ХIокху деношкахь №27 йолчу цIеяйъаран-гIодаран декъан белхахоша цIарна дуьхьал профилактика яран рогIера белхаш дIабаьхьира. Горагорск юьртан маьждигехь рузбан ламаз чекхдаьллачул тIаьхьа цара бахархошна дийцира цIарах муха ларвала веза а, цIе ца ялийта хIун бахьанаш лело деза а.
№27 йолчу цIеяйъаран-гIодаран декъан инспектора Мустафаев Хьуьсена билгалдаьккхира дукха хьолахь цIеялар адамаш Iачу меттехь нислуш хилар. «Оха даима а республикин бахархошка дуьйцуш ду шайн чохь лаьтташ йолу газови а, электрически а гIирсаш муьлхачу хьолехь ю хьовса бохуш. Хууш ма-хиллара, оцу гIирсаша шаьш цхьа жимма а галъяла йола ма-еллинехь зулам дохьу. КIеззиг бен боцчу суйнах йоккха цIе йолу. Иштта нисделлачу хьелашкахь, дийнна цIа а догий, чу ваха меттиг йоцуш вуьсу. Ткъа цу кепара долу зулам ца далийта даима сема хила деза вай. Буьйцучу гIирсаша болх муха бо хьовсуш терго ян а еза», – элира инспектора.
Цул тIаьхьа цо тидам тIебахийтира арахь якъаелла йолу буц а, нехаш а яго мегаш цахиларна.
«Аьхкенан бовхачу муьрехь буц сиха якъало. Цундела бахархоша, шаьш гIуллакх до олий, ягайо буц. Амма цу кепара йолу ледарло шегара ялийта мегар дац. ХIунда аьлча цхьажимма бен латийна йоцу цIе а дукха сиха дIасаяьржа. Айхьа дика болх бо а моьттуш, зулам дина хуьлу ахь. Ларвала веза и санна долу зулам шегара далийтарх» – дийцира Мустафаев Хьуьсена.
Шен къамел дерзош, инспектора билгалдаьккхира арахь якъаелла йолу буц а, нехаш а ягош верг административни жоьпе озор хилар.
Цхьаьнакхетар чекхдолуш, МЧС-н белхахоша бахархошна цIарах муха ларвала веза дуьйцуш а, тIехь экстренни номерш (101, 112) йолуш а йолу буклеташ дIасайийкъира.
Билгалдаккха деза, цIе латош ларъян езаш бакъенаш хилар. Царех уггаре коьртаниг – цIе латош йолу меттиг цIеношна а, дитташна а мел кIезиг а 50 метр генахь хила езар ю. Цул сов, цIе яржарна кхерам буй хьожуш, терго латто а еза.
И профилактикин гIуллакх дIадаьхьира Россин МЧС-н «Турпалаллин седарчий» фестивалан гурашкахь.
А.АДАМОВ
№93, еара, 20 август, 2015 шо