Дешаран керлачу шарна – керла школаш

Кху шеран 1-чу сентябрехь Нохчийчохь юкъарадешаран керла 10 учреждени схьайоьллур ю. Цул сов, 2015-гIа шо чекхдалале кхин 19 школа йина ер ю республикехь. Цу хьокъехь хаам бо Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министран заместитела Хамзатов Мусас.

Дешаран керла шо долалуш школаш схьайоьллур ю Грозненски районерчу ГIуларехь (600 меттиг), оццу районерчу Аьхкинчу-Борзехь (480 меттиг), Йоккхачу АтагIахь (600 меттиг), Керла-ЦIоьнтарахь (360 меттиг), Хьалха-Мартан районерчу Гихтахь (480 меттиг), Соьлжан районерчу Ассиновскехь (720 меттиг). 1-чу сентябрехь керлачу гIишло чу дехьаер ю Соьлжа-ГIалин № 11 йолу школа (800 меттиг) а. Цул сов, дешаран керлачу шарахь болх бан йолалур ю республикера дуьххьарлера  математикин школа а. Иза 720 дешархочунна лерина ю. Билгалъяьхна йолу юкъарадешаран ерриге а учрежденеш «Россин Къилба (2014–2020 шш.)» федеральни Iалашонан программа кхочушъяран декъехь йина ю.

Уьш йоцурш, Соьлжа-ГIалахь схьайоьллур ю А.-Хь.Кадыровн цIарах йолу Дешаран туш. 240 дешархочунна лерина йолу и учреждени инвесторийн чоьтах еш ю. Иштта, республикин бюджетан чоьтах 200 берана лерина керла школа йина Курчалойн районан Хоси-Юртахь а. Иза а 1-чу сентябрехь схьаелла лерина ю.

Хамзатов Мусас билгал ма-даккхара,  дешаран керла шо доладалале берриге а белхаш чекхбаха лерина, билгалъяьхначу объекташкахь жигара дIахьош ду гIишлошъяр а, йина яьлла гIишлош куьце ялор а.

Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министран  заместитела Каимов Iабдурахьмана хаам бира республикин юкъарадешаран 456 учреждени, ерриге а аьлча санна, тойина а, бераш тIеэца кийча а хиларх лаьцна. Оцу школашкахь 245 эзар гергга беро доьшур ду. Карарчу хенахь тIеэцаран комиссеш школаш кийча хилар толлуш ю. Оцу комиссешна юкъахь бу «Госпожарнадзоран», «Роспотребнадзоран», Республикин дешаран, Iилманан министерствон, бакъонаш ларъяран органийн векалш. Цара леррина терго йо юкъара кхерамазалла латторна. ТIеэцаран комиссийн  болх 18-гIа август кхаьчча чекхбала безаш бу.

«Юкъарадешаран учрежденешна хаамашца кхачоярехь боккха болх дIабаьхьна. 1-ра сентябрь тIекхачале республикин ерриге а  школашкахь интернет хила езаш ю. Таханлерчу дийнахь (хьажа йиш йолчу хаамийн барамна доза тоьхна доцуш) интернетах пайдаэца таро ю юкъарадешаран 428 учрежденехь», – дийцира I.Каимовс.

Карарчу хенахь ма-дарра долчу Iилманийн а, гуманитарни а дакъошкахь говзанчаш оьшуш хьал ду республикехь. Вайн школашкахь къахьоьгуш дуккха а дика, говза хьехархой бу. Амма, лаьмнийн районашкахь тоьаш бац уьш. Таханлерчу дийнахь республикин школашкахь 350  белхан меттиг ю. Школашкахь оьшу математикин, ингалсан меттан, физикин, химин, биологин, информатикин, кхечу предметийн  хьехархой.

 

А.ВАХАЕВА

 №92, шинара, 18 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: