18-гIа бIешо доладаллалц бIаьрзечу нахана лерина дешаран учрежденеш хилла а яц дуьненахь. БIаьрса доцурш Iаморан йоза дуьххьара юкъадаьккхинарг В.Гаюи ву. Ахчанца йоьзначу халонашка хьаьжна доцуш, шен хIусамехь ша йинчу школица цхьаьна типографи схьайиллина, цигахь книгаш арахеца волавелира Гаюи. БIаьрзечарна язйина дуьненахь дуьххьарлера книгаш яра уьш. 1824-чу шарахь Брайль Луи цIе йолчу француза керла йоза юкъадаккхалц, Валентин Гаюин йоза Iамийна бIаьрзечу наха.
Брайла керла йоза юкъадаккхар бахьанехь таханлерчу дийнахь бIаьрзечарна муьлххачу маттахь а язйина книгаш куьйгашца еша таро ю. Оцу йозанан, дешаран кепах юкъадаьккхинчун цІарах Брайлан кеп олу. ХIора а элп билгалдеш 6 тIадам бу, и тIадамаш шен-шен элпана шатайпа ду. Кехат харцхьа агIор дуьллий, цу тIехь Iуьргаш доху, кехат бакъхьа агIор дерзийча, цу тIехула пIелг хьаькхча, тIадамаш къаьсташ хуьлу. Брайлан кепехь долчу йозанца яздина Къуръан ду бIаьрса доцучу нахана лерина. Баккъал, Делан къинхетам а бу, доккха ниIмат а ду, бIаьрса доцучу нехан Делан йоза – Сийлахь Къуръан Iамо таро хилар. И ирс кхаьчна вайн республикехь Iаш болчу бIаьрзечарна а. Нохчийн пачхьалкхан университетехь Iаьрбийн мотт хьоьхуш волу «Исламан зIаьнарш» газетан корреспондент Мустаев Рамзан ву бIаьрзечарна Брайлан йозанца Къуръан деша Iамош. Бакъду, леррина школа я цхьа гIишло цахиларна халонаш хуьлу. Шайн аьтто хиллачу дийнахь Къуръан Iамадан цхьаццанхьа гулло Нохчийчуьра хилла ца Iаш, кхечу республикашкара а бIаьрзенаш. Рамзана университетехь Iаьрбийн мотт хьоьху 15 шо гергга хан ю, 1990-чу шерийн чаккхенехь Шемахь бусалба дешар Iамийна ву иза. Ткъа бIаьрзечарна цо Къуръан хьоьху 6 шо ду. Делан лаамца, цунна хинболчу мелан сурт а ца хIоттало. Баккъал а ирс долуш стаг ву иза, дуьненахь оццул сийлахь болх беш волу.
Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалахь бIаьрзечу заьIапхошна юкъахь Къуръан дешаран конкурс дIаяьхьира. Цигахь дакъалоцуш ткъех сов стаг вара. Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, Дагестанера, ГIезалойчуьра, кхечанхьара а бара конкурсан дакъалацархой. Уьш массо а Мустаев Рамзана Къуръан деша Iамийна бара. Царех уггаре жимачун 10 шо бен дацара, ткъа уггаре воккханиг 65 шо долуш вара. Массо дакъалацархошна мехала совгIаташ дира, хьалхара меттигаш яьхначарна ахчанца совгIаташ а дира. Ткъа иштта, конкурсан хьаша хиллачу Кувейтан Динан а, Вакуфийн а гIуллакхашкахула волчу министран хьалхарчу заместитела шайх Адель IабдаллахI аль-Фаллахьа жима автобус елира Мустаев Рамзанна шен дешархой дIасалело. Теша лаьа, герггарчу хенахь вайн республикехь бIаьрзечарна Къуръан Iаморан хьелаш тодийриг хиларх.
А.МУСАЕВА
