ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Правительствон цхьамогIа декъашхой а, Парламентан векалш а хилира Нохчийчоьнан Парламентана керла гIишло ян къастийначу меттехь. Цу хьокъехь Инстаграмехь йолчу шен агIонехь хаам бечу хенахь регионан Куьйгалхочо билгалдаьккхира: «Оха тахана сацам бина Нохчийчоьнан Парламентана керла гIишло ян. Иза правительствон комплексана уллехь хир ю. Цо таро лур ю харжаш лахъян а, Iедалан векалша цхьаьна гIуллакхдар тодан а. Уггаре а коьртаниг – республикерчу бахархошна парламенте баха-бахка атта, бегIийла долчу меттехь хир ю гIишло».
Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира парламентан хIинцалера гIишло дукха юьстаха хиларна а, таханлерчу лехамашна жоп луш цахиларна а. Харжамхоша дукха хьолахь къахьоьгу иза мичахь ю ца хууш. Кхечанхьара баьхкина хьеший тIебига аьтто боцуш а ю иза.
Республикин Парламентан Председателан хьалхарчу заместитела Закриев Салмана вайн регионан Куьйгалхочунна гайтира ян леринчу керлачу гIишлонан макеташ. Царна тIехь, заманан лехамаш хьесапе а оьцуш, бан беза хийцамаш гайтира Кадыров Рамзана. Вуьшта, дийнна схьаэцча, иза резахилира макеташна а, эскизашна а.
«Тахана со хьаьжира парламентана керла гIишло ян къастийначу меттиге. Дикачохь ю иза. Со реза хилира цунна. Правительствон векалшна тIедиллира проектировани а, финансировани а яран гIуллакхаш сихха чекхдахар, цул тIаьхьа, хьем ца беш, гIишло яр дIадолор», – бохуш яздо Р.Кадыровс Инстаграмехь йолчу шен агIонехь.
Керла гIишло ян лерина хиларх кхаъ хилла бу депутаташ а, Парламентан Аппаратан белхахой а, ткъа иштта харжамхой а. Делахь-хIета вай а сатуьйсур ду Соьлжа-ГIала кхин а хазъеш керла гIишло кестта йина яларе.
С.ХУСЕЙНОВ
№92, шинара, 18 август, 2015 шо