ДIабаханчу баттахь хаамийн-аналитикин «Медиалогия» системо дIабаьхьначу талламашца хIоттийна йолу медиарейтинг йовзийтира оха шуна. Цу юкъабахнера шайн блогаш лелош болу Россин регионийн куьйгалхой. Июнь беттан жамIашца хьалхарчу меттехь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Дукха хан йоццуш «Медиалогияс» шен хаамийн гIирсашкахь 2015-чу шеран июль баттахь дIабаьхьначу талламан жамIаш довзийтина. Уьш, хьалхарчу беттан жамIаш а санна, нохчашна юьхькIоме ду. Россин губернаторшна-блогершна юкъахь юха а тоьлла Нохчийчоьнан Куьйгалхо. Кадыров Рамзанна тIаьхьа «Россин бахархоша уггаре а дукха «воьшуш волу» 20 губернатор-блогер» аьллачу списки тIехь шолгIа ву Нижегородан областан губернатор Шанцев Валерий, кхоалгIачу меттехь – Иркутскан областан губернатор Ерощенко Сергей.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо лерринчу подразделенийн белхахой чолхечу хиламашна (оперативни-тактикин Iалашонаш кхочушъярна) кийча хилар талларх лаьцна яздар бахьанехь, рейтингехь хьалхара меттиг яьккхина ала мегар ду Кадыров Рамзана. ХIунда аьлча талларан Iамораш дIадахьарх лаьцна «Facebook»-хь йолчу шен агIон тIехь цо язбина хаам Россин бахархоша (интернетах пайдаэцархоша) уггаре а дукха бешна.
Лакхахь билгал ма-даккхара, «Медиалогия» системин шуьйрачу хаамийн гIирсийн талламашна тIе а тевжаш, хIоттийна ю вай юьйцу рейтинг. Таллам дIабаьхьначу системина юкъадогIу хаамийн 26 100 сов хьоста: тайп-тайпана телевиденеш, радиош, газеташ, журналаш, хаамийн агентствош, интернет-гIирсаш. Нохчийчоьнан Куьйгалхочо цу тайпанчу рейтингашкахь хьалхара меттигаш яхар ламасте дирзина схьадогIуш ду тIаьхьарчу шерашкахь.
А.ХАСБУЛАТОВА
№92, шинара, 18 август, 2015 шо