Кегийрхой кхетош-кхиоран программа кхочушъяран гурашкахь Нохчийн Республикин Парламентан векалш цхьаьнакхийтира Хьалха-Мартан а, Котар-Юьртан а бахархошца.
Котар-Юьртарчу №1 йолчу юкъарчу дешаран школехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалецира депутаташа Дадаев Лоьмас а, Дадаев Хьамзата а.
Дадаев Хьамзата шен къамелехь билгалдаьккхира:
«Бакъдерг ца хааро хийла адам галдаьккхина вайн. Кегийрхой хIуманах теша кийча бу. Ткъа цунах пайдаоьцу цхьаболчу «дикачу наха». Вайн коьрта Iалашо хила еза бакъдерг я бакъдоцург къасто къоначарна 1амор. Вай вовшашка хьовсуш, оьшучу хIуманна тIехь гIо деш хила деза. Дай-наной ду шайн доьзалан терго еш хила беза», – элира цо.
Котар-Юьртан бахархошца хилла цхьаьнакхетар дIа ма дирззинехь депутаташ ТIехьа-Мартанарчу Белхороев БатIал-Хьаьжин цIарах долчу маьждиге бахара. Цара цигахь маьждиге баьхкинчу кегийрхошна дийцира наркотикех долучу зуламах лаьцна.
«Хууш ма-хиллара, хIораннан а накъостий хуьлу. Цхьаболчарна диканаш нисло. Кхечарна – вуонаш. Цундела милла а шен гуонаха болчара лелош дерг лелон волало. Оцу хьелашкахь вай даима сема хила деза. Хьайн накъостех цхьаъ галвала волавелча цунна хьехар дан деза. ТIаьхьарчу хенахь цунах «Аптекан наркомани» олу. Массанхьа а даьржаш ду «баклосан», «лирика» олуш долу молханаш. Уьш медицинехь дарбалелош ду. Бакъду, цара корта а бохабо. Ткъа кегийрхоша аптекехь духкуш хилча иза дIовш дац молханаш ду олий д1амолу шайн корта баххалц. И санна долу х1уманаш вай ваьшна юкъара дIадаха деза. ТIекхуьучу чкъурана довзийта деза, оцу аптекан наркоманех велла дIавалаллц шена а, шен доьзална а бала хуьлуш хилар», – элира Л.Дадаевс.
Билгалдаккха догIу, цу тайпана цхьаьнакхетарш кест-кеста дIахьош хилар.
А.АБДУЛАЕВ
№92, шинара, 18 август, 2015 шо