Нохчийн Республикин юьртан бахаман белхахоша шо шаре даларца алсамдоху сурсаташ гулдар. Иза чIогIа мехала ду малхбузерчу вайн «доттагIаша» вайна хIора дийнахь керл-керла санкцеш юкъаялочу а, бахархошна юьртабахаман сурсаташца кхачоярехь вайна халонаш кхолла гIертачу а хенахь.
Оцу хьелашкахь шайна хьалхалаьттачу декхарех дика кхетарца болх беш бу Нохчийчоьнан юьртан бахаман белхахой. Цара хIинцале чекхдаьккхина кIа а, Iаьржа кIа а, мукх а чуберзор. ХIокху шарахь гулдина долу дерриге а буьртиган ялта 223 эзар тоннал а алсам хилира. Иза дIадаханчу шарахь гулдина хиллачул дикка алсам хуьлу. Бакъду, дIадаханчу шарахь йокъа хIоттар бахьана долуш хIаллакьхилира 32 эзар гектара тIера ялта. Ткъа дерриге а гулдинарг 122 эзар тонна бен ца хилира.
Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствон ораматаш лелоран, химизацин, ораматаш ларъяран департаментан директора Матуев Хан-Пашас дийцарехь, ялташ чудерзийна дIайийна хиллачу ерриге а 111 эзар гектар майданара. Дерриге а гулдина 223 эзар тонна сов ялта, хIора гектара тIера юккъерчу хьесапехь гулдина 22 центнер.
Оцу кеппара, кIа дIадийна хиллачу 6I эзар гектар сов йолчу майданара гулдина 146 388 тонна ялта, 17215 гектара тIера гулбина 35015 тонна мукх, 1186 гектара тIера гулдина Iаьржа кIа 1857 тонна хилира. 443 гектара тIера гулдина 902 тонна тритикал олу ялта (кIен а, Iаьржачу кIен а хIу эдина гибрид, 18465 гектара тIера – 28764 тонна сула, 5045 гектара тIера – 9951 тонна бIаьста бийна мукх, 535 гектара тIера – 281 тонна горох.
Чекхдала гергадахана кхоьаш а, рапс а чуерзор, хьалхалаьтташ ду 2000 гектар сов йолчу майдан тIера дуга а, 6 эзар гектара тIера ялтина хьаьжкIаш а, 11 эзар гектара тIера маьлхахIуш а чудерзор.
«Цхьадолу кхачамбацарш ца хиллехьара вай кхин а алсам гулдан тарлора ялта. Уьш доьзна ду ялташ чудерзоран хенаш тIаьхьаяхийтарца а, техника шира, йоьхна хиларца а, ткъа керланиг, кхузаманахьлерниг яц. Республикин агропромана юьртабахаман техникаца кхачояр оьшуш долчух доьалгIачу декъана бен дац. Оцу кхачамбацарша тIедалийра дараш хиларна», – элира Х.-П.Матуевс.
Цул сов, еххачу хенахь йокъа латтар къаьсттина хаалуш ду хьаьжкIаш, маьлхахIуш, шекаран свеклаш хьийкъина кхиарна тIехь. Оцу майданех ах сов ерш критически хьолехь, яйна дIайовларан дозане кхаьчна ю. Юьртан бахаман белхахой тешна бу хIокху герггарчу деношкахь догIа догIур ду аьллачу метеорологийн дош кхочушхилла, хьал дикачу агIор хийцалург хиларх.
С.ЛАЛАЕВ
№92, шинара, 18 август, 2015 шо