Майра бIаьхо, хьанал къинхьегамхо

Дас Iабдул-Межеда а, нанас РебиIата а бераллехь дуьйна а халонаш лан, къахьега Iамош вара шайн кIант Бескаев Калсын. Хьанал къахьоьгуш, цунах шайна хуьлучу рицкъанах тоам беш Iаш дара и шиъ. КIант кхиъна, накъост хилла дIахIуттучу дийнахь ЦIечу Эскаре кхайкхина, гIортор йоцуш дитира да а,  нана а. Уьш вовшахкъаьстира 1941-чу шеран 21-чу июнехь – фашистийн Германис Советийн Союзана дуьхьал ямартлонца, тешнабехкаца тIом бололе нийсса цхьа де хьалха.

Салтичун чоа тIедуха а кхиале, иза гIуллакхдан волавелла полк Запорожье хьажийра. Цигахь бевзира кIантана хIоъ-молханан, тIеман къаьхьа чам. Фашисташ йоккхачу дераллица тIелетара. Боккха ницкъ бара цара тIететтинарг. Даккхий дараш хуьллушехь К.Бескаев юкъахь волчу тIеман декъо, дIа ца тосура шаьш ларъеш йолу лакхе. Комбатан омра доцца дара: «Цхьа гIулч а юха ма довла!». Вайн бIаьхой шаьш а кхеташ бара тIамна бегIийла йолу лакхе дIахеца мегарг цахиларх. Цара буьрса дуьхьало йора хаддаза тIелатарш деш болчу мостагIашна. ЦIе санна йохъеллера Кайсынан карара автомат. ТIамехь кIеззиг яьхкинчу  тийначу миноташкахь шайн окопаш чIагIйора, к1аргйора вайн бIаьхоша. Уьш юхабовла дагахь бацара.

Яккхий тоьпаш йиттина гуонахара латта «харцахьа» даьккхинчул тIаьхьа шайн танкаш тIехийцира немцоша. ТIаккха гуттар а халчу белира тIом. Цхьаъ вукхунна тIаьххье сийначу цIарах яга юьйлаелира цIеэскархоша лоьлхуьйтуш йолу танкаш. Царна юккъех иккхина нийсса Калсынна тIейогIуш яра цхьа танк. Иза герга а кхачийтина, гранатийн цхьа цIов цунна тIеластийра нохчичо. Ша йолччохь сецна, ах гуо тесна, дIахIоьттира танк. Оцу минотехь Iаьржа кIур а, цIе а хьаьрчира цунах. ХIокхо бинна болх беш бара вайн кхиболу тIемалой а. Амма танкийн чаккхе хуьлуш яцара. Турпалаллица эгаш бара Калсынан накъостий. И тIеман буьрса тасадалар муха доьрзур ду хууш дацара. Амма циггахь тIекхиъначу вайн тIаьхьалонан эскаран дакъоша хьаьшира фашистийн тIелатар…

Майраллица, доьналлица тIемаш бира Бескаевс а, цуьнан бIанакъосташа а цул тIаьхьа Батайскана, Новочеркасскана уллехь а, иттаннаш кхечу гIаланашкахь а. Эххар а советийн эскарша сацийра мостагIийн тIелетарш. Царна ондда тохарш динчул тIаьхьа, уьш малхбузехьа дIалохкуш, шаьш тIелетарш а дIадолийра вайн тIемалоша. Оцу муьрехь Бескаев гIишлошъяран батальоне дехьаваьккхира. Цо дакъалецира Саратов – Сталинград цIерпоштнекъ буьллуш. Стратегин доккха маьIна долуш бара иза. И мехала гIуллакх юкъахдаккха гIерташ немцойн кеманаша, харц-бакъ фронтел сехьа а лелхаш, бомбанаш еттара некъа тIе. Оцу юккъехула чевнаш хилларш лазартне дIабовдош, гIилошъяран коьчалш цIерпоштнекъ беш болчарна тIекхоьхьуш, сацам боцуш, дIасауьдура Калсын. ТIамехь, мостагIчунна юьхьа дуьхьал латтарал хIумма а атта гIуллакх дацара цунна тIедиллинарг. Иза тIаме хIотта лууш, мостагIчух латта лууш вара. Делахь а хIара кхузахь кхин а чIогIа оьшуш ву аьлла хеташ бара эскаран дакъойн командираш.

ТIом советийн эскарийн толамца чекхбаьллачул тIаьхьа а мокъа ца волуьйтуш, 1947-гIа шо кхаччалц эскарехь гIуллакхдан дийзира К.Бескаевн. Цул тIаьхьа, иза шен да-нана, цIийнан нах лаха ГIиргIизийчу вахара. Цунна хаьара нохчийн дерриге а халкъ, цхьамогIа кхин халкъаш а санна, махках даьккхина Казахстане а, Юккъерчу Азин республикашка а дIакхалхийна хилар. Шен доьзал 1948-чу шарахь ГIиргIизойчуьрчу Базар-Курган юьртахь карийра цунна. Махкахоша ловзар хIоттийра иза цIавар даздеш. Цига баьхкира луларчу ярташкара а нохчий. Ловзаргахь пондар локхуш вара цу хенахь дика вевзаш хилла Хошкалдара Идрис цIе йолу пондарча. БескаевгIеран гергара а вара иза.

