Бакъо тола еза

Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векалан офисехь нохчийн бакъонаш ларъярхоша кху деношкахь еллачу пресс-конференцехь дийцира Дадаев Джамбулат вийначарна хьакъ доллу таIзар дайта Iалошо йолуш болх беш шаьш хиларх.

Карарчу шеран апрелехь схьалоцучу хенахь герз тоьхна Дадаев Джамбулат вийначу Ставрополан УВД-н белхахошна дуьхьал уголовни гIуллакх  ца доло бина сацам нийса боцуш ларар лоьху Соьлжа-ГIалин Ленински районан суьдо.

Цхьаьнакхетар дIадолош къамел динчу Нухажиев Нурдис билгалдаьккхира вийначун гергарниш куьг бехкечарна йогIу кхиэл суьдехула яйта шайн ницкъ кхочург дан кийча хилар. Цо тIечIагIдира, гергарчарна шегара а, Нохчийн Республикин бакъонаш ларъяран органашкара а гIо хирг хилар.

– ДIасабоьлхучарна а, иштта туристашна а ган а гуш Соьлжа-ГIали юккъехь герз тоьхна вийна Дадаев Джамбулат. Ларамаза а доцуш, белхан декхарш кхочушдан арабовларх пайда а оьцуш, хуъушехь вийна  ву и стаг. Хьаькамех цхьаьннан тIедилларца иза вийна аьлла хетарш а бу. Хууш ду иза зуламна бехке ву аьлла таллам бина, иза  бехке  хилар  чIагIдина вийна цахилар. Д.Дадаев верна бехке мила ву бохучу хаттарна хIинца а жоп карийна дац. ТIаьхьа, адвоката Садаханов Заурбека къахьегар бахьанехь Россин Талламан комитето а, Есентуки гIалин суьдо а бина сацам бакъо  йоцуш ларийтина. И бахьанехь бакъо тоьлар ю аьлла хеташ ю дегайовхо. Билгалдаккха лаьа, бакъонашларъярхоша цу тайпана харцонаш шайгара гойтуш хилар. Статистикица  цу декъехь хьалхарчу меттехь Москва ю, ткъа шолгIачу меттехь – Къилбаседа Кавказан федеральни округ. Тахана вайна гуш ду могIарерчу гражданинна шен бакъонаш ларъян хала хилар, – билгалдаьккхира Н.Нухажиевс.

Адвоката Сайдаханов Заурбека шен къамелехь билгалдаьккхира схьалоцучу хенахь Дадаев Джамбулатана герз тоха оьшуш хьал хилла цахилар, хIунда аьлча цо цхьана а кепара дуьхьало йина яц. Полицин белхахоша бехк боцуш вийна карахь герз доцу стаг.

Официальни хаамашца, Дадаев Джамбулат ша схьалаца гIоьртича полицин машенна тIе машен а тоьхна, цул тIаьхьа герз детта волавелча дуьхьал герз тоьхна вийна бохуш дуьйцу. Ткъа эксперташа чIагIдарехь, Джамбулат чохь волчу машенна тIе герз тоьхна, цул тIаьхьа, лазийна а волуш, кхетта кхуьнан машен полицейскичунна тIе, тIаккха тIебаьхкинчу полицейскеша герз тоьхна вийна  иза. Вен а лууш иза вийна хилар гойту дагах кхеттачу дIаьндарго. Адвоката дийцарехь, цхьа дIаьндарг машенахь воьдучу Джамбулатана букъах кхетта, цо а тIечIагIдо эксперташа дуьйцург, цигахь хилларг-лелларг гиначара а иштта дуьйцу.

Россин Талламан комитетан Нохчийн Республикеху йолчу урхалло уголовни гIуллакх долийра цу хьокъехь, амма Ставрополан УВД-н белхахой бехке бац аьлла и гIуллакх дIакъевлира. Делахь а, адвокатан Садаханов Заурбекан аьтто хилира уголовни гIуллакх юхадIадоладайта.

Р. МУСИПОВ

№92, шинара, 18 август, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: