа деза хеташ долчу А.Чикобава Арнольдан цIарахчу дуьненаюкъарчу совгIатан лауреат а ву иза. Нохчийн мотт а, къоман истори а езачарна дика евза Вагапов Якъубан цIе. Шен дерриге а дахар нохчийн литература хьехаран методика кхиорна дIаделла тахана Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директор волчу Арсанукаев Iабдуллас. Институт чекхъяьккхичхьана хьехархойн говзалла лакхаяккхаран декъехь къахьоьгуш схьавеара, РФ-н лакхарчу дешаран отличник, хьехаран Iилманийн кандидат Хамирзоев СаьIид. Нохчийн зударшлахь филологин Iилманийн дуьххьарлера доктор ю профессор Хамидова Зулай, нохчийн маттана леринчу пхеа монографин а, кхин дуккха а Iилманийн белхийн а автор. Iилманийн гуонашлахь иштта дика евза Манкиев Абубакаран, Манкиев Аюбан, Гакаев Хьамзатан, Эсхаджиев Якъубан, Вагапова Тамарин, Мудаева Зураан цIерш. Къоман отделени дуьххьара чекхъяьккхинчех ву литературовед  Гайтукаев Казбек, поэт Гацаев СаьIид. Халкъан дешарехь а, кхечу дакъошкахь а хьанала къахьегарца дахаран шайн лакхенашка кхаьчна Шудуев Турко, Абдуллаев Леча, Лепиев Iайнди, Шарипов Iабдул-ВахIид, Хакиев Iузайр, Хатуева Роза, Техиев Шарпудди, Ампукаев Адам, Сулейманов Ваха, Дунаев Данилбек кхиберш а. Вуьшта, лакхахь цIерш яьхначу 5I-нах муьлхха ахь схьаэцарх, тахана дийна верг а, воцург а, шен яккха цIе йолуш, дахарехь шен некъ карийна, адамийн сий-пусаре кхаьчна ву.

Дешна бевлла 53 шо даьллашехь а, вовшашца уьйр-марзо, гергарло ца хадош, хIокху дийне схьакхаьчна къоман отделени дуьххьара чекхъяьккхинарш – дика ламаст хилла дIахIоьттина хIора шарахь цара шайн цхьаьнакхетарш дIадахьар. Хьалха пхеа шарахь цкъа хуьлура иштта цхьаьна гулдалар, амма къестарш алсамдала дуьйладелчхьана (хено а, Iожалло а шениг ца дуьту-кх), хIора шарахь хуьлу цхьаьнакхетарш. И ламаст ца дохош, юьххьехь билгал ма да-ккхара, рогIера цхьаьнакхетар хилира карарчу шеран август беттан 8-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь.

Уггаре а хьалха, хIораннан шен-шен цIе а йоккхуш, дагалоцу шайх дIакъаьстинарш: Абдулхаджиев Олхазар, Айдаев ЮшаI, Акаев Халид, Батукаев Мовлди, Эсхаджиев Якъуб, Тупилагов IабдулвахIаб, Вагапова Тамара, Манкиев Аюб, Гацаев СаьIид, Бисултанов Леча, Дукузов Сулейман, Ирсыбаев Iайнди… Халахеташ делахь а, кхелхийнчийн могIарш шо шаре даларца дебаш ду.

ДIабевллачарех хIораннах ала довха дош а карадо, дагалоьцу шайн цаьрца цхьаьна нисделларш, хьошаллин тIекаренаш. Иштта безамца цIерш йоху цхьацца бахьанашна (цомгаш хиларний, цIахь цахиларний…)  цхьаьнакхетаре бахка йиш ца хиллачу шайн накъостийн. Вовшахкхеттарг верриге а 7 стаг вара: Абдуллаев Леча, Арсанукаев Iабдулла, Ампукаев Адам, Тимаев Ваха, Шудуев Турко, Шарипов Iабдул-ВахIид, гуттар а хIокху цхьаьнакхетаршкахь хуьлуш волу Алхатов Тураш, цо ша 1963-чу шарахь чекхъяьккхина изза къоман отделени. Ойланашца хьалха хиллачу шайн къоналлин замане бирзинчу къанойн дукха хуьлу дийца, дагалеца, забаршца вовшийн хьийзо. Дага ца догIуш хIун дуьсу?

Староста хиллачу Эсхаджиев Якъуба дукха лерина лелош хилла тобанан журнал Соьлжи чу кхоссар а (цхьаболчийн занятешка цалеларан лар яйъа); шайлахь могашалла уггаре а дика йолуш волу Тупилагов IабдувахIаб могаш вац аьлла, лоьраш кхайкхар а; хьехархочун лекци кIордийча, и юкъахваккха лелийна хIилланаш а, кхин а, кхин а.

ТIаккха забаршкара бовлий, гIо-накъосталла дарх а, тахана маттаца а, дешарехь а, Iилманехь а долчу хьолах лаьцна чулацаме, доглазарца деш долу къамелаш хуьлу.

Церан вовшашца йолчу уьйр-марзонех, вовшийн самукъадаларх хьогий вуьсура цхьаьнакхетаре нисвелла хийраниг. Суна кхин ца хааелла иштта вовшашца гергарло ца хадош, схьаеана цхьаьна дешначийн цхьа а тоба. Дика масал ду цара гойтург.

1957-чу шеран август баттахь хьехархойн институтехь хIетта схьайиллинчу къоман отделене деша баьхкинчара хаьржинарг еккъа цхьа говзалла хилла ца Iара, шайн дешарца, хааршца, тIаьхьо балхаца цара лаккха хьалаайъира оцу отделенин сий, шайл тIаьхьа богIучарна кхуза некъ боьллуш. Цара шайн дахарца гайтира къоман мотт хуург, цунах шен дахаран къилба динарг дахаран а, Iилманан а муьлххачу лакхене кхочург хилар. Церан хьурматана, церан беркатана ду Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан (Нохчийн пачхьалкхан университетан) къоман отделенино бIеннаш цIеяххана Iилманчаш, яздархой, журналисташ, хьехархой кхиор.

 

Хь.АБОЛХАНОВ

№92, шинара, 18 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: