Вевза иллиалархо – киноэкранехь

1325144861_rinat-karimov-skazal-_net_-vostokuМила хир ву вайн махкахь Каримов  Ренат ца вевзаш. Иза кху заманан иллиалархо ву. Кест-кеста концерташ ло цо Соьлжа-ГIалахь, Нохчийчоьнан кIошташкахь. КIезиг  дац цуьнан репертуарехь вайнехан гIарабевлла бевзачу поэтийн дешнаш тIехь даьхна иллеш. Къаьсттина хьовсархошна хазахетачарех ду Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Ахмадов Мусан дешнаш тIехь, Ясаев Хожас мукъам баьккхина, Рената дIаолуш долу «Ма хилахьа массарна хаза» цIе йолу илли. Иштта кхиаман лаккхарчу тIегIанехь ду Борхаджиев Хож-Баудин дешнаш тIехь даьккхина «Хьо ю соьца хьайн хазаллийца» цIе йолу илли а. Цунна мукъам Рената ша баьккхина. Дийца даьккхиначуьра аьлча Борхаджиев Хож-Баудин дешнаш тIехь даькхина ворхI илли ду Каримовн репертуарехь. Цо иллеш нохчийн маттахь, оьрсийн маттахь, ша схьаваьллачу лаьзгин къоман маттахь а олу. Цуьнан нана нохчи хиларна вайн дегнаша мелла а озабезам бо вевзаш волчу иллиалархочуьнгахьа, дозалла до цуьнан бIаьрлачу кхиамех. ТIаьхьарчу хенахь кхин цхьаъ хазахетар  хилира вайна Каримов Ренат бахьанехь «Боцман-Чайка» цIе йолу исбаьхьаллин фильм гучуяларца. «Боцман-Чайка» лирически кинокомеди ю режиссера Златопольский Вячеслава яьккхина. Россехь гIарабевлла бевза актераш бу фильмехь дакъалоцуш:  Джигарханян Армен, Роговцева Ада, Харатьян Дмитрий, иштта кхиберш. Царна юкъахь ву Каримов Ренат а. Мукъачу хенахь хьажа мегар долуш ю  «Боцман-Чайка» фильм. Сюжет дукха чолхе йоцуш, садаIаран  миноташ серлайоху цо. Ткъа вайна вевза иллиалархо фильмехь  дакъалоцуш хиларо  совйоккху цунах оьцу марзо.

 

ГАЗИЕВА Аза

№93, еара, 20 август, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: