Вайн республикехь де дийне даларца кхуьуш ду керла гIишлошъяр. Республикин гIаланашкахь, ярташкахь еш ю чохьIен хIусамаш, школаш, маьждигаш, могашалла Iалашъяран а, спортан а гIишлош.
Иштта, хIокху деношкахь Курчалойн районан Хоси-Юьртахь схьайиллина Идрисов Сайдхьасанан цIарах йолу футболан стадион.
Иза даздарца схьаелларехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама.
Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Идрисов Сайдхьасан Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тешаме бIанакъост хилла хилар.
«Идрисов Сайдхьасан уггаре а чолхечу хенахь нохчийн лаьтта тIехь машарехьа, токхе хиларехьа къийсам латтийначарех, Росси дийна хилар лардинчарех цхьаъ вара. ХIара башха стадион схьайоьллуш, вай сий-ларам бо Сайдхьасанан – нохчийн халкъан хьакъ волчу кIентан. Иза гуттар а вехар ву вайн дегнашкахь», – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Цо билгалдаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа спорт кхиор къаьсттина доккхачу маьIне лоруш хилла хилар. Цо билгалбина некъ кхидIа а дIахьош, вай йина спортан бIеннаш объекташ, схьайиллина массо а тайпанчу спортана лерина дуккха а клубаш, шен-шен хенахь дIахьо ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а тIегIанера чемпионаташ. Оцу новкъахь керла стадион схьа а йиллина, рогIера гIулч яьккхина вай», – элира Республикин Куьйгалхочо.
Билгалдаккха деза Идрисов Сайдхьасан Кадыров Ахьма-Хьаьжин кхерамазаллин службехь болх беш хилла хилар. Иза шен белхан декхар кхочушдеш кхелхина 2002-чу шарахь. С.Идрисовн диъ бер – ши кIант а, ши йоI а дисина.
Спортан арена яр дIадолийра дIадаханчу шеран гуьйранна. Стадионан майданахь йиллина синтетически газон. Проектана юкъахь ю 750 меттигна трибунаш а, серлонан йиъ бIов а, йиъ луьйчу меттиг а, тIера хIуманаш хуьйцу ши меттиг а. Спортан арена йина Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Региональни юкъараллин фондо ахчанца кхачо а еш.
Стадион схьаелларан официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа хилира Хоси-Юьртан кубкана лерина футболан турнир. Цигахь дакъалецира пхеа командо.
С.БАТАЕВ
№92, шинара, 18 август, 2015 шо