Нажи-Юьртан районан Бена юьртан йистошкахь схьайиллина «Шира Бена-Юрт» культурин-этнографин комплекс. Нохчийн ширачу юьртан куц юхаметтахIоттош йина ю и меттиг.
Иза схьаелларехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, Бено Самих коьртехь волу Иорданера нохчийн делегаци а, иштта кхиболу официальни нах а.
Кадыров Рамзана шен къамел дIадолош билгалдаьккхира этнографин комплекс схьайиллина меттиг йоккха истори йолуш хилар.
«ДIаяханчу заманахь «Йоккха Бена» олучу меттигна юкъайогIуш йолу шийтта юрт мел кIезиг а ворхIазза ерриге а ягийна дIаяьккхина ю. Масийтта бIешерашкахь кхузара бахархой Сибреха бохуьйтуш а, шерачу аренашка охьабохуш а хьийзийна. Амма и дерриге таIзарш лайначул тIаьхьа бухабисина болу беной шайн дай баьхначу меттигашка юхабогIуш хилла. Шайн кхерч юхаметтахIоттош а хилла», – элира регионан Куьйгалхочо.
Цул тIаьхьа цо тIетуьйхира уггаре хьалха Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, бенойн тайпанан кхиболу нах а нохчийн исторехь турпалхой а, патриоташ а хилла бисина хилар.
«Турпалаллица, оьздангаллица, Даймахкана гIо оьшучу хенахь накъосталла дарца даима билгал хилла уьш. Сан хьомечу дас, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан дас Iабдулхьамида а, дедас Iабдул-Къедара, цул хьалхарчу Илеса къеггина лар йитина бенойн а, нохчийн а исторехь», – дийцира цо.
Иштта регионан Куьйгалхочо билгалдаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас бахархой цкъа а тайпанашка боькъуш хилла цахилар. «Тхан дас, ша хьекъал долуш Iеламстаг хиларе терра, адамаш цкъа а тайпанашка ца доькъура. Цо адамехь къастош хилларг гIиллакх-оьздангалла яра. Бакъду, даима а хьехадора шаьш сийсазден долчу хIуманех хIора а ларвала везаш хилар», – элира Р.Кадыровс.
Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана даггара баркалла элира «Йоккхачу Бенана» юкъайогIучу шийтта юьртан бахархошна, культурин-этнографин комплекс схьаелларехь доккха накъосталла дина хиларна.
Шен къамел дерзош, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира керла схьайиллинчу комплексо нохчийн истори а, ламасташ а лардарехь къона т1аьхье кхетош-кхиорехь гIо дийриг хиларх ша тешна хилар.
А.АБДУЛАЕВ
№92, шинара, 18 август, 2015 шо