Калсын цIа веанчул тIаьхьа цхьа шо даьлча кхелхира цуьнан нана РебиIат. Дуьненан марзо шеца дIахьош дIаяхана нана дог-бIаьрг доьлхуш дIайоьллира цо гIиргIизойн кешнашка. Кошана гуонаха хаза аьчган керт йира. Цул тIаьхьа 30 шо гергга хан яьлча цига баханчу цуьнан гергарчарна и каш карийра Калсына йина хилла керт бахьанехь.

Оцу хенахь хилларг иштта дагалоьцу Нажаев Ахьмада: «Эскарера цIавеана Калсын. Ошски областерчу Базар-Кургане веара. Цигахь Iаш вара цуьнан ваша Юнус а, шича ЧIаьнка а. Царах цхьаъ юккъерчу школехь бухгалтеран болх беш вара, шолгIаниг районни больницехь изза болх беш вара. Калсын МТС-е слесаран балха хIоьттира. Иза онда, хIайтъаьлла стаг вара. ЧIогIа дика  хелхаволура иза. Къаьсттина баккхийчарна хазахетара иза хелхаволуш. Синкъерам я ловзар хилла меттиг хилча леррина кхойкхий вуьгура иза цига…».

1957-чу шарахь дерриге а халкъаца цхьаьна шен даймахка цIавеара К.Бескаев. Цхьана ханна шен доьзал Дагестанерчу Таьшкичохь (Аксай) Iаш болчу шен гергарчаьргахь а битина, Энгель-Юьртахь цIа дан волавелира иза. Кхо чоь йолуш, жима цIа дара иза, тхов тIе биллина эрз а болуш. ХIетахь юьртара дерриге а бохург санна цIенош иштта деш дара. Йоццачу хенахь цIенош дина  а ваьлла, шен доьзал хьомечу юьрта схьабалийра цо.

Юьртарчу колхозе аьчгапхьеран болх бан вахара Калсын. Юьртахь а, районехь а сий-ларам болуш вара иза, хьанал вехаш, бакъонна тIегIерташ, нйисо лоьхуш хиларна. Иза иштта хиларна мел чолхе а, хала а гIуллакх тешадора цунах. Шех тешийна гIуллакх даима а лаккхарчу жоьпаллица кхочуш а дора Кансына.

Цкъа вешин кIанта Рахьмана дийхира цуьнга шена конькеш яр. Вуно дика конькеш а, салаз а йира цо кIантана. Тахана а Рахьмана боккхачу безамца Iалашъеш ю уьш.

Ийманехь, оьзда, хьекъале доьзал кхиийна Калсына а, цуьнан хIусамнанас Къабас а. Воккхах волчу кIанта Хайруллас лаккхара ши дешар чекхдаьккхина. Белхаш бина профсоюзехь а, партийни организацешкахь а, прокуратурин органашкахь а. ТIаьхьарчу шерашкахь Энгель-Юьртарчу школехь физкультура хьоьхуш, берийн исбаьхьаллин школехь бухгалтеран болх беш ву. Цо тахана а Iалашъеш ю шен дас ГIиргIизийчохь йина метиг.

Калсынан жимаха волу кIант – Iилмади Гуьмсан районехь маслаIатан суьдхо ву. Шена тIедеана муьлхха а гIуллакх нийсонца, маслаIат лахарца къастош хиларна районехь шен цIе  дикачу агIор яккхаре кхаьчна иза. Шен да санна оьзда а, гIиллакхе а, эхь-бехк долуш а ву ши кIант. Ткъа Калсынан кIентан кIентий Зелимха, Азамат, Апти республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствехь шайн бIаьхаллин декхарш кхочушдеш ву.

1илмадис чекхъяьккхина Горский юьртабахаман институт а, финансийн а, бакъонийн а институт а. 1973–1975-чуй шерашкахь эскарехь гIуллакхдинчул тIаьхьа юьхьанца юьртан бахамехь а, тIаьхьа чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь а белхаш бина. Оцу шерашкахь шен декхарш хьанал, дикалла, стогалла гойтуш кхочушдарна цунна совгIаташ дина «За воинскую доблесть», 1944–2004-чуй шерашкахь Къилбаседа Кавказехь дIабаьхьначу тIемийн дакъалацархо», Жуковн цIарахчу мидалшца.

С.ХАСАНОВ

 №92, шинара, 18 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: