Цунна шен ирс карийна

Дукха хьалхе дIаболабелла Магомадова Лилин къинхьегаман некъ. Цуьнан 14 шо дацара 2002-чу шарахь Нохчийчуьрчу «ДоттагIаллин поездца» новкъа йолуш.IMG-20150817-WA0007

Школехь доьшуш йолуш билгалделира цуьнан Iаламат зевне аз хилар. Цо кест-кеста дешархойн конкурсашкахь, фестивалашкахь, кIоштийн, республикин хьажаршкахь дакъалоцура йиш локхуш. Хала хан яра иза. Лилин бералла вайн махкахь кхихкинчу буьрсачу тIемаша хьаьшна дIаяьккхира. Цуьнца доьзна хила там бу йоьIан сиха йоккха хилар. ТIеман кхийсарш нилха йовллушехь Соьлжа-ГIалин администрацин культурин департаменто балха кхайкхира цуьнга. ТIаккха дукха хан ялале Нохчийчуьра йоккхачу Россина гуо таса йоьдучу «ДоттагIаллин поезда тIехь» новкъаялар тIедиллира. Лилин дуьххьарлера гастролаш яра уьш, амма иза кхиамца чекхъелира цу чолхечу зиерех, шортта баркаллин кехаташ, Сийлаллин грамоташ йохьуш цIа йирзира иза цигара. ХIинца-м Лиля балха тIехь  Iаламат доккха зиеделларг долуш  йишлакхархо ю. Рашидов Шаидан а, Шарипов Казбекан а, Резванова Айзин а дешнаш тIехь яьхна эшарш ю цуьнан репертуарехь. Уьш кест-кеста хеза вайн радион а, телевиденин а эфирехь. ЛадогIархоша дукха чIогIа езаш тIеоьцу йоIа дIалокху эшарш. Бакъду, сцени тIехь бохучу кхиамех тоам беш яц иза. Балхана юкъах ца йолуш  доьшуш ю Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан 4-чу курсехь.  Делахь а  дахарехь коьрта синхьаам шен болх хета Лилина. Цуьнан самукъадолу эшарш локхуш. ХIинца-м иза ша дешнаш яздан, мукъам баккха Iемина.  ПохIме адам массо а хIуманна тIехь похIме хуьлу бохург хир ду-кх иза.  Вайн турпалхочун къегинчу хьуьнарша кхин цкъа а тIечIагIдо дахаро билгалдаьккхина  и бакъдерг. ЙоIана эшарийн искусствехь карийна шен ирс. Теша лаьа Магомадова Лилин керлачу эшарша  кестта ладогIархойн дегнаш хьостург хиларх.

 

ДАЧАЕВА Аза

№93, еара, 20 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: