Пакистанерчу Пенджаб провинцехь эккхийтар дина. Оцу бохамехь 12 стаг кхелхина. Царна юкъахь полицин лаккхарчу даржашкара нах а бу. Чевнаш хиллачу ткъех стагах пхиъ вуочу хьолехь ву.
***
16-чу августехь дийнахь-бусий Иракан Iедалан эскарша «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юкъара 120 сов зуламхо хIаллаквина, чевнаш йинарш кхин а алсам бу.
***
Чинерчу Тяньцзинехь юха а эккхар а хилла, цIе а яьлла. И бахьана долуш кхелхинарг верриге а 112 стаг ву. Б1е гергга стагах (дукхахберш цIеяйъархой бу) хилларг цкъачунна хууш дац.
***
Индонезерчу Папуа провинцехь АТR-42-300 пассажарийн кема доьхна, лаьмнашкахь охьадоьжна. Цу тIехь 54 стаг хилла. Царах цхьа а дийна ца висина.
***
Шеман Iедалан кеманаша бомбанаш йиттина Дамаскана уллехь йолчу базара. И тохар дарца доьзна кхелхинарг 80 сов стаг ву, чевнаш хилларг 200 сов стаг ву. Царах дукхахберш маьрша нах бу.
***
ХIордакеман тIехь Итале богIуш хиллачу мигрантех 49 стаг кхелхина, трюма чохь са а дукъделла.
***
«Иблисан пачхьалкхан» гIеранаш тIелатар бахьанехь Ливера 168 стаг велла. Чевнаш хилларш мел бу цкъачунна билггал хууш дац.
***
Керла Конституци тIеэцарна дуьхьал болчу Непалан бахархоша масех шахьарахь митингаш дIаяьхьира. Цхьаболчеран тасадаларш хилира полицин белхахошца.
***
Украинин Iедалан эскарша стомара дIадолийна еза техника а, даккхий герзаш а Донецкан а, Луганскан а республикийн дозанашна тIеозар. Оцу цхьана дийнахь даккхий герзаш диттина маьрша виъ стаг вийна Iедалан эскарша Донецкехь.
***
Сибиран федеральни округерчу хьаннашкахь евлла цIерш дIайойъуш ву 42 эзар стаг, масех бIе кема, вертолет, 8 эзар сов кхийолу техника. ЦIераша дIалецна майданаш лахлуш ю.
***
ТIаьхьарчу цхьана кIиранчохь Россе кхаьчна долу 488 тонна «санкционни» кхачанан сурсаташ хIаллакдина вайн махкахь. И гIуллакх кхул тIаьхьа а дIахьур долуш ду.
***
Юьхьанцарчу хьесапашца хIокху шарахь Россерчу аренашлелорхоша 106 миллион тонна ялта чудерзор ду. Цу хьокъехь хаам бо мехкан юьртан бахаман министерствехь.
***
Краснодарски крайхь стомара хиллачу некъан-транспортан бохамехь виъ стаг кхелхина, цхьаъ лазийна
№92, шинара, 18 август, 2015 шо