Иштта цIе йолуш бу 17-чу августехь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь схьабиллина бераша дехкинчу суьртийн гайтам. Нохчийн Республикин финансийн министерство спонсор а йолуш, «Молодежная смена» газет ду и беркате гIуллакх вовшахтоьхнарг. Конкурсан Iалашо ю берийн исбаьхьаллин кхолларалла кхиор а, похIмечу берийн гIолацар а.
Хьалхуо – 1-чу июнехь дуьйна 14-гIа август кхаччалц – дIакхайкхийнчу «Нохчийн Республикин кхиар – берийн бIаьргашца» цIе йолчу конкурсе дахкийтинчу суьрташна юкъара хаьржина бIе сов болх бу гайтаме биллинарг.
Гайтаман лараме хьаша вара Нохчийн Республикин финансийн министр Рассуханов Iусман. Иштта цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Израйилов Руслана, кхиболчу хьешаша.
Маршаллин дешнаш а олуш, вистхилира Рассуханов Iусман. Цо элира: «Нохчийн Республикин кхиар берийн бIаьргашца» цIе йолу, хIора шарахь дIахьош болу хIара гайтам масех дийнахь лаьттар бу Зорбанан цIийнехь. Иза Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А-Хь.Кадыровн 64 шо кхачарна лерина бу. Билгалдаккха луур дара А-Хь.Кадыровс вайн республика кхиорехьа шен дахар дIаделла хилар. Цо сагатдора вайн берийн хиндолчунна, вайн иштта таронаш хилийтарехь ондда къахьегна дIаваха иза (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Цо ма-аллара, вай дуьненна а дIахаийта деза тIом бан хиъна а ца Iаш, иштта дика гIуллакхаш дан а вай хьуьнаре хилар.
Хьалхарчу кхаа шарахь берийн суьрташ тIамах, тIеман техниках, некъашдахкарх лаьцна хиллехь, хIинца цу темина цхьа а сурт дац. ТIеман лараш яц берийн суьрташкахь. ХIинца берийн суьрташкахь вайна го Iаламан, керла йинчу гIишлойн суьрташ. Къеггинчу басаршца дехкина, самукъане ду уьш.
ХIора шарахь конкурсан декъашхой алсам а бохуш, дIадахьа дагахь ду тхо хIара гIуллакх. Доккха хIума ду иштта похIме кегийрхой вайн хилар. Дала тIаьхье беркате йойла».
Цул тIаьхьа Рассуханов Iусмана а, Израйилов Руслана а цIен аса а хадош, схьабиллира гайтам. Дуккха а Iийра хьеший суьрташка хьоьжуш.
Дуккха а хаза, исбаьхьа, къеггинчу басаршца, тайп-тайпанчу гIирсашца дехкина суьрташ ду гайтаме хIиттийнарш. Масала, къоламашца, фломастершца, гуашца, акварельца, даьттанан басаршца, тушца, бес-бесарчу кехатех, кIадих, туьтех, хIорда чохь хуьлучу тIулгех, салфеткех, иштта кхечу а гIирсех.
Нохчийн Республикин финансийн министр Рассуханов Iусман коьртехь волчу Оргкомитетан сацамца, берийн белхийн мах хадор бу Россин Федерацин культурин хьакъволу белхахо Ильясов Адам коьртехь волчу жюрис. Уьш берриге а совгIаташца билгалбохур бу.
Толамхой къасторан кхо категори хир ю (дакъалацархойн хенашка хьаьжжина): хьалхара категори ю 5 шарера 7 шаре кхаччалц, шолгIаниг – 7 шарера 11 шаре кхаччалц, кхоалгIаниг 11 шарера 14 шаре кхаччалц. Иштта хIора номинацехь леррина совгIат а ду кечдина. Суьртийн мах хадор бу белхаш бахкаран дикалла, цара хьажархочунна беш болу Iаткъам, авторан фантази тидаме а оьцуш.
Нохчийн Республикин финансийн министерствехь 20-чу августехь дIахьур ду толамхой, совгIаташца билгал а бохуш, декъалбар.
Жюрис къастийна болу белхашка хьажа йиш хир ю вайн республикин финансийн министерствон сайта тIехь.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан суьрташ
№93, еара, 20 август, 2